Азнавурян, Карина Борисовна
Азнавурян Карина | |
---|---|
![]() | |
Шех лаьцна | |
Стен-боьршалла | зуда |
Пачхьалкх |
![]() ![]() |
Говзалла | фехтовани |
Йина терахь | 1974 шеран 20 сентябрь (48 шо) |
Йина меттиг | Бакох |
Локхалла | 170 сантиметр |
Йозалла | 59 килограмм |
![]() |
Азнавуря́н Кари́на Бори́совна (йина 1974 шеран 20 сентябрехь, Азербайджанийн ССР Бакохахь,) — российн фехтовальщица, шозза олимпийн чемпион (2000, 2004), дуьненан чемпион (2003), Европин чемпион (2004), Российн чемпион (2005) шпагашца фехтовани йарех. Российн спортан хьакъ долу говзанча (1996). Леташ йара Москомспортан Москохан гӀалин физоьздангаллин-спортан цхьаьнакхетаралла (МГӀФСЦ).
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Азнавурян Карина йина 1974 шеран 20 сентябрехь Бакохахь эрмалойн-азербайджанийн доьзалехь[1]. Фехтоване лела йолайелира Бакохахь Матлина Ольгин куьйгаллица. 1990 шарахь Бакохахь эрмалой охьааьтначул тӀаьхьа доьзалца дийзира кхалха Москоха. Москоха кхелхинчул тӀаьхьа ийцира ненан фамили. Лета герз хийцира рапирин тӀера йелира шпага лело, тренировкаш йан йолайелира Кислюнин Александран[2] куьйгаллица.
1996 шарахь Российн гулйина командин йукъахь хилира Атлантера Олимпиадин борзанан совгӀатхо. 1997 шарахь йехира 19-гӀа Универсиадин детин мидалш командин а, шен долара а хьалхейаккхарехь. Кхин дӀа Российн гулйина командин йукъахь толамаш бехира Олимпийн ловзаршкахь Сиднейхь (2000) а, Афинехь (2004) а, дуьненан чемпионатехь (2003) а, Европин чемпионатехь (2004) а. дакъа ца лецира Олимпийн ловзаршкахь Пекинехь, хӀунда аьлча букъсуьртан чов бахьнехь оьшу рейтинган очкош ца йахайелира доларчу олимпийн турнире, ткъа шпаганийн фехтовани зударийн командин къийсамийн Олимпиадин программина йукъа ца дахара.
Шен спортан карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа, 2008 шарахь, Москохан йуккъера башха олимпийн резерван № 3 йолчу доьшийлин берийн-жимахойн спортан ишколан коьрте хӀоьттира, ткъа 2012 шеран августехь оцу доьшийлин директор хӀоттийра[3].
СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш а[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Сийлаллин орден (2005 шеран 24 августехь) — физикин оьздангалла а, спорт а кхиорехь доккха дакъа лацарна, 2004 шеран Олимпиадин XXVIII Ловзаршкахь лакхара спортан кхиамаш бахарна[4]
- ДоттагӀаллин орден (2001 шеран 19 апрелехь) — физикин оьздангалла а, спорт а кхиорехь доккха дакъа лацарна, 2000 шеран Сиднейра Олимпиадин XXVII Ловзаршкахь лакхара спортан кхиамаш бахарна[5]
- «Даймехкана гӀуллакхаш дарна» орденан II тӀегӀанан мидал (1997 шеран 6 январехь) — Пачхьалкхан гӀуллакхаш дарна, 1996 шеран Олимпиадин XXVI Ловзаршкахь лакхара спортан кхиамаш бахарна[6]
- Российн спортан хьакъ долу говзанча (1996)
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Карина Азнавурян: девушка со шпагой
- ↑ Кислюнин Александр Сергеевич(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 23 июлехь. Теллина 2017 шеран 25 июлехь.
- ↑ Карина Азнавурян — директор УОР № 3! Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 24.08.2005 года № 980 «О награждении государственными наградами Российской Федерации»
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 19 апреля 2001 года № 450 «О награждении государственными наградами Российской Федерации спортсменов, тренеров, работников физической культуры и спорта»
- ↑ Указ Президента РФ от 6 января 1997 года № 1 «О награждении государственными наградами Российской Федерации спортсменов, тренеров, работников физической культуры и спорта по итогам XXVI летних Олимпийн игр 1996 года»
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Профиль на сайте Федерации фехтования России
- Карина Азнавурян — олимпийн статистика сайт тӀехь Sports-Reference.com(ингалс.)
- Бинарш 20 сентябрехь
- Бинарш 1974 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Бакохахь
- Сийлаллин орден елла нах
- ДоттагӀаллин Орден елларш
- «Даймехкана гӀуллакх дарна» орденан II тегӀанера мидалца совгӀат динарш
- Российн спортан хакъ долу говзанча
- Спортхой абатца
- Российн фехтовальщикаш
- Фехтованин Российн чемпионаш
- Фехтованин Европин чемпионаш
- Фехтованин дуьненан чемпионаш
- Фехтованин Олимпийн чемпионаш
- Россера Олимпийн чемпионаш
- 2000 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- 2004 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- 1996 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- Фехтовальщикаш 1996 шеран аьхкенан Олимпийских ловзаршкахь
- Фехтовальщикаш 2000 шеран аьхкенан Олимпийских ловзаршкахь
- Фехтовальщикаш 2004 шеран аьхкенан Олимпийских ловзаршкахь
- Москохан гӀалин хьехархойн университетан арахецархой