Азербайджан

40°06′ къ. ш. 47°19′ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀара хӀокху агӀонан тишйелла верси йу, Ӏалашйина Саид Мисарбиев (дийцар | къинхьегам) декъашхочо (2019, 24 октябрь, 20:11). Иза баккъалла а къаьсташ хила мега карара версица.
Азербайджанийн Республика
азерб. Azərbaycan Respublikası
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «Odlar Yurdu
(ЦIершийн Пачхьалкх)»
Азербайджанийн Республикан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Официалан мотт Азербайджанийн[1]
Коьрта гӀала Баку
Урхаллин тайпа Президентан республика[2]
Президент
Премьер-министр
Ильхам Алиев
Артур Расизаде
Пачхь. дин Светски пачхьалкх
Латта
 • Шадерг 86 600 км² (112-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 1,6 %
Бахархой
 • Мах хадор (2013) 9 590 159[3][4] стаг
 • Ларар 91 стаг
ДЧС (НЭТ)
 • Шадерг (2012) 98,776 млрд.[5] долл.
 • ХӀораннан а сина 10 624[5] долл.
Бахархойн цӀерш азербайджанаш
Ахча Азербайджанан манат
(AZN, код 944)
Интернет-домен .az
Код ISO AZ
Код МОК AZE
Телефонан код +994
Сахьтан аса Ӏай +4, аьхккий +5
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d][6]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Азербайджа́н (азерб. Azərbaycan), официалан цIе — Азербайджа́нан Респу́блика[1] (азерб. Azərbaycan Respublikası) — пачхьалкх лаьтта Чоьхьарчу Кавказан малхбален декъехь Каспий-хӀордан йисттехь[* 1], юкъайогIу Хьалхарчу Азин а, Гергарчу Малхбален а, ткъа иштта, цхьацца хьосташца, цхьана декъехь Малхбале Европан а[* 2]. Бахархой, 2013 шеран январехь мах хадорца, 9 миллион сов стаг ву[12], мехкан майда — 86 600 км²[13], оцу шинне а гайтамца иза уггаре йоккха пачхьалк ю Чоьхьарчу Кавказан. Дезткъе хьалхарчу меттигехь ю дуьненахь бахархойн барамца, бIе шийтталгIа меттигехь ю мехкан майданца.

Коьрта шахьар — Бакох. Пачхьалкхан мотт — азербайджанийн. Ю Дуьненан хIуман пачхьалкх[14].

Азербайджан — дуккха а къаьмнаш долуш, дуккха а конфессеш йолуш мохк бу[15][16][17]. Дукхаха болу республикан бахархой ислам (алсама шиIийн новкъа) дин лелош бу, кIезиг бу керсталла а, яхIудийн дин лелошберш.

Унитаран пачхьалкх[14], президентан республика. 2003 шеран октябрехь президентан дарж дIалаьцна Алиев Ильхама. Екъало 66 кIоштан, 11 республикан куьйгакIелара гIалан, 1 автономин республикан — Нахичеванан Автономин Республикан. Азербайджанан мехкан цхьа дакъа доладеш ду къобалъянза йолу Ломан-Карабахан Республико, дакъа — Эрмалойчоьно (эксклаваш Кярки, Бархударлы, Софулу, Лакхара Аскипара). Азербайджано доладеш ду Эрмалойчоьнан цхьа дакъа (анклав Арцвашен).

Малхбалехьара бердашца Каспий-хӀордан хиш ду. Латта тIехула доза ду Российца, Гуьржийчоьнца, Эрмалойчоьнца, Иранца. Нахичеванан Автономин Республикан — Азербайджанан эксклаван — доза ду къилбаседа-малхбалехь Эрмалойчоьнца, къилба-малхбузехь Иранца, къилбаседа-малхбузехь Туркойчоьца.

Кхуьуш экономика йолу аграрно-индустриалан мохк бу. Иэца таро йолу паритетан ДЧС барам 2012 шарахь хилира 98,776 миллиард АЦШ доллар (10 624 АЦШ доллар цхьаьна синна)[5]. Ахча — азербайджанийн манат.

Мехкан маьршо дIакхайкхийна 1918 шеран 28 майхь. 1918 шарахь кхайкхийна Азербайджанан Демократин Республиках олу дуьххьарлера демократин дуьненан хIуман республика бусалба дуьненан юкъахь[18][19][20][21][22].

Этимологи

Топоним «Азербайджан» схьаяьлла парфянийн а, юккъерагIажарийн[23] а ширачу пачхьалкхан Атропатенан я Мидийн Атропатенан Атурпатакан (Āturpātakān) цIарах. Мидийн Атропатена (гӀаж. Мад-и-Атурпаткан, Миди Атропатан), я деккъа Атропатена, Искандар Македонийн ГIажарийчу ваханчул тIаьхьа ала долийна Мидийн къилбаседа декъах, цигахь шен тIаьххьара ахеменидийн паччахьалла Мидийн Атропат (Атурпатак) кхоьллина[23]. Антикан авторийн кхин цIе ю — Жима Миди. «Атурпаткан» цIерах юккъерагIажарийн «Адербадган» (гӀаж. Âzarâbâdagân) гIоьнца схьаяьлла таханлера цIе Азербайджан[24][25].

1918 шо кхачале Азербайджан лорура уггаре хьалха Аракс хин къилбехьара Атропатенан хилла Урми Iоман гуонахьара мохк, хIетте а цхьацца историн муьрашкахь «Азербайджан» цIе яржара Араксан къилбаседан мехкашна а.

