Алвес, Дани

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футбол
Дани Алвес
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Даниэл Алвес да Силва
Харц цӀе Dani Alves
Вина терахь 1983 шеран 6 май({{padleft:1983|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:6|2|0}}) (40 шо)
Вина меттиг Жуазейру, Баия, Бразили
Гражданалла Бразилин байракх Бразили
Локхалла 172 см
Йозалла 70 кг
Позици full-back, турсло
Лоьмар 10
Кегийрхойн клубаш
1996—1998 Бразилин байракх Жуазейру
1998—2001 Бразилин байракх Баия
Клубан карьера[* 1]
2001—2003 Бразилин байракх Баия 25 (2)
2003—2008 Испанин байракх Севилья 175 (11)
2008—2016 Испанин байракх Барселона 247 (14)
2016—2017 Италин байракх Ювентус 19 (2)
2017—2019 Францин байракх Пари Сен-Жермен 48 (2)
2019—Кеп:Н.в. Бразилин байракх Сан-Паулу 29 (6)
Къоман гулйина команда[* 2]
2002—2003 Бразилин байракх Бразили (20 шо кхаччалц) 7 (0)
2006—хӀ. а. Бразилин байракх Бразили 118 (8)
СовгӀаташ а, мидалш а
Конфедерацийн кедаш
Деши КЪАР 2009
Деши Бразили 2013
Америкин кедаш
Деши Венесуэла 2007
Деши Бразили 2019
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара, карладаьккхина 30 мартехь 2020 шераш.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь, карладаьккхина 13 октябрехь 2019 шераш.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Да́ни А́лвес (порт.-браз. Dani Alves; йуьззина цӀе Даниэ́л А́лвес да Си́лва (порт.-браз. Daniel Alves da Silva); вина 1983 6 майхь, Жуазейру, Баия, Бразили) — бразилин футболист, бразилин «Сан-Паулун» турсло. Дукхаха болчу тренераша, футболисташа, футболан функционераша лору дуьненахь уггаре дикачех цхьа турсло[1][2][3][4]. Шен карьерехь 40 титул йаьккхина, уггаре дукха титулаш йолу футболист ву исторехь[5].

Кхиийна бразилин клубо «Баия», цунна йукъахь дебют хилла 2001 шарахь. Кхин шо даьлча дехьавелира испанин «Севилья» йукъа, цуьнца йалх шарахь баьккхира шиъ УЕФА кад (2005/06, 2006/07), Испанин кад (2006/07) а, Суперкад (2007) а, ткъа кхин а УЕФА Суперкад (2006). 2008 шеран аьхка цунах «Барселонин» ловзархо хилира, каталонин грандца пхеа шеран контракт дира. Бразильхочуьнца трансферах «сийна-руманчеран» делира €35,5 млн, ткъа ша Даних хилира уггаре веза турсло клубан исторехь. Дуьххьарчу шарахь дуьйна керлачу командица йира «дешин xет-трик», йаьккхира Испанин чемпионат, Испанин кад, УЕФА Чемпионийн лига. ТӀаьхьа оцу хӀонсашна тӀекхийтира Испанин Суперкад, УЕФА Суперкад, клубашна йукъахь дуьненан чемпионат. Дерриг бархӀ шарахь «Барселонин» йукъахь турслочо йаьккхира 23 хӀонс. 2016 шеран аьхка цунах хилира Туринан «Ювентусан» ловзархо, цунна йукъахь хилира Италин чемпион, баьккхира мехкан Кад. 2019 шеран 1 августехь 3,5 шеран контракт дира бразилин «Сан-Паулуца».

Клубан карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Баия[нисйе бӀаьра | нисйе]

Даниэла карьера йолийна бразилин клубехь «Баия», сихха тидаме вахара Европера скаутийн; Бразилин кегийрхойн гулйина командин йукъахь левзинчул тӀаьхьа, 2002 шарахь йалх баттана барт бира испанин «Севильяца».

Севилья[нисйе бӀаьра | нисйе]

2003 шарахь Даниэла дакъа лецира Бразилин кегийрхойн гулйина командин йукъахь кегийрхойн дуьненан чемпионатехь, турнирехь ша дикачу агӀора гайтира Даниэла, цуьнан команда турниран толамхо хилира, ткъа Даниэл йукъавахара турниран уггаре дика кхаа ловзархочун. Цул тӀаьхьа «Севильяс» Даниэлан трансфер схьаийцира[6]. 2006 шеран декабрехь Даниэла дира керла контракт «Севильяца» 2012 шо кхаччалц[7]. 2006/07 шарахь Алвес левзира 47 матчехь, 5 гол туьйхира.

