Аксёнова, Лидия Валерьяновна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Аксёнова Лидия Валерьяновна
Коьрта хаам
Йина терахь 1923 шеран 19 июль({{padleft:1923|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:19|2|0}})
Йина меттиг
Кхелхина терахь 2019 шеран 18 сентябрь({{padleft:2019|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:18|2|0}}) (96 шо)
Кхелхина меттиг
Пачхьалкх
Говзаллаш хоран дирижёр, хьехархо
СовгӀаташ Сийлаллин орден — 2013


Аксёнова Лидия Валерьяновна (1923 19 июль2019 18 сентябрь) — хоран дирижёр, хьехархо, дирижированин теоретик, музыкин йаздархо, профессор, Молдавин говзаллийн хьакъ долу [1].

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йина 1923 шеран 19 июлехь Покровск гӀалахь (1931 шарахь дуьйна — Энгельс, Саратовн область, Росси). 1920-гӀа шераш чекхдовлуш доьзал кхелхира Бальцер гӀала (1942 шарахь дуьйна — Красноармейск).

1941 шарахь чекхйаьккхира дешин мидалца ишкол, тӀом болучу хенахь хьукматан сацамца немцойн мотт хьеха дийзира йукъара дешаран ишколан лакхарчу классашкахь. тӀаьхьа иза деша хӀоьттира Саратовн медицинан институте, оццу хенахь Саратовн консерваторе а вокал классе. Амма музыке болчу безамо дехьаийзайора.
1944 шарахь цуо йуьту медицинан институт, кхин дӀа доьшу консерваторехь легенда хиллачу оьрсийн йишлакхархочуьнгахь а, хьехархочуьнгахь а Пасхалова Алевтина Михайловнегахь[2].

Консерваторехь цунна вевза студент-пианист, оьрсех гӀуо луьйш волу, Польшин гражданин Фишман Макс, доттагӀой йухайаккха гӀертаре а ца хьоьжуш, дика луучара бохуш лаьтташехь, шен дахар цуьнца доьхку. ТӀеман шерашкахь 1944 шо кхаччалц Саратовн консерваторехь болх беш бара кхалхийна хьехархой а, доьшуш бара Минскера, Москохан а, кӀеззига Ленинградан а консерваторешкара студенташ а.

1945 шарахь Аксёнова майранца цхьаьна дехьайаьккхира Минске, Белоруссин консерваторе. 1946 шарахь хьалхара кӀант винчул тӀаьхьа цуьнан аз дайра, иза дехьаелира симфонин дирижированин кафедре, ткъа кафедра дӀакъевлинчул тӀаьхьа хоран дирижировани.

Дирижёр Ӏемаш, Аксёнован гӀарабевлла хьехархой бара: С. Л. Ратнер, Н. Ф. Маслов. Иза йара уггаре дика дирижёрийн-хоран ламастан тӀаьхьенах. Ткъа симфонин дирижированин агӀора силсил йукъабоьду, Ратнеран тӀиера буьйлабелла, И. А. Мусин, Н. А. Малько, Н. Н. Черепнин, Н. А. Римский-Корсаков. Хоран дирижированин областехь Аксёнован «силсил» йуха а хьалайоьду Н. А. Римский-Корсаковга — цуьнан дешархошка М. М. Ипполитов-Ивановга, П. Г. Чесноковга, Н. Ф. Масловга.

1952 шарахь Аксёнова Лидия а, Фишман Макс а хьажадо Молдави, Кишинёвн консерваторе, тӀаьхьа цӀе хийцира Кишинёвн говзаллин Г. Музическун цӀарах институт, ткъа цул тӀаьхьа Музыкин, театран, сурт дилларан говзаллин академи. Л. В. Аксёнован тайп-тайпана гӀуллакхаша ловзийра ладаме роль Молдавин хоран говзалла кхиорехь. Цхьацца хенашкахь цуо куьйгалла дира хоран дирижированин кафедран, Пачхьалкхан оьрсийн А. П. Чеховн цӀарах драман оркестран, консерваторин хоран, операн спектаклан кечаман.