Официалан пачхьалкхан цIе «Азербайджан» дуьххьара лело йолийна 1918 шеран 28 майхь года[26] дуьйна, Азербайджанийн Демократийн Республика кхоьллинчул тIаьхьа. И. М. Дьяконовс а, В. Ф. Минорскийс а билгалдоккхура, XX бIешо доладалале и термин лелайора тюркийн мотт буьйцучу иранан къилбаседа-малхбузан регион билгалйоккхуш[27][28]. Пачхьалкхан иштта цIе харжаран бахьна, В. В. Бартольдан а, И. М. Дьяконовн а, В. А. Шнирельманан а хетарехь ю керла пачхьалкх кхуллучеран Иранан Азербайджанан[26][27][29] догазалла хилар ду.

Пачхьалкхан сийлаллаш

Азербайджанан Республикан карта шен официалан пачхьалкхан дозанца

(Азербайджанан Конституцин статья)

  • I. Азербайджанан Республикан пачхьалкхан сийлаллаш ю Азербайджанан Республикан Пачхьалкхан байракх, Азербайджанан Республикан Пачхьалкхан хIост, Азербайджанан Республикан Пачхьалкхан шатлакхан илли.
  • II. Азербайджанан Республикан Пачхьалкхан байракх лаьтта кхаа цхьатерра шуьйра йолу анасизан асанех. Лакхара аса айсина, юккъера аса — цIиен, лахара аса — баьццара беса, цIиечу асан юккъехула байракхан хIора агIора биллина кIайн беса ахбутт бархIсенан седанца. Байракхан шоралла йохаллел шозза кIезиг ю.
  • III. Азербайджанан Республикан Пачхьалкхан байракхан, Азербайджанан Республикан Пачхьалкхан хIостан суьрташ, Азербайджанан Республикан Пачхьалкхан шатлакхан иллин музыка а, текст а билгалйоккху Азербайджанан Республикан Конституцин законо.

Пачхьалкхан байракх

Пачхьалкхан байракхан майда (Бакох).Суьртан тIиера Байракхан гIаж Гиннессан рекордийн жайнин чуяьккхина дуьненахь уггаре лекха хиларна

1918 шеран 9 ноябрехь Азербайджанан Демократин Республикан правительствос дуьххьала тIеэцна кхаа бесара пачхьалкхан байракхах болу сацам. 1920 шарахь 28 апрелехь АДР йоьжначул тIаьхьа, Азербайджанехь хIоттийначу Iедало и байракх дIатеттира.

1990 шеран 17 ноябрехь кхаа бесара байракх юха а метахIоттийра Нахчеванан Автономин Республикан Лакхарчу Меджлисан сацамца, цунах хилира Автономин Республикан пачхьалкхан байракх. Оцу гуламехь Нахчеванан АР Лакхара Меджлисо дехар дира Азербайджанан ССР Лакхарчу Совете кхаа бесара байракх Азербайджанан пачхьалкхан сийлалла йина къобалъяр.


1991 шеран 5 февралехь Азербайджанан Республикан Лакхарчу Совето къастийра Нахчеванан АР Лакхара Меджлисан дехар, тIеийцира кхаа бесара байракхах Азербайджанан байракх ярах болу сацам. АгIонийн юкъаметтиган барам — 1:2. Байракх кхаа бесара кIади ду (Кхоъколор). Асанаш (айсина, баьццара, цIиен бесаш) ю анасизаца. Байракхан юккъехь цIиечу асан тIехь лаьтта бархIсен седа а, ахбутт а. Ший а кIайн басахь ду. Байракх тIиера айсина бос ламастан бос бу тюркийн къаьмнийн, символ йо — тюркалла, цIечо — прогресс, баьццарачо — ислам. Ахбетто гойту ислам динехь хилар, бархIсенан седано тюркийн къаьмнийн бархI га гойту[30][31].

Пачхьалкхан шатлакхан илли

Азербайджанан шатлакхан илли ю «Азербайджанан марш!» (азерб. «Azərbaycan Marşı!» («Азәрбајҹан Маршы»)). Шатлакхан иллин мелоди язйина 1918 шарахь азербайджанийн композиторо Гаджибеков Узеира, дешнаш поэто Джавад Ахьмада (азерб. Əhməd Cavad[az]). Иза советийн Азербайджанал хьалхара официалан шатлакхан илли яра. Шатлакхан илли официалан тIеэцна (1918 шарахь чIагI а йина, 1920 шарахь дIа а яьккхинчул тIехьа) 1991 шарахь Азербайджан маьрша яьлчи.

Пачхьалкхан хIост

ХIостан юккъехь го цIе, цуо гойту «ЦIерийн мохк». ХIост тIехь лелийна басарш, ду Азербайджанан къоман байракхан басарш. БарIсенан седано гойту тюркийн къаьмнийн 8 га. Лахахь лаьтта кIен кенийн цIов а, нажан геннаш. Кенийн цIевно гойту бахам, латан хьоналла. Нажан геннаш гойту мехкан ширалла.

Физика-географин амал

Географин меттиг

Спутникан тIиера даьккхина Азербайджанан сурт (аьрру агIора) а, Азербайджанан физикан карта а

Дукхаха болчу советийн, российн, малхбузаевропан авторитет йолчу хьосташца Азербайджанан мохк, Кавказан муьлханиг санна, юкъахь лору Хьалхара Азин[32][33][34] цхьайолчу американ хьосташ юкъатуху Азербайджан Гергара Малхбален регионан, оццу хьосташа лору, Европан а, Азин а юкъара доза чекхдолу Йоккхачу Кавказан дукъ тIехула, ткъа масех Азербайджанан кIошт юкъатуху Малхбален Европан[35][36][37][38].

Азербайджанан ах мохк гергга дIалаьцна лаьмнаша. Къилбаседехь — Кавказан дукъ, юккъерачу декъехь — Куран-Араксан акъари, къилба-малхбалехь — Талышийн лаьмнаш а, Ленкоранан акъари а, малхбузехь — Эрмалойн акъари[39].