Барселона[нисйе бӀаьра | нисйе]

2008 шеран 7 июнехь Даниэл дехьавелира «Барселоне», иза ийцира, «Милане» дӀаваханчу Дзамбротта Джанлукин меттана. Трансферан мах хилира 32 млн евро, контрактан чот йира 5 шеран[8]. Клуб йита лаам болушехь (дехьавалале цхьа шо хьалха хилла; оцу хенахь Даниэль сацавелира дехха а, гӀоьртина а дийцарш дина), пресс-конференцехь «Севильян» йукъара дӀавоьду Даниэле бӀаьра хиш ца совцаделира, элира, ша «Севилье» кӀант волуш веира, ткъа дӀавоьду стаг волуш.

Шен клубера хьалхара матч Алвеса дӀайаьхьира Испанин чемпионатан хьалхарчу турехь «Нумансиян» дуьхьала, хьошалгӀахь ийшира 0-1[9].

«Барселонех» йаьккхина 23 титул, царна йукъахь масех толам Испанин чемпионатехь а, УЕФА Чемпионийн лигехь а.

2019 шарахь Дани Алвесан лиира «Барселоне» йуха ван, цуо ша кховдийра клубан.[10]

Ювентус[нисйе бӀаьра | нисйе]

2016 шеран аьхка дехьавелира Туринан «Ювентусе» маьрша агентан бакъонашца[11]. 2017 шеран 17 майхь Италин кедан финалехь туьйхира хьалхара гол «Лацион» (2:0)[12]. Шо чекхдаьлча бразилхочо хаийтира ша дӀавоьдий италин клубера.

Пари Сен-Жермен[нисйе бӀаьра | нисйе]

2017 шеран 12 июлехь «Пари Сен-Жермена» кхайкхийра ловзархочуьнца контракт йаздар[13]. Турслочо барт бира французийн командица, 2019 шеран 30 июнь кхаччалц, Алвес дехьавелира «ПСЖ» йукъа маьрша агентан бакъонашца. Июнь чекхболуш ший а агӀо реза йолуш, ша 2016 шарахь дуьйна левзина, «Ювентусца» контракт дохийра. 2019 шеран 23 июнехь ша ПСЖ йукъара дӀавахар кхайкхийра[14].

Сан-Паулу[нисйе бӀаьра | нисйе]

2019 шеран аьхка Дани Алвеса куьг йаздира бразилин клубаца Сан-Паулуца 3 шеран контракт тӀе. Цуьнан керлачу командера презентаци веира 45 эзар хьажархо[15]. 2019 шарахь, Бразилин чемпионатан 15-гӀа туран, шен «Сан-Паулун» йукъара дебютан матчехь, Дани Алвес билгалвелира голаца[16].

Ловзаран статистика[нисйе бӀаьра | нисйе]

Клубийн статистика[нисйе бӀаьра | нисйе]

2019 шеран 5 декабран хьолан
Ловзар Лига Кедаш[17] Еврокедаш[18] Кхин йерш[19] ЖамӀ
Клуб Лига Шо Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш
Бразилин байракх Баия Сери А 2001 6 0 ? ?
2002 19 2 6 2 ? ?
Йерриг 25 2 6 2 ? ?
Испанин байракх Севилья Примера 2002/03 10 0 1 0 ? ?
2003/04 29 1 7 1 ? ?
2004/05 33 2 5 0 9 0 ? ?
2005/06 36 3 2 0 14 0 ? ?
2006/07 34 3 8 0 14 2 1 0 ? ?
2007/08 33 2 3 0 8 2 3 0 ? ?
Йерриг 175 11 26 1 45 4 4 0 ? ?
Испанин байракх Барселона Примера 2008/09 34 5 8 0 12 0 ? ?
2009/10 29 3 3 0 11 0 5 0 ? ?
2010/11 35 2 5 0 12 2 2 0 ? ?
2011/12 33 2 5 1 10 0 4 0 ? ?
2012/13 30 0 6 0 10 1 1 0 ? ?
2013/14 27 2 5 0 8 2 2 0 ? ?
2014/15 30 0 5 0 11 0 ? ?
2015/16 29 0 6 1 8 0 5 0 ? ?
Йерриг 247 14 43 2 82 5 19 0 ? ?
Италин байракх Ювентус Сери А 2016/17 19 2 2 1 12 3 0 0 ? ?
Йерриг 19 2 2 1 12 3 0 0 ? ?
Францин байракх Пари Сен-Жермен Лига 1 2017/18 25 1 7 1 8 2 1 1 ? ?
2018/19 23 1 6 2 3 0 0 0 ? ?
Йерриг 48 2 13 3 11 2 1 1 ? ?
Бразилин байракх Сан-Паулу Сери А 2019 20 2 ? ?
Йерриг 20 2 ? ?
Йерриг карьерехь 534 33 90 9 150 14 24 1 ? ?

