Аксёнова, Лидия Валерьяновна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Аксёнова Лидия Валерьяновна
Аксенова Л.В.jpg
Коьрта хаам
Йина терахь 1923 шеран 19 июль({{padleft:1923|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:19|2|0}})
Йина меттиг
Кхелхина терахь 2019 шеран 18 сентябрь({{padleft:2019|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:18|2|0}}) (96 шо)
Кхелхина меттиг
Пачхьалкх
Говзаллаш хоран дирижёр, хьехархо
СовгӀаташ Сийлаллин орден — 2013 MDA Ordinul Gloria Muncii BAR.png


Аксёнова Лидия Валерьяновна (1923 19 июль2019 18 сентябрь) — хоран дирижёр, хьехархо, дирижированин теоретик, музыкан яздархо, профессор, Молдавин говзаллийн хьакъ долу гӀуллакххо.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Йина 1923 шеран 19 июлехь Покровск гӀалахь (1931 шарахь дуьйна — Энгельс, Саратовн область, Росси). 1920-гӀа шераш чекхдовлуш доьзал кхелхира Бальцер гӀала (1942 шарахь дуьйна — Красноармейск).

1941 шарахь чекхъяьккхира дешин мидалца ишкол, тӀом болучу хенахь хьукматан сацамца немцойн мотт хьеха дийзира юкъара дешаран ишколан лакхарчу классашкахь. тӀаьхьа иза деша хӀоьттира Саратовн медицинан институте, оццу хенахь Саратовн консерваторе а вокал классе. Амма музыке болчу безамо дехьаийзайора.
1944 шарахь цуо юьту медицинан институт, кхин дӀа доьшу консерваторехь легенда хиллачу оьрсийн йишлакхархочуьнгахь а, хьехархочуьнгахь а Пасхалова Алевтина Михайловнегахь.

Консерваторехь цунна вевза студент-пианист, оьрсех гӀуо луьйш волу, Польшан гражданин Фишман Макс, доттагӀой юхаяккха гӀертаре а ца хьоьжуш, дика луучара бохуш лаьтташехь, шен дахар цуьнца доьхку. ТӀеман шерашкахь 1944 шо кхаччалц Саратовн консерваторехь болх беш бара кхалхийна хьехархой а, доьшуш бара Минскера, Москохан а, кӀеззига Ленинградан а консерваторешкара студенташ а.

1945 шарахь Аксёнова майранца цхьаьна дехьаяьккхира Минске, Белоруссин консерваторе. 1946 шарахь хьалхара кӀант винчул тӀаьхьа цуьнан аз дайра, иза дехьаелира симфонин дирижированин кафедре, ткъа кафедра дӀакъевлинчул тӀаьхьа хоран дирижировани.

Дирижёр Ӏемаш, Аксёнован гӀарабевлла хьехархой бара: С. Л. Ратнер, Н. Ф. Маслов. Иза яра уггаре дика дирижёрийн-хоран ламастан тӀаьхьенах. Ткъа симфонин дирижированин агӀора силсил юкъабоьду, Ратнеран тӀиера буьйлабелла, И. А. Мусин, Н. А. Малько, Н. Н. Черепнин, Н. А. Римский-Корсаков. Хоран дирижированин областехь Аксёнован «силсил» юха а хьалайоьду Н. А. Римский-Корсаковга — цуьнан дешархошка М. М. Ипполитов-Ивановга, П. Г. Чесноковга, Н. Ф. Масловга.

1952 шарахь Аксёнова Лидия а, Фишман Макс а хьажадо Молдави, Кишинёвн консерваторе, тӀаьхьа цӀе хийцира Кишинёвн говзаллин Г. Музическун цӀарах институт, ткъа цул тӀаьхьа Музыкан, театран, сурт дилларан говзаллин академи. Л. В. Аксёнован тайп-тайпана гӀуллакхаша ловзийра ладаме роль Молдавин хоран говзалла кхиорехь. Цхьацца хенашкахь цуо куьйгалла дира хоран дирижированин кафедран, Пачхьалкхан оьрсийн А. П. Чеховн цӀарах драман оркестран, консерваторин хоран, операн спектаклан кечаман.

1964 - 1979 шерашкахь, лакхара дешаран меттигера белхаца цхьаьна, Аксёновас куьйгалла дира цуо ша йинчу Башха музыкан Е. Кокан цӀарах ишколан хоран. Коллектив къастара йоккха а, тайп-тайпана а репертуарца — 600 гергга кхоллам, царна юкъахь ю классикан а, авангардан а оьрсийн а, дозанал арахьара а яккхий кепаш. Цунна лерина молдавин композиторийн дукха партитураш, хьалха уьш дагахь а бацара берашна яздан. Хорах лаьцна «Сан Молдова» фильм яьккхина, цуьнан концерташ дӀахьора сийлахь концертан майданашкахь, гойтура телевизионехь а, лоькхуьйткра радиохь.

ТӀаьхь-тӀаьхьа Аксёнован урхаллин хорах хуьлу республикан музыкан-методикан центр хоран кхиамехь. Цуьнан бух тӀехь сих-сиха дӀахьо йиллина хьоьхийлаш, гайтаман репетицеш, Лидия Валерьяновнас йоьшура лекцеш, Советийн Союзан гӀаланашкара шортта хьехархой а богӀий. Хор хилира «Масале», шена цӀерца хилла ца Ӏаш, шен духца а. Цунах тера хила гӀертара, масалин хӀиттайора, керла берийн капеллаш кхолла йолийра массанхьа а. Эзар сов хоран йишлакхаре марзбелла кегий нах чекхбевлира профессоран карахула, тӀаьхьа дукхах берш царех хилира къегина векалш Молдавин говзаллин.

Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]

Да — Аксёнов Валерьян Михайлович (1.06.1894 — 26.01.1980), Ийдалйистехь гӀараваьлла адвокат.
Нана — Аксёнова (мааре яхале Живаева) Клавдия Ивановна (31.12.1892 — 14.06.1967), Саратовн областан Красноармейск гӀалан № 5 йолу ишколан оьрсийн меттан а, литературан а хьехархо г., Ленинан орденца совгӀат динера дешаран гӀуллакхехь бакхий кхиамаш бахарна.
Ваша — Аксёнов Владимир Валерьянович, вина 1919 шеран 1 августехь, велла 1998 шеран 10 декабрехь Волгоградехь. Инженер-химик. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, дуккха а орденийн кавалер. ТӀом чекхбаьлча хилла кӀоштан кхочушдаран комитетан председатель, цул тӀаьхьа гӀалан советан председатель, Камышин гӀалан партин комитетан хьалхара секретарь. Советийн Союзехь дуьххьарлера Волгоградан белокан-витаминийн концентратийн комбинат кхоьллинарг а, директор а.
МайраФишман Макс Шахнович, вина 1915 шеран 12 декабрехь Варшавехь, велла 1985 шеран 24 сентябрехь Кишинёвхь. Композитор, пианист, хьехархог.
КӀентий:

КӀентан бераш:

КӀентан кӀентан бераш:

  • Аксёнова Анна Владиславовна, йина 2004 шеран 14 майхь Москохахь.

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]