Азербайджанан майда — уггаре йоккха ю Чоьхьара Кавказан республикех (официалан дозанашца йолу майда — 86,6 эз. кв. км[40], фактаца доладийриг — 75 эз. кв. км гергга). Азербайджанан къилбаседера къилбехьа йолу йохрлла — 400 км гергга ю, ткъа малхбузера малхбалехьа — 500 км гергга.

Йисттера меттигаш: къилбаседа — Гутон лам (3648 м) (41°54' къ.-с. ш), къилба — Астара эрк (38°25' къ.-с. ш), малхбален — Нефт-Дашлари (50°49' м.-бал. д.), малхбузан — Джандаргель Iам (44°46' м.-бал. д.).

Азербайджанан климатан зонаш тайп-тайпана ю — Ленкоранан акъарин а, Талышан а йовхачу, тIуьначу субтропикашна тIиера Кавказан лайн баххьашка кхаччалц. Дукха шортачу эркийн йоккха энергетикан потенциал ю, цуо до дика хьал до гидростанцеш хи лоттийлашца а, хи дилларан системаш а яран. Коьрта эрк — Кура. Хи дилларан татолаш: Лакха Карабахан, Лакха Ширванан, кхин а, ладаме ю Мингечауран хи лоттийла.

Латташ дукхаха дерг сиралатта ду, лаьмнашкахь – боьра, боьмаша ломан хьаннийн а, ломан-байн а; Ленкоранан акъари — можа латта. Екъачу аренийн, ахгIум-аренийн, лекхачу лаьмнийн бай-аренийн а ораматаш; лаьмнашкахь шуьйра гIа долу хьаннаш.

Iаламан бахамашна юкъахь башха меттиг дIалоцу Азербайджанан чIогIа хаза климатан а, дарбане хин курорташа.

Климат

Кёппенан климатийн классификацица, Азербайджанехь хаало 9 тайпана климат (ерриг 11 тайпана климат)[41]. Июлан температурийн юккъера барам +5°C лекха лаьмнашкахь, +25—27 °C кхаччалц акъарийн кIошташкахь (максимум +32-35 °C, амма наггахь кхочу +40 °C). Январан юккъера температураш −10 °C лекха лаьмнашкахь, +4 °C акъарийн кIошташкахь. Атмосферан йочанаш 200 мм/шарахь Кавказан кIажошкахь 1200—1700 мм/шарахь Ленкоранан акъарин тIехь[42].

Пайден маьIданаш

Азербайджанан хаттан тIаплаьмнаш

Азербайджанан лаьттан кийрахь дум ехала пайден маьIданаш: мехкдаьтта, Iаламан газ, алуниташ[43], цIеста, деший, молибден, кхин а. Махкахь кхин а ю кечъяран промышленностан тайп-тайпана аьргаллаш: мармар, каолин, туф, доломит[44].

Каспи-хIордан Iаламан ресурсашца чIогIа йихкина ю халкъан бахаман отраслаш, мехкдаьттадаккхар, чIеран промышленность, хIордан транспорт, кеманаш тодар.

Флора

Республикан мохк токхе бу алсама а, наггахь а бен доцучу флорица. Буьстича а боккха боцучу махкахь хаало дуккха а дуьненахь яьржина ораматийн тайпанаш. Масала: аьчган дитт (дамир агач), иберийн наж, албIарагIан наж, хьурма, баьццара колла, пха, къахк, бага, талл, бӀалланг, миндаль, хьуьнан кхор, Iаж, мангал-комаран а, цIиен комаран а коьллаш. Яккхийчу гIаланашкахь хаало Японан софора, кIайн а, ровзанан а олеандраш, жасминан коьллаш, ткъа Ленкоранехь кхиайо альбици — кхоьшан доьзалера декоративан орамат. Азербайджанехь кхуьу 450 гергга тайпана лакхара ораматаш цхьаьнатоьхна 125 тобане. Азербайджанан махкахь долу ораматийн тайпанаш доккхаха долу дакъа ду ерриг Кавказехь кхуьу ораматийн тайпанийн. Кавказехь а, кхечу регионашкахь а шуьйра даьржина ораматийн тайпанаш доцуш, азербайджанан флорехь ду тоъал барамехь деккъа Азербайджанехь бен ца кхуьу ораматаш, уьш 240 гергга эндемикийн тайпанаш[45] ду.

Фауна

Скопа Азербайджанехь

Азербайджан лаьтта масех зоогеографин асанийн дозанехь. Пачхьалкхан махкахь деха луларчу Иранан, Юккъера Азин, Лаьттаюккъера хӀордан мехкашкара цхьадолу дийнаташ. Ӏаламан хьал тайп-тайпана хилар бахьнехь, Азербайджанийн Республикан мехкара дийнаташ лаьтта 12 эзар гергга тайпанах, царна юкъахь 623 тайпана букъа даьӀахк ерш (90 сов декха дийнаташ, 350 сов тайпа олхазарш, 40 тайпана текхаргаш, 80 сов тайпана чӀерий, дисинарш — гоьргабатъерш а, лаьтта-хин дийнаташ)[42]. Акъарин тӀехь даьржина текхаргаш, пхьагалш, берзлой, цхьогалш, джейран. Куран а, Араксан а тогӀенаш чохь еха налаш, лунаш, даӀамаш, чагӀалкхаш. Лаьмнашкахь деха сеш, дегӀастанан масар, масар, безоаран бож, лу, ча, цӀокъ, хьуьнан акха цициг, хаало дикобраз, муфлон, леопард. Чуялийна иштта дийнаташ: тӀеданаш долу сай, сайгак, акха жӀаьла, нутри, скунс. ЧӀогӀа бес-бесара ду олхазарш: акха боргӀалаш, мошанаш, акха котамаш, кхин а. Дукхаха долу хин олхазарш Ӏа даккха догӀу (бедаш, гӀезаш, гӀургӀаз, чӀерийлоьцурш, пеликанаш, фламинго, бакланаш, кхин а).

