Акаев, Вахьид Хьумидан воӀ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Акаев, Вахит Хумидович тӀера хьажжина кхуза)
Акаев Вахьид Хьумидан воӀ
Акаев Вахит Хумидович
Вина терахь 1952 шеран 5 февраль({{padleft:1952|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (72 шо)
Пачхьалкх  ССРС Росси
Ӏилманан кхоче Философи
Белхан меттиг Нохчийн пачхьалкхан университет
Ӏилманан дарж Ӏилманийн доктор
Ӏилманан цӀе профессор,
Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин академик
Альма-матер Нохчийн пачхьалкхан университет
Ӏилманан куьйгалхо В. С. Готт
Арахьара суьрташ
Вахит Акаев

Ака́ев Ва́хьид Хьуми́дан воӀ (1952 шеран 5 февраль, Ленгер, Туркестанан область) — советийн а, российн а философ. Философийн Ӏилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин бакъволу декъахо, РӀА Ибрагимов Хь.И. цӀарах йолу Комплексан Ӏилманан-талламан институтан коьрта Ӏилманан белхало.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина вайнах махкахбаьхначехь 1952 шеран 5 февралехьКхазакхийн ССР Ленгер гӀалахь. Къоман — нохчо. 1969 шарахь чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Советийн кӀоштара Шуьйтан ишкол. 1973 шарахь чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан физикин-математикин факультет «Математика» говзаллица. 1972 шарахь волавелла математикин хьехархо болх бан. 1975 шарахь хилла Хьал-Келин йуккъерачу ишколан директор.

Ӏилманан гӀуллакх[нисйе бӀаьра | нисйе]

Аспирантура чекхйаьккхира В. И. Ленинан цӀарахчу Москохан пачхьалкхан хьехархойн институтан философин кафедрехь. 1981 шарахь чекхдаьккхира философин кандидатан диссертаци тема «Бакъдолчух башха, марталлица, дийнна кхетар». 1991 шеран 17 июнехь хилира Нохч-ГӀалгӀайн историн, философин, социологин Ӏилманан-талламан институтан директор. 1992 шарахь хилира Нохчийн Республикин Ӏилманан академин корреспондент-декъахо. Ростовн пачхьалкхан университетехь чекхдаьккхира докторан диссертации, тема «Суфизм Ӏаьрбийн-бусалбанийн философин контекстехь». 2001 шарахь хилира профессор а, Нохчийн пачхьалкхан университетан социалан белхан теорин а, практикин а кафедран куьйгалхо. Зорба тоьхна 170 сов белхан, царна йукъахь монографеш, брошюраш, публицистика. Нохчийн Республикин Йукъараллин палатин декъахо ву.

Ши доьзалхо ву.

Библиографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жайнаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йаззамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]