Аксёнова, Любовь Павловна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Любовь Аксёнова
Любовь Павловна
Новикова
Бакъ цӀе оьрс. Любовь Павловна Новикова
Йина терахь 1990 шеран 15 март({{padleft:1990|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (34 шо)
Йина меттиг Москох, РСФСР, ССРС
Гражданалла:  Росси
Говзалла:
Карьера: 2009 — хӀинца а
IMDb: ID 4705505
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Аксёнова Любовь Павловна (йина 1990 15 мартехь, Москохахь, ССРС), маре йахале Новикова — российн театран, кинон, телевизионан актриса.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йина 1990 шеран 15 мартехь Москохахь тӀемлочун доьзалехь[1]. Ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа деша хӀоьттира РАТИ-ГИТИСе[2], Ӏемира А. И. Шейнинан пхьалгӀехь, 2010 шарахь чекхйаьккхира институт. Актрисан дебют хилира 2009 шарахь, ролаш ловзийра «Детективаш» а, «Лар» а сериалийн масех серешкахь. 2011 шарахь, «Универ. Керла общага» телесериалехь ловзийра роль. Оццу 2011 шарахь, ша коьртачех роль ловзош йолу «Къевлина ишкол» телесериал йаьккхинчул тӀаьхьа, актриса йевзаш а, оьшуш а хилира[3]. 2012 шарахь ловзийра коьртачех цхьа роль исбаьхьаллин фильмехь «Дийцарш», цуо некъ биллира Любовна йоккхачу кино[4]. 2013—2014 шерашкахь актрисас ловзийра коьрта ролаш «Къинош дерг» (реж. Д. Константинов), «Москох цкъан а ца йуьжу» (реж. Д. О’Райлли) фильмашкахь, ткъа кхин а цхьа могӀа телесериалашкахь, царна йукъахь йу «Стигал мараюллуш» (реж. М. Фадеевн) а, «Инквизитор» (реж. Ю. Мороз).

2014 шарахь ловзийра коьртачех цхьа роль фильмехь «Йеза ца йеза», цигахь цуьнца цхьаьна кино йоккхуш бара Ходченкова Светлана а, Матвеев Максим а. 2015 шарахь Любовга кхайкхира кино йаккха «ТӀаьхьа дийна виса» телесериал кхин дӀа а йаккха.

2016 шарахь цуо дакъа лецира кхаа йевзаш йолчу проекташкахь, ткъа кхин а фильмехь «Буьйсенан хой» а, телесериалашкахь «Мажор 2», «Хилларш» а (реж. И. Китаев)[2].

2017 шарахь актрисас «Салют-7» фильмехь роль ловзийра. 2018—2019 шерашкахь цуьнан белхашна йукъахь билгалайаккха мегар ду «Со а воцуш», «Бакъдолчун сенашна дехьа», «Кома» фильмашкара ролаш, ткъа иштта «Мажор 3» а, «Хилларш 2» а телесериалашкара болх[5].

Шен дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]

2013 шарахь маре йахара продюсере а, режиссёре а Аксёнов Павеле, иза вевзинчул тӀаьхьа кхо бутт баьлча[1]. 2018 шарахь актрисас Дудь Юрийна интервью йелира, кхечу хӀумнашна йукъахь дийцира шен интеркъоман агент хилар, цуо «кхийдайо» иза болх бан европин а, америкин а киношка. Иштта иза хьаьжира ролашка «Kingsman: Дешин чӀуг» фильмехь а, «Ира лабанаш» телесериалехь а[6].

2018 шарахь номинаци йира телевизионан кинон областера Кинон а, телевизионан а продюсерийн ассоциацин говзаллин совгӀатна уггаре дика шолгӀа планан актриса санна[7].

2019 шарахь йаьккхира шолгӀа меттиг хӀора шеран Российн уггаре сексуалан зударийн, «Maxim» журнало зорба туху рейтингехь[8][9]. 2019 шарахь хилира шеран уггаре гӀарайаьлла актриса Кино-Театр.Ру сайтан версица[10].

Фильмографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шо ЦӀе Роль
2009 с Детективаш Настя Усольцева
2009 с Лар Анна Куницына
2011 с Универ. Керла общага Ольга
2011 с Къевлина ишкол Кристина Панфилова
2011 с Боьрша стаг суна чохь Анжела
2011 ф Чекх ца болу сийна хӀорд Лена
2012 с Дог тӀулг бац Галя
2012 ф Дийцарш Максан тӀехьийза йоӀ
2013 с Йеза ца йеза Нина
2013 с Стигал мараюллуш Женя Луговая къоналлехь
2014 с Инквизитор Варвара Павловна Серебрянская
2014 ф Йеза ца йеза Алёна
2014 ф Къинош дерг Марьяна
2014 ф Москох цкъан а ца йуьжу Ксения
2015 ф Даймохк Ева
2015 ф И дуьхьалара бӀаьргаш Нелли къоналлехь
2015 с Дийна диса тӀаьхьа Марина
2016 ф Вада, тӀехьакхиа, йезайала Нина
2016 ф Буьйсенан хой Дана Локис
2016 с Мажор 2 Катя Игнатьева
2016 ф Ехна фирма берахниг
2016 с Хилларш Яна
2017 ф Ловза гӀо, Вася! Василиса (Вася)
2017 ф Салют-7 Лилия Алёхина
2017 с Ӏазапехула лелар Ганна
2018 ф Со а воцуш Ксения
2018 ф Бакъдолчун сенашна дехьа Вероника
2018 с Мажор 3 Катя Игнатьева
2018 ф Оьрсийн ШайтӀа Ася
2018 с ГӀаттам Лиза Журавлёва
2019 ф Кома Флай
2019 с Триада Наташа
2019 ф КӀорге! Лера
2019 ф ЧӀогӀа догӀа Катерина Кабанова
2020 с Кхобурш Наталья
2020 ф Ловза гӀо, Вася! 2 Василиса (Вася)

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Любовь Аксенова. russia.tv. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 9 январь. Архивйина 2020-04-02 — Wayback Machine
  2. 1 2 Любовь Аксенова | Фото Любови Аксеновой | Биография | Личная жизнь. www.cosmo.ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 9 январь.
  3. Любовь Аксенова рассказала, когда к ней пришла настоящая популярность. Рамблер/новости. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 9 январь.
  4. Кто такая Люба Аксенова. Harper’s Bazaar - модный женский журнал. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 9 январь.
  5. «Думала, что буду певицей»: Любовь Аксёнова о музыкальной карьере, работе с Денисом Шведовым и голодании ради роли. RT на русском. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 9 январь.
  6. Новая Россия: The Hatters, Аксенова, Покрас Лампас, Пязок / вДудь. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 9 январь.
  7. Премия АПКиТ 2018. www.rusproducers.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 15 январь.
  8. 100 самых сексуальных женщин страны 2019 – результаты ежегодного рейтинга MAXIM. www.maximonline.ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 9 январь.
  9. Любовь Аксенова осудила рейтинг секс-бомб России, в котором заняла 2-е место. www.cosmo.ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 9 январь.
  10. Любовь Аксенову назвали лучшей актрисой года. 7Дней.ру (2019 шеран 31 декабрь). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 9 январь.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]