Азербайджанан ЦӀиечу жайнин чудаьхна 108 тайпана дийнаташ, царна юкъахь 14 тайпана декха дийнаташ, 36 тайпана олхазарш, 13 тайпана лаьтта-хин дийнаташ а, текхаргаш а, 5 тайпана чӀерий, 40 тайпана сагалматаш[42].

Экологин хьал

Апшеронан ахгIайрен тIиера Антропогенан пейзаж

Апшеронан ахгIайре а, кхин бердашца йолу кIошташ а ю экологин агIора уггаре а ирча хьал долчех цхьаъ дуьнан кIошташна юкъахь, хIаваъ, хи, латта чIогIа бехдар бахьнехь. Латта а, лаьттан бухара хи а бехдар доьзна ду, бамба кхиош ДДТ а, токсикан дефолианташ лелаярца. ХIаваъ бехдар доьзна ду промышленностан нехаш аракхийсарца Сумгаитехь а, Бакохахь а, кхечу гIаланашкахь а. ХIорд бехбаран ладаме хьост ду мехкадаьттадаккхаран а, мехкдаьттатодаран а промышленность. Мехкан мехала флора а, фауна а чIогIа Iаткъам беш ю адамийн агIора. Хьаннаш гIуочу хьолехь ю хьекхарний, даьхний дажорний. Хьаннаш хьоькхуш юьртабахаман латташ шордо.

Азербайджанехь беш бу Iалам лардаран болх. Iаламан хьаннийн цхьацца дакъош, реликтан флора, наггахь бен доцу дийнаташ лардина хIаллак ца хилийта Iалашо йолуш 9 къоман парк, 11 заповедник, 24 заказник[46][47][48] йина. Башха лардеш ду сенаш, тIеданаш долу сенаш, масар, джейран, безоаран бож, муфлон, лу, сайгак.

Экологин бала

ТIаьхьарчу бIешарахь экономикан областашкара адаман гIуллакхаш сиха кхиаран жамI тIех сов Iаламан бахам лелор ду[49]. Азербайджанан Республикан коьрта экологин баланаш:

  • лелийна хишца хин ресурсаш бехъяр, царна юкъахь дозанал арахьа долурш а;
  • нах бехачу меттигашкахь дика хи латторан лахара тIегIа, хи доьду биргIанаш йолуш чур ахи дар, боьха хи дIадахийтаран асанаш ца тоар;
  • атмосферан хIаваъ промышленностан предприятеш а, транспортан гIирсаш а бехдар;
  • лаьттан хьонал йохар (лаьттан эрози, кӀайн латта);
  • онда промышленностан а, бахаман а нехаш дIаяхаран процесса урхалла ца хилар, царна юкъахь кхераме нехаш а;
  • биокепаш лагIъялар;
  • хьаннийн ресурсаш а, фауна а лагIъялар, царна юкъахь чIерийн ресурсаш.

2009 шарахь махкахь болх беш ю Азербайджанан пачхьалкхан альтернативан а, карладовлу хьостийн а энергин агенталла.

Iалашбен мехкаш

Iаламан иэсаш

Азербайджан юкъайоьду субтропикан зонан, оцу зонехь хила тарло 11 тайпана климатах, 9 ю Азербайджанан махкахь. Иштта Азербайджанан махкахь бу 800 гергга сацкъаран тIаплам, цара Азербайджан дуьненахь хьалхара йо сацкъаран тIаплома барамца[50].

Азербайджанан заповедникаш

Азербайджанан заповедникаш — Ӏилман-талламан урхаллин статус йолу мехкаш бу, кхоьллина нилха Ӏаламан комплексаш дуьххьара хиллачу кепехь йитар, Ӏаламан процессаш а, хиламаш а Ӏамор Ӏалашо йолуш. Уггаре яккхий заповедникаш: Кызылагачан, Закаталин, Ширванан.

Къоман паркаш

Къоман паркаш — Ӏилман-талламан урхаллин Ӏалам лардаран статус ю, ехкина Ӏалам лардархьама, царна чохь ю башха экологин, историн, эстетикан, кхин ладаме Ӏаламан комплексаш.

Административан екъаялар

Азербайджанан кӀошташ

Азербайджанан мохк бекъало 66 кӀоштан (дукх. т. азерб. rayonlar, цхь. т. азерб. rayon), республикан куьйгакӀелара 11 гӀалин (дукх. т. азерб. şəhərlər, цхь. т. азерб. şəhər), 1 автономин республикан (азерб. muxtar respublika) — Нахичеванан Автономин Республика.

Нахичеванан Автономин Республика

Нахичеванан Автономин Республика — Азербайджанан Республикан юкъара автономин кхоллар (эксклав). Азербайджанан а, Нахичеванан Автономин Республикан а Конституцица тӀаьхьарниг Азербайджанан юкъара автономин пачхьалкх ю. Автономин статус нисйо Азербайджанан а, Нахичеванан Автономин Республикан а Конституцица, ткъа иштта 1921 шеран Москохан а, Карсан а барташца.

Эксклаван доза ду Туркойчоьнца, Иранца, Эрмалойчоьнца. Карабахан дов доладелчахьана, таханлера де кхаччалц Эрмалойчоьнца доза къевлина ду. Азербайджанан кхечу мехкашца уьйр латтайо коьртаниг Нахичеванан аэропортехула, иштта лелайо автомобилан уьйр Иран[51] чухула.

