Аксёнова, Любовь Павловна
Любовь Аксёнова | |
---|---|
Любовь Павловна Новикова | |
![]() | |
Бакъ цӀе | оьрс. Любовь Павловна Новикова |
Йина терахь | 1990 шеран 15 март (32 шо) |
Йина меттиг | Москох, РСФСР, ССРС |
Гражданалла: |
![]() |
Говзалла: | |
Карьера: | 2009 — хӀинца а |
IMDb: | ID 4705505 |
![]() |
Аксёнова Любовь Павловна (йина 1990 15 мартехь, Москохахь, ССРС), маре йахале Новикова — российн театран, кинон, телевизионан актриса.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Йина 1990 шеран 15 мартехь Москохахь тӀемлочун доьзалехь[1]. Ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа деша хӀоьттира РАТИ-ГИТИСе[2], Ӏемира А. И. Шейнинан пхьалгӀехь, 2010 шарахь чекхйаьккхира институт. Актрисан дебют хилира 2009 шарахь, ролаш ловзийра «Детективаш» а, «Лар» а сериалийн масех серешкахь. 2011 шарахь, «Универ. Керла общага» телесериалехь ловзийра роль. Оццу 2011 шарахь, ша коьртачех роль ловзош йолу «Къевлина ишкол» телесериал йаьккхинчул тӀаьхьа, актриса йевзаш а, оьшуш а хилира[3]. 2012 шарахь ловзийра коьртачех цхьа роль исбаьхьаллин фильмехь «Дийцарш», цуо некъ биллира Любовна йоккхачу кино[4]. 2013—2014 шерашкахь актрисас ловзийра коьрта ролаш «Къинош дерг» (реж. Д. Константинов), «Москох цкъан а ца йуьжу» (реж. Д. О’Райлли) фильмашкахь, ткъа кхин а цхьа могӀа телесериалашкахь, царна йукъахь йу «Стигал мараюллуш» (реж. М. Фадеевн) а, «Инквизитор» (реж. Ю. Мороз).
2014 шарахь ловзийра коьртачех цхьа роль фильмехь «Йеза ца йеза», цигахь цуьнца цхьаьна кино йоккхуш бара Ходченкова Светлана а, Матвеев Максим а. 2015 шарахь Любовга кхайкхира кино йаккха «ТӀаьхьа дийна виса» телесериал кхин дӀа а йаккха.
2016 шарахь цуо дакъа лецира кхаа йевзаш йолчу проекташкахь, ткъа кхин а фильмехь «Буьйсенан хой» а, телесериалашкахь «Мажор 2», «Хилларш» а (реж. И. Китаев)[2].
2017 шарахь актрисас «Салют-7» фильмехь роль ловзийра. 2018—2019 шерашкахь цуьнан белхашна йукъахь билгалайаккха мегар ду «Со а воцуш», «Бакъдолчун сенашна дехьа», «Кома» фильмашкара ролаш, ткъа иштта «Мажор 3» а, «Хилларш 2» а телесериалашкара болх[5].
Шен дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]
2013 шарахь маре йахара продюсере а, режиссёре а Аксёнов Павеле, иза вевзинчул тӀаьхьа кхо бутт баьлча[1]. 2018 шарахь актрисас Дудь Юрийна интервью йелира, кхечу хӀумнашна йукъахь дийцира шен интеркъоман агент хилар, цуо «кхийдайо» иза болх бан европин а, америкин а киношка. Иштта иза хьаьжира ролашка «Kingsman: Дешин чӀуг» фильмехь а, «Ира лабанаш» телесериалехь а[6].
2018 шарахь номинаци йира телевизионан кинон областера Кинон а, телевизионан а продюсерийн ассоциацин говзаллин совгӀатна уггаре дика шолгӀа планан актриса санна[7].
2019 шарахь йаьккхира шолгӀа меттиг хӀора шеран Российн уггаре сексуалан зударийн, «Maxim» журнало зорба туху рейтингехь[8][9]. 2019 шарахь хилира шеран уггаре гӀарайаьлла актриса Кино-Театр.Ру сайтан версица[10].
Фильмографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 Любовь Аксенова (оьр.). russia.tv. Теллина 2020 шеран 9 январехь.
- ↑ 1 2 Любовь Аксенова | Фото Любови Аксеновой | Биография | Личная жизнь (оьр.). www.cosmo.ru. Теллина 2020 шеран 9 январехь.
- ↑ Любовь Аксенова рассказала, когда к ней пришла настоящая популярность (оьр.). Рамблер/новости. Теллина 2020 шеран 9 январехь.
- ↑ Кто такая Люба Аксенова. Harper’s Bazaar - модный женский журнал. Теллина 2020 шеран 9 январехь.
- ↑ «Думала, что буду певицей»: Любовь Аксёнова о музыкальной карьере, работе с Денисом Шведовым и голодании ради роли (оьр.). RT на русском. Теллина 2020 шеран 9 январехь.
- ↑ Новая Россия: The Hatters, Аксенова, Покрас Лампас, Пязок / вДудь (оьр.). Теллина 2020 шеран 9 январехь.
- ↑ Премия АПКиТ 2018. www.rusproducers.com. Теллина 2020 шеран 15 январехь.
- ↑ 100 самых сексуальных женщин страны 2019 – результаты ежегодного рейтинга MAXIM. www.maximonline.ru. Теллина 2020 шеран 9 январехь.
- ↑ Любовь Аксенова осудила рейтинг секс-бомб России, в котором заняла 2-е место (оьр.). www.cosmo.ru. Теллина 2020 шеран 9 январехь.
- ↑ Любовь Аксенову назвали лучшей актрисой года (оьр.). 7Дней.ру (2019, 31 декабрь). Теллина 2020 шеран 9 январехь.