Гулйина командин йукъара карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бразилин къоман гулйина командин йукъахь Алвесан дебют хилира доттагӀаллин матчехь Эквадоран гулйина командица, ловзархо хуьйцуш йукъавелира; кхин а кхо де даьлча доттагӀаллин матчехь цуьнан дебют хилира коьрта хӀоттамехь Кувайтан дуьхьала. 2007 шеран 15 июлехь турслочо туьйхира къастамаллин буьрка Америкин кедан финалехь Аргентинин кевнаш чу. 2016 шеран 16 ноябрехь Даниэл Алвес левзира 100-гӀа матчехь Бразилин гулйина командин йукъахь дуьненан чемпионате-2018 харжаран матчехь Перун гулйина командин дуьхьала[20]. Къовсам чекхбелира «пентакампионийн» толамца, жамӀ 2:0 долуш[21].

Гулйина командин йукъахь ловзар[нисйе бӀаьра | нисйе]

2019 шеран 13 октябран хьолан[22]
Гулйина командин йукъахь ловзар
Гулйина команда Шо Харжаман матчаш ЧМ ДЧ финалан матчаш Америкин кад Конфедерацийн кедаш ДоттагӀаллин матчаш ЖамӀ
Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш
Бразили 2006 - - - - - - - - 1 0 1 0
2007 1 0 - - 4 1 - - 7 0 12 1
2008 1 0 - - - - - - 4 0 5 0
2009 7 1 - - - - 3 1 4 0 14 2
2010 - - 5 0 - - - - 7 2 12 2
2011 - - - - 2 0 - - 8 0 10 0
2012 - - - - - - - - 5 0 5 0
2013 - - - - - - 5 0 8 0 13 0
2014 - - 4 0 - - - - 3 1 7 1
2015 4 0 - - 4 0 - - - - 8 0
2016 8 1 - - 3 0 - - 1 0 12 1
2017 5 0 - - - - - - 1 0 6 0
2018 - - - - - - - - 2 0 2 0
2019 - - - - 6 1 - - 5 0 11 1
Ерриш карьерехь 26 2 9 0 19 2 8 1 56 3 118 8

Матчаш а, голаш а гулйинчу командин йукъахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Тито Вилланова: «Дани Алвес — лучший правый защитник в мире»
  2. Пике: Дани Алвес — лучший правый защитник в истории «Барсы»
  3. Симинин: Дани Алвес и Дарио Срна — лучшие правые защитники в мире
  4. Лапорта: Дани Алвес — лучший в мире правый защитник
  5. Дани Алвес выиграл 40 трофеев за карьеру. Это рекорд
  6. "Liverpool cleared to sign Alves". 2006-06-15. Дата обращения: 2019 ш. 23 июнехь.
  7. Даниэл Алвес продлил контракт с Севильей. Sports.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 23 июнь.
  8. Marca: Дани Алвес перешел в «Барселону». Sports.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 23 июнь.
  9. Нумансия – Барселона 1 : 0, 31 август 2008 - Футбол. Испания - Примера 2008/2009. www.championat.com. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 23 июнь.
  10. "Дани Алвес хочет вернуться в «Барселону»".
  11. Дани Алвес подтвердил, что переходит в «Ювентус». www.championat.com. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 23 июнь.
  12. Ювентус – Лацио 2 : 0, 17 май 2017 - Футбол. Кубок Италии 2016/2017. www.championat.com. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 23 июнь.
  13. "Dani Alves signs for Paris Saint-Germain". The Guardian. 2017-07-12. 0261-3077. Дата обращения: 2019 ш. 23 июнехь.
  14. Дани Алвес объявил об уходе из ПСЖ // Football.ua, 23 июнь 2019.
  15. На презентацию Дани Алвеса в «Сан-Паулу» пришли 45 тысяч болельщиков
  16. soccer.ru. Дани Алвес забил гол в дебютном матче за «Сан-Паулу».
  17. Бразилин кад, Испанин кад, Италин кад, Францин кад, Французийн лигин кад.
  18. УЕФА Чемпионийн лига, УЕФА Европин лига.
  19. Испанин Суперкад, УЕФА Суперкад, Клубийн дуьненан чемпионат, Францин Суперкад.
  20. Дани Алвес провел 100-й матч за сборную Бразилии (2016 шеран 16 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 23 июнь.
  21. Перу – Бразили 0 : 2, 16 ноябрь 2016 - Футбол. ЧМ-2018 - Южная Америка 2018. www.championat.com. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 23 июнь.
  22. Daniel Alves da Silva (инг.). rsssf.com.