Истори

Кеп:Коьрта яззам

Исторел хьалхара мур

Петроглифаш Гобустанехь

Кеп:Коьрта яззам Беркате дика Ӏаламан-географин хьолаша адам охьахаийра кхуза ширачу заманахь дуьйна. Уггаре дукха шира нах Ӏийна меттигаш карийна Карабахехь, Казахехь, Нахичеванехь. Карабахехь мехала хӀуманаш карийна Азых Таглар, Зар хьехаш чохь. Казахийн кӀоштарчу Дашсалахлы а, Дамджылы а хьехаш чохь, ткъа кхин а Шишгузей, Кекилли адам лаьттина меттигашкахь карийна белхан гӀирс а, кхин гӀирсах йисина хӀумнаш а. ТӀулган бӀешеран адам лаьттина меттигаш карийна иштта Талышийн зонехь.

Шира истори

Кавказан Албанин мохк 387 шо кхаччалц, дуьненан Ӏилманехь юкъара тӀеэцна[52][53][54][55][56] концепцица

Ширачу бӀешерашкахь Азербайджанан республикан боккхаха болчу махкахь баьхна кавказан албанхой[57], цара буьйцура лаьзгийн геннан меттанаш[58], Нахичеванан махкахь гӀажарийн мотт буьйцуш хилла мидийхой[59]. Антропологин хаамашца кавказан албанхой кавказан тайпана хилла[60]. Азербайджанаш, гӀумкий, ткъа иштта цахураш кавказан расан каспийн тайпана бу[61][62]. Албанхойн классийн юкъаралла ца хӀоьттина, схьагарехь, вайн эрал II бӀешо хьалхачул хьалха. Хьалха, цхьаболчу Ӏилманчашна хетарехь, Мидийн ахеменидгӀеран сатрапан куьйгакӀела бара, АхеменидгӀеран пачхьалкх йоьжначул тӀаьхьа — Атропатенан паччахьийн (коьртаниг Иранан Азербайджанехь, дакъошкахь Азербайджанан махкахь а). Вайн эрал хьалхара II бӀешо долалуш Кура эркан къилбехьара, иза Араксах кхетале болчу Азербайджанан тайп-тайпана албанхойн тайпанаш деха дерриг малхбуза дакъа, схьадаьккхира Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоьно[52]. Вайн эрал хьалхара II бӀешо чекхдолуш[63], ткъа кхечеран ойланца I бӀешеран юккъехь[64] албанские племена создали своё царство[65][66][67][68][69]. I бӀешо долалуш Страбона хоуьйтура, албанхой бекъало 26 тайпана, цара буьйцу шайн меттадекъан мотт, цундела «атта ца бовлу вовшешца гергарлоне», церан юкъара паччахь хӀоьттина дукха хан йоццуш, ткъа хьалха хӀора тайпанан шен паччахь хилла[70].

Алсама лелочу теорица, Куран аьтту берд (Арцах а, Утик а провинцеш) ГӀажарчоьнах йозуш йолчу Эрмалойчоьнера[71] Албанин кхаьчна иза 387 шарахь дуьххьара екъар бахьана долуш.

Кавказан Албанин коьрта шахьран шира Кабалан гӀопийн пенийн саьлнаш, VI бӀешо кхачале

Каспийнйистан кӀоштахь баьржинера юккъерамидийн мотт, хӀинцалера талышийн мотт[72] цунах баьлла лору, оцу муьран Ӏаьрбийн географийн а, историкийн а Истахри, Ибн-Хьаукъаль, Мукъаддаси, кхин болчеран а тешаллашца, албанийн мотт лелош бара коьрта гӀалахь а, Барда гӀалахь а X бӀешарахь, амма цул тӀаьхьа иза хьахош дац[58]. Иштта Ӏаьрбойн хьосташа хоуьйту, Бардал а, Шамкурал а дехьа бехара эрмалой[73]. Албанийн паччахьалла гӀажарийн СасанидгӀеран олаллехь яра 457 шарахь дуьйна, амма тӀаьхьа албанхойн аьтту белира гӀеххьа маьрша бовла. VII бӀешарахь Албани схьаяьккхира Ӏаьрбоша[74]. Этносан агӀора къорза болу аьрру бердан (Куран къилбаседехьара) Албанин бахархой оцу хенахь гӀажарийн мотт бийца буьйлало. Коьртаниг иза догӀу Арран а, Ширван а гӀаланашна, иштта ала долийра IXХ бӀешерашкахь хӀинцалерачу Азербайджанан махкара оцу шинан областех. Юьртарчу бахархоша, схьагарехь, коьртаниг лелийра ехачу хенахь шайн шира меттанаш, хӀинцалерачу ДегӀастан меттанийн гергарчу, угаре хьалха лаьзгийн[58].

Юккъера бӀешераш

Чоьхьара Кавказ XI—XIII бӀешерашкахь

VII бӀешеран юккъехь Кавказан Албанин мехкан тӀелетира Ӏаьрбийн халифатан эскар. Дуьхьало еш гӀаравелира албанхойн баьчча Джеваншир — феодалийн мехкан Гардманан корта, тӀаьха Албанин урхалча хила волу. VIII бӀешо долалуш, халкъан дуьхьало каггийна, Ӏаьрбийн халифато къарбира Албанин мохк, йисина Чоьхьара Кавказ санна. IX бӀешарахь Ӏаьрбашна дуьхьала гӀаттам бо иранийн хуррамиташа, куьйгаллехь хуьлу Бабек. МасӀудица а, Ибн ан-Надиман «Фихристаца» а, уггаре сий долчу хенан Бабекан Ӏедал, даьржира Ардебилан а, Мерендан а къилбехьа, малхбалехьа — Каспий-хӀорд тӀе а, Шемахи, Ширван гӀаланашка кхаччалц, къилбаседехьа — Муганан аренашка а, Аракс эркан бердашка а кхаччалц, малхбузехь Джульфа, Нахичевань, Маранда кӀошташка кхаччалц[75].