1964 - 1979 шерашкахь, лакхара дешаран меттигера белхаца цхьаьна, Аксёновас куьйгалла дира цуо ша йинчу Башха музыкин Е. Кокан цӀарах ишколан хоран. Коллектив къастара йоккха а, тайп-тайпана а репертуарца — 600 гергга кхоллам, царна йукъахь йу классикан а, авангардан а оьрсийн а, дозанал арахьара а йаккхий кепаш. Цунна лерина молдавин композиторийн дукха партитураш, хьалха уьш дагахь а бацара берашна йаздан. Хорах лаьцна «Сан Молдова» фильм йаьккхина, цуьнан концерташ дӀахьора сийлахь концертан майданашкахь, гойтура телевизионехь а, лоькхуьйткра радиохь.

ТӀаьхь-тӀаьхьа Аксёнован урхаллин хорах хуьлу республикин музыкин-методикан центр хоран кхиамехь. Цуьнан бух тӀехь сих-сиха дӀахьо йиллина хьоьхийлаш, гайтаман репетицеш, Лидия Валерьяновнас йоьшура лекцеш, Советийн Союзан гӀаланашкара шортта хьехархой а богӀий. Хор хилира «Масале», шена цӀерца хилла ца Ӏаш, шен духца а. Цунах тера хила гӀертара, масалин хӀиттайора, керла берийн капеллаш кхолла йолийра массанхьа а. Эзар сов хоран йишлакхаре марзбелла кегий нах чекхбевлира профессоран карахула, тӀаьхьа дукхах берш царех хилира къегина векалш Молдавин [3] Архивйина 2023-06-20 — Wayback Machine</ref>[4].

Доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Да — Аксёнов Валерьян Михайлович (1.06.1894 — 26.01.1980), Ийдалйистехь гӀараваьлла адвокат.
Нана — Аксёнова (мааре йахале Живаева) Клавдия Ивановна (31.12.1892 — 14.06.1967), Саратовн областан Красноармейск гӀалан № 5 йолу ишколан оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо г., Ленинан орденца совгӀат динера дешаран гӀуллакхехь бакхий кхиамаш бахарна.
Ваша — Аксёнов Владимир Валерьянович, вина 1919 шеран 1 августехь, велла 1998 шеран 10 декабрехь Волгоградехь. Инженер-химик. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, дуккха а орденийн кавалер. ТӀом чекхбаьлча хилла кӀоштан кхочушдаран комитетан председатель, цул тӀаьхьа гӀалан советан председатель, Камышин гӀалан партин комитетан хьалхара секретарь. Советийн Союзехь дуьххьарлера Волгоградан белокан-витаминийн концентратийн комбинат кхоьллинарг а, директор а.
МайраФишман Макс Шахнович, вина 1915 шеран 12 декабрехь Варшавехь, велла 1985 шеран 24 сентябрехь Кишинёвхь. Композитор, пианист, [5][6][7].

КӀентий:

КӀентан бераш:

КӀентан кӀентан бераш:

  • Аксёнова Анна Владиславовна, йина 2004 шеран 14 майхь Москохахь.

