Айсханов, Шамсуддин Катаевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Айсханов, Шамсуддин Катин воӀ тӀера хьажжина кхуза)
Шамсуддин Катаевич Айсханов
Вина терахь 1907({{padleft:1907|4|0}})
Вина меттиг Лаха Невре, Нохчийчоь, Терски область, Российн импери
Кхелхина терахь: 1937({{padleft:1937|4|0}})
Кхелхина меттиг: Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Гражданалла: Российн импери Российн импери ССРС
ГӀуллакхан тайпа: йаздархо, Поэт
Жигара шераш: 1923—1937
Произведенин мотт: нохчийн

Шамсудди́н Ката́евич Айсха́нов (1907 шо, Лаха Невре, Нохчийчоь, Терски область, Российн импери — 1937 шо, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн йаздархо, поэт, гочдархо, серлонча, нохчийн литературин бух биллинчарех цхьаъ, партин а, йукъараллин а гӀуллакххо.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Айсханов Шамсуддин вина 1907-чу шарахь Теркайистерчу Лаха-Неврехь. Цуьнан да-нана ахархой хилла. Йаздархочун да Ката даиманна керлачунна тӀегӀерташ вара. XX-гӀа бӀешо долалучу хенахь Лаха-Неврехь халкъан серлончас, хьехархочо Хакишев Солтас школа йиллича, цига хехо вахара Ката. Халкъа йукъа серло йаржоран Ӏалашо йара Хакишев Солтин. Шамсуддин деша ваххал хилча, шен дас иза дӀавелира Хакишев Солта волчу школе. Дешаре боккха безам болуш кхиавора Катас шен кӀант. Дешарна тӀера а вара жима Шамсуддин, цо хазахеташ Ӏамадора йоза-дешар, резахиларца тӀеоьцура шена хьоьхург. Хьехархо а, да-нана а даккхийдеш бара дешархочун кхиамаш.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]