Ширваншах Минучихр III Сийлахьверг волуш дина Бакох гӀопан кевнаш

Чоьхьарчу кавказехьаьрбийн халифат малъеллачу хенахь IXX бӀешерашкахь болабелира керла политикан айам: хӀинцалерачу Азербайджанан махкахь йира Ширваншахийн пачхьалкхаш (уьш лаьттира 1538 шо кхаччалц), тӀаьхьа Шеддадидийн (970—1075, Гянджан эмират), дакъошкахь иза дӀалоцура Багратидийн Эрмалойн паччахьалла (885—1045), ткъа иштта иранан исламан Саларидийн (941—981) а, Раввадидийн (981—1054) а некъийн эмираташ. Марталлин Эрмалойн паччахьалла йожарца, хӀинцалерачу Азербайджанан малхбузехь найн маршо Ӏалаш йира эрмалойн Ташир-Дзорагетан паччахьалло а, Хасенан олалло а.

Арранехь а, Ширванехь а Ӏедалехь болчу бусалбачеран куьйгакӀелахь, дика жигара ислам тӀеоьцура меттигерачу бахархоша. Амма XI—XII бӀешераш кхаччалц, Ширванан а, Арранан а бахархойн доккхаха долу декъо ислам тӀе ца оьцура.

XII бӀешо чекхдолуш чӀагӀъеллачу Гуьржийн паччахьаллин эскарша, коьртехь эрмалойн элийн тайпанан ЗакарянгӀар болуш, меттигерачу эрмалойн бахархойн гӀоьнца тюркийн-сельджукийн Ӏедалах мукъайоккху Малхбален Эрмалойчоь. Гуьржийчоьнан сюзеренит йолу ЗакарянгӀеран Эрмалойн олалла (цунна юкъахь ю Куран а, Араксан а шина эркан юкъ — хӀинцалерачу Азербайджанан малхбузе) лаьттира монголаш тӀелатталц XIII бӀешо юккъе даххалц.

Нахичеванера Ильдегизидаш болуш дина Момине хатунан зиярат

1136 шарахь Сельджукийн импери йохарца цхьаьна кхоллаелира Тебризехь, Ардебилехь, Нахичеванехь коьрта шахьар йолу Ильдегизидийн пачхьалкх. Атабекаш цхьаьнатуьйхира шайн Ӏедал кӀела Иранан Азербайджанан коьрта дакъа а, хӀинцалера Азербайджанан республикан дакъош а[76]. 1194 шо кхаччалц лорура малхбуза-сельджукийн (Ӏиракъан) султанийн олаллин бухара[77]. И пачхьалкх юьйжира Хорезмшахан Джалаледдинан куьйгах 1225 шарахь, ткъа иза ша а ижу хилира монголийн, уьш Хорезман, Иранан, Чоьхьара Кавказан тӀелеташ.

1136 шарахь Сельджукийн импери йохарца цхьаьна кхоллаелира Тебризехь, Ардебилехь, Нахичеванехь коьрта шахьар йолу Ильдегизидийн пачхьалкх. Атабекаш цхьаьнатуьйхира шайн Ӏедал кӀела Иранан Азербайджанан коьрта дакъа а, хӀинцалера Азербайджанан республикан дакъош а[78]. 1194 шо кхаччалц лорура малхбуза-сельджукийн (Ӏиракъан) султанийн олаллин бухара[79]. И пачхьалкх юьйжира Хорезмшахан Джалаледдинан куьйгах 1225 шарахь, ткъа иза ша а ижу хилира монголийн, уьш Хорезман, Иранан, Чоьхьара Кавказан тӀелеташ.

Тюркаш-огузаш Малхбален Чоьхьара Кавказе кхачаро тюркаш бира меттигерачу бахархойн ладаме декъах, XI—XIII бӀешерашкахь бух биллира тюркийн мотт буьйцу азербайджанийн къам кхолларан. Азербайджанийн этногенезан процессехь дакъа лецира иранан къаьмнаш. Азербайджанийн этнос кхолларан процесс коьртаниг чекхъелира XV бӀешо чекхдолуш, амма туркошна а, азербайджанашна а юкъара этносан доза ца хӀоьттира XVI бӀешарахь бен, тӀаккха а иза чеккхенца билгала ца делира[80]. Ряд исследователей отмечают принятие шиизма (XVI век) в период правления Сефевидов как окончательный фактор формирования азербайджанского народа[81][82].

XIII бӀешо долалуш регион схьаяьккхира монголаша. XIII бӀешеран юккъехь кхоьллира монголийн ХулагугӀеран импери, иранан Азербайджан цуьнан коьрта база яра, ткъа коьрта шахьар Тебриз яра.

Кара-Коюнлу 1468 шарахь

ХулагугӀеран импери йоьжначул тӀаьхьа церан Дербентера БагӀдаде кхаччалц хиллачу мехкашкахь, кхоллаелира вовшашца дов лелош йолу туркман-огузийн Кара-Коюнлу а, Ак-Коюнлу а пачхьалкхаш. И тайпанийн конфедерацеш аратеттинера Юккъерачу Азера Хьалхарчу Азе монголаша. 1410 шарахь Кара-Коюнлус хӀоттийра шен Ӏедал Чоьхьарчу Кавказан, къилбаседа-малхбузан Иранан, Ӏаьрбийн Ӏиракъан доккхаха долчу декъехь.