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Згуряну Теодор, профессор, народный артист Молдовы, Морару Емилия, доцент, доктор искусствоведения "Виват Академия, Виват Профессор" газета “Literatura si Arta”, среда. 2 июля 2014 (Teodor Zgureanu, prof. univ., Artist al Poporului din Republica Moldova. Emilia Moraru, conf. univ., dr. în studiul artelor "VIVAT ACADEMIA, VIVAT PROFESORES" Ziarul “Literatura si Arta” Miercuri, 2 Iulie 2014) http://www.literaturasiarta.md/printpress.php?l=ro&idc=297&idc1=385&id=4394 Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
  • Балабан Л.И, доцент, доктор искусствоведения, "Выдающиеся деятели хоровой культуры Республики Молдова в свете традиций русской хоровой школы" (сетевой электронный научный журнал Academia: музыкознание, исполнительство, педагогика. 2 (3) 2022
  • Балабан Лариса, доцент, доктор искусствоведения, "Особенности изучения произведений композиторов Республики Молдова в классе профессора Л. В. Аксёновой" / Лариса Балабан // Patrimoniul muzical din Republica Moldova (Folclor şi creaţie componistică) în contemporaneitate: conf. şt. intern., Chişinău, 23 iun. 2015: rez. comunicărilor. – Chişinău, 2015. – стр. 63–65 https://ibn.idsi.md/vizualizare_articol/175100* Архивйина 2023-06-18 — Wayback Machine
  • Стрезева А. "Сто лят!.." — "Многая лета" // "Русское слово". — Молдова, "Русское слово", 2012. — ISSN 1857-2839.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Музыкальная академия https://mus.academy/authors/aksenova-lidiya
  2. Галкина Аксиния, "Теория верности" газета "Независимая Молдова" 18.07.2008 https://www.nm.md/article/teoriya-vernosti/ Архивйина 2023-06-18 — Wayback Machine
  3. Первый профессор хорового дирижирования Молдовы. К 100-летию со дня рождения Л.В. Аксёновой. https://web.archive.org/web/20230620035303/https://ava.md/2023/02/23/pervyy-professor-horovogo-dirizhirovaniya/
  4. Михай Виктория, "В поисках добра и истины. Аксёновы" https://ava.md/2017/12/04/v-poiskah-dobra-i-istiny-aksenovy/ Архивйина 2019-08-14 — Wayback Machine
  5. TAMARA MELNIC COMPOSER AND PROFESSOR MAX FISHMAN https://ibn.idsi.md/sites/default/files/imag_file/Max%20Fisman_profesor%20si%20compozitor.pdf Архивйина 2023-02-07 — Wayback Machine
  6. Илана Елизарова "Без права творить. К 100-летию композитора, пианиста, педагога Макса Фишмана". [1]
  7. Ольга Булычевская "Музыка возрождает жизнь". https://ava.md/2015/11/04/muzyka-vozrozhdaet-zhizn-k-100-letiyu/
  8. Мария Станкевич Игры без поддавков. Прошлое и настоящее актёра и режиссёра Бэно Аксёнова 10 мая 2021 г. https://www.chayka.org/node/12064
  9. Вероника Каждан «Преодолевая мрак и хаос» (Заслуженный артист Республики Молдовы Бэно Аксёнов) Театральный журнал «Иные берега» №3 (9) 2015 стр. 80 - 87. http://www.inieberega.ru/files/berega_339-web_0.pdf
  10. Карина Коваль В «вежливом» окружении Театральный журнал Иные берега 2 (50) 2019 http://www.inieberega.ru/files/aksenov.pdf
  11. А. М. Аксёнов. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 17 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 30 январехь
  12. Artur Aksenov (în engleză), https://www.levinemusic.org/about/people/faculty/artur-aksenov/ Архивйина 2023-06-24 — Wayback Machine
  13. Rezhissura igry na fortepiano: B. M. Berlin--muzykant, lichnostʹ, ... [otvetstvennyĭ redaktor A. M. Aksenov] Moskva: Rossiĭskai︠a︡ akademii︠a︡ muzyki im. Gnesinykh, 2006. https://catalog.loc.gov/vwebv/search?searchType=7&searchId=12832&maxResultsPerPage=25&recCount=25&recPointer=0&resultPointer=0&headingId=21348192
  14. Аксенов Владислав Бэнович. Институт российской истории РАН https://iriran.ru/people/aksenov-vladislav-benovich
  15. Authors/Creators beginning with: Aksenov, V. B. https://catalog.loc.gov/vwebv/search?searchType=7&searchId=12991&maxResultsPerPage=25&recCount=25&recPointer=0&resultPointer=0&headingId=21348344
  16. Николае Тимофти вручил государственные награды группе граждан

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]