Акулова, Марина Сергеевна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Акулова Марина
Шех лаьцна
Стен-боьршалла зударийн[d]
Пачхьалкх  Росси
Говзалла Базам тосург
Клуб Расинг[d]
Йина терахь 1985 шеран 13 декабрь({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:13|2|0}}) (38 шо)
Йина меттиг Челябинск, РСФСР
Локхалла 181 см
Йозалла 70 килограмм

Аку́лова Мари́на Серге́евна (йина 1985 13 декабрехь, Челябинскехь) — российн волейболхо. Дуьненан чемпион 2006. Базам тосург. Российн спортан хьакъ долу говзанча.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Волейболах ловза йолаелира Челябинскехь 1992 шарахь. Хьалхара тренер — Л. В. Сухова. Левзина командашна йукъахь: 2001—2004 — «Метар» (Челябинск), 2004—2008 — «Самородок» (Хабаровск), 2008—2012, 2015 — «Омичка» (Омск), 2012—2014 — «Динамо» (Москох), 2014—2015 — «Автодор-Метар» (Челябинск). 2016 шеран январехь контракт йира французийн «Расинг Клуб де Канн» командица[1], цунна йукъахь хилира Францин чемпионатан детин совгӀатхо, баьккхира мехкан Кад. 2016 шеран июнехь дехьаелира российн ВК «Сахалин»[2] команде.

Хабаровскан «Самородок» йукъахь волейболхох хилира Российн чемпионатан 2007 борзанан совгӀатхо, ткъа Российн Кедан 2005 детин совгӀатхо. «Омичкан» йукъахь — Российн Кедан 2009 борзанан совгӀатхо. Москохан «Динамон» йукъахь — толамхо (2013) а, Российн Кедан детин совгӀатхо (2012) а, 2013 а, 2014 а мехкан чемпионатан детин совгӀатхо.

Марина Акулова
Российн гулйина командан официалан матчашкахь
Ловзарш Очкош
Олимпийн ловзарш 2008 6 8
Олимпийн квалификаци (2008, 2012) 5 3
Дуьненан чемпионат 2006 11 24
Гран-при (2006, 2007) 25 68
Квалификаци Гран-при (2006, 2007, 2008) 13 32
Европин чемпионат 2007 8 20
Дерриг 68 155

Российн гулйина команда[нисйе бӀаьра | нисйе]

2006—2008, 2012 шерашкахь Акулова Марина левзира Российн волейболан гулйина команда. Цунна йукъахь: дуьненан чемпион 2006, 2006 шеран Гран-прин детин совгӀатхо, 2007 шеран Европин чемпионатан борзанан совгӀатхо, 2008 шеран Олимпийн ловзарийн декъашхо. 2006 шо чекхдолуш Акулован Маринин Российн спортан хьакъ долу говзанча сийлахь цӀе йелира.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. MERCATO: Marina AKULOVA rejoint la team RCC ! ТӀекхочу дата: 2016 шеран 15 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 27 январехь Архивйина 2016-01-27 — Wayback Machine
  2. Чемпионка мира Марина Акулова стала игроком ПСК «Сахалин». ТӀекхочу дата: 2016 шеран 30 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 10 июлехь Архивйина 2016-07-10 — Wayback Machine

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]