XV бӀешеран дохаллехь дикка маьрша яра историн область а, пачхьалкх а Ширван (Бакох лаьтта меттиг). И область а, иштта цуьнан къилбаседа-малхбузера жима Шеки олалла а бехаш мехкаш бара. 1461 шарахь регионан Ӏедал карадахара Ак-Коюнлу. XV бӀешеран юккъехь тӀом болабелира Ак-Коюнлун а, Ӏусманан империн а юкъахь. ГӀоьртира Ӏусманан дуьхьала коалиции ян, цунна юкъахь яра Гуьржийн паччахьалла, Трапезундан импери, Европера пачхьалкхаш тӀехь. Амма 1461 шарахь ӀусмангӀара хӀаллакйира Трапезундан импери, ткъа 1473 шарахь Терджанехь хӀаллакдира Ак-Коюнлун урхалчин Узун-Хьасанан эскарш.

Керла зама

СефевидгӀеран Импери

XV бӀешо чекхдолуш—XVI бӀешо долалуш болабелира керла мур Азербайджанан исторехь. СефевидгӀеран некъех волу шах ИсмаӀил I-чо цхьаьнатуьйхира шен урхаллехь ерриг Чоьхьара Кавказ а, иранан провинци Азербайджан (Аракс эркан къилбехьа) а, ткъа тӀаьхьуо ерриг Иран а. Туркошна дуьхьала ИсмаӀилан бартхой бара Ингалс а, Португали а. Амма 1514 шарахь Чалдыранехь иэшаро, чӀогӀа ницкъ бира цуьнан империн. И тӀемаш бара шиӀизм а, суннизм а байракхашна кӀелахь, историн юкъабахна туркойн-гӀажарий (Ӏусманан-сефевидгӀеран) тӀемаш цӀарца.

XVII—XVIII бӀешерашкахь ломан Карабахан махкахь яра эрмалойн меликаллаш Хамсаш[83][84]. Уьш ехкинера сефевидгӀеран шахийн омарца, эрмалойн феодалийн тайпанийн урхаллехь а яра.

Азербайджанан кӀошташ

Азербайджанан административан екъаялар:
1. Апшеронан кӀошт
2. Агджабедин кӀошт
3. Агдаман кӀошт
4. Агдашан кӀошт
5. Акстафан кӀошт
6. Ахсуйн кӀошт
7. Ширван
8. Астаран кӀошт
9. Баку
10. Белоканан кӀошт
11. Бардан кӀошт
12. Бейлаганан кӀошт
13. Билясуваран кӀошт
14. Джебраилан кӀошт
15. Джалилабадан кӀошт
16. Дашкесанан кӀошт
17. Шабранан кӀошт
18. Физулин кӀошт
19. Кедабекан кӀошт
20. Гянджа
21. Геранбойн кӀошт
22. Геокчайн кӀошт
23. Аджигабулан кӀошт
24. Имишлин кӀошт
25. Исмаиллин кӀошт
26. Кельбаджаран кӀошт
27. Кюрдамиран кӀошт
28. Лачинан кӀошт
29. Ленкоранан кӀошт
30. Ленкорань
31. Лерикан кӀошт
32. Масаллин кӀошт
33. Мингечаур
34. Нафталан
35. Нефтечалан кӀошт
36. Огузан кӀошт
37. Габалин кӀошт
38. Гахан кӀошт
39. Газахан кӀошт
40. Гобустанан кӀошт
41. Губан кӀошт
42. Кубадлин кӀошт
43. Кусаран кӀошт
44. Саатлин кӀошт
45. Сабирабадан кӀошт
46. Шекин кӀошт
47. Шеки
48. Сальянан кӀошт
49. Шемахин кӀошт
50. Шамкиран кӀошт
51. Самухан кӀошт
52. Сиазанан кӀошт
53. Сумгаит
54. Шушан кӀошт
55. Шуша
56. Тертеран кӀошт
57. Товузан кӀошт
58. Уджаран кӀошт
59. Хачмазан кӀошт
60. Ханкенди
61. Ханларан кӀошт
62. Хызынан кӀошт
63. Ходжалин кӀошт
64. Ходжаведан кӀошт
65. Ярдымлин кӀошт
66. Евлахан кӀошт
67. Евлах
68. Зангилан кӀошт
69. Закаталан кӀошт
70. Зардабан кӀошт
КӀоштан цӀе Азербайджанийн маттахь Административан центр Майда Бахархой Чура екъаялар
Апшеронан кӀошт
Abşeron rayonu
Хырдалан
1 546 км²
15 муниципалитеташ
Агдаман кӀошт
Ağdam rayonu
Агдам
1 093,9 км²
14 юьртин муниципалитеташ[85]
Агдашан кӀошт
Ağdaş rayonu
Агдаш
1 023 км²
51 муниципалитет
Агджабедин кӀошт
Ağcabədi rayonu
Агджабеди
1 760 км²
46 муниципалитеташ
Аджикабулан кӀошт
Hacıqabul rayonu
Аджигабул
1 641,4 км²
23 муниципалитета
Акстафан кӀошт
Ağstafa rayonu
Акстафа
1 504 км²
24 муниципалитеташ
Астаран кӀошт
Astara rayonu
Астара
616 км²
15 представительств
и 49 муниципалитеташ
Ахсуйн кӀошт
Ağsu rayonu
Ахсу
1 020 км²
59 муниципалитеташ
Баку
Bakı
2 130 км²
11 кӀошташ
Бардан кӀошт
Bərdə rayonu
Барда
957 км²
110 муниципалитеташ
Бейлаганан кӀошт
Beyləqan rayonu
Бейлаган
1 131 км²
40 муниципалитеташ
Белоканан кӀошт
Balakən rayonu
Белоканы
923 км²
24 муниципалитета
Билясуваран кӀошт
Biləsuvar rayonu
Билясувар
1 358 км²
26 муниципалитеташ
Габалан кӀошт
Qəbələ rayonu
Габала
1 548 км²
55 муниципалитеташ
Геокчайн кӀошт
Göyçay rayonu
Геокчай
736 км²
41 муниципалитет
Геранбойн кӀошт
Goranboy rayonu
Геранбой
1 731 км²
60 муниципалитеташ
Гёйгёлан кӀошт
Göygöl rayonu
Гёйгёль
1 380 км²
30 муниципалитеташ
Гобустанан кӀошт
Qobustan rayonu
Мараза
1 369,4 км²
26 муниципалитеташ
Гянджа
Gəncə
129 км²
2 кӀошта и 1 посёлок
Дашкесанан кӀошт
Daşkəsən rayonu
Дашкесан
1 046,97 км²
32 муниципалитета
Джалилабадан кӀошт
Cəlilabad rayonu
Джалилабад
1 441 км²
119 муниципалитеташ
Джебраилан кӀошт[86]
Cəbrayıl rayonu
Джебраил
1 050 км²
Евлахан кӀошт
Yevlax rayonu
Евлах
1 555 км²
32 муниципалитета
Закаталан кӀошт
Zaqatala rayonu
Закаталы
1 348 км²
31 муниципалитета
Зангеланан кӀошт[86]
Zəngilan rayonu
Зангелан
707 км²
Зердабан кӀошт
Zərdab rayonu
Зердаб
856 км²
41 муниципалитет
Имишлин кӀошт
İmişli rayonu
Имишли
1 826 км²
49 муниципалитеташ
Исмаиллин кӀошт
İsmayıllı rayonu
Исмаиллы
2 074 км²
67 муниципалитеташ
Газахан кӀошт
Qazaxı rayonu
Газах
698 км²
22 муниципалитета
Гахан кӀошт
Qax rayonu
Кахи
1 494 км²
53 муниципалитета
Кедабекан кӀошт
Gədəbəy rayonu
Кедабек
1 229 км²
44 муниципалитета
Кельбаджаран кӀошт[86]
Kəlbəcər rayonu
Кельбаджар
3 050 км²[87]
Кубатлин кӀошт[86]
Qubadlı rayonu
Кубатлы
802 км²
Кубан кӀошт
Quba rayonu
Куба
2 610 км²
101 муниципалитет
Кусаран кӀошт
Qusar rayonu
Кусары
1 542 км²
68 муниципалитеташ
Кюрдамиран кӀошт
Kürdəmir rayonu
Кюрдамир
1 631,5 км²
60 муниципалитеташ
Лачинан кӀошт[86]
Laçın rayonu
Лачин
1 883 км²[88]
Ленкоранан кӀошт
Lənkəran rayonu
Ленкорань
1 539 км²
65 муниципалитеташ
Лерикан кӀошт
Lerik rayonu
Лерик
1 084 км²
99 муниципалитеташ
Масаллин кӀошт
Masallı rayonu
Масаллы
721 км²
106 муниципалитеташ
Нафталан
Naftalan
Нефтечалан кӀошт
Neftçala rayonu
Нефтечала
1 451,7 км²
27 муниципалитеташ
Огузан кӀошт
Oğuz rayonu
Огуз
1 216 км²
31 муниципалитет
Саатлин кӀошт
Saatlı rayonu
Саатлы
1 180,4 км²
44 муниципалитета
Сабирабадан кӀошт
Sabirabad rayonu
Сабирабад
1 469,35 км²
75 муниципалитеташ
Сальянан кӀошт
Salyan rayonu
Сальяны
1 799 км²
45 муниципалитеташ
Самухан кӀошт
Samux rayonu
Самух
1 455 км²
35 муниципалитеташ
Сиазанан кӀошт
Siyəzən rayonu
Сиазань
759 км²
14 муниципалитеташ
Сумгаит
Sumqayıt
143 км²
Товузан кӀошт
Tovuz rayonu
Товуз
1 942 км²
62 муниципалитеташ
Тертеран кӀошт
Tərtər rayonu
Тертер
412 км²[89]
43 муниципалитеташ
Уджаран кӀошт
Ucar rayonu
Уджары
867 км²
29 муниципалитеташ
Физулин кӀошт
Füzuli rayonu
Физули
1 386 км²
18 юьртин муниципалитеташ[85]
Ханкенди
Xankəndi
Хачмазан кӀошт
Xaçmaz rayonu
Хачмас
1 063 км²
70 муниципалитеташ
Ходжавендан кӀошт
Xocavənd rayonu
Ходжавенд
1 458 км²
Ходжалин кӀошт
Xocalı rayonu
Ходжалы
970 км²
Хызин кӀошт
Xızı rayonu
Хызы
1 850 км²
13 муниципалитеташ
Шабранан кӀошт
Şabran rayonu
Шабран
1 739 км²
33 муниципалитета
Шамкиран кӀошт
Şəmkir rayonu
Шамкир
1 956,7 км²
57 муниципалитеташ
Шекин кӀошт
Şəki rayonu
Шеки
2 432,75 км²
66 муниципалитеташ
Шемахин кӀошт
Şamaxı rayonu
Шемахи
1 611 км²
50 муниципалитеташ
Ширван
Şirvan
30 км²
Шушан кӀошт
Şuşa rayonu
Шуша
289 км²
Ярдымлин кӀошт
Yardımlı rayonu
Ярдымлы
667 км²
62 муниципалитета

Хьажа ишта

Билгалдахарш

  1. 1 2 "Конституция Азербайджанской Республики"
  2. Атлас мира. Государства и территории мира. Справочные сведения. — Роскартография, 2010. — С. 14. — ISBN 978-5-85120-295
  3. Census.gov. Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 9 май. Архивйина 2013 шеран 9 майхь
  4. The World Factbook
  5. 1 2 3 Международный Банк, World DataBank: World Development Indicators, версия от 27 ноября 2013 года
  6. http://chartsbin.com/view/edr
  7. Британника
  8. «Западная Азия»
  9. Страны Ближнего Востоке (ЦРУ)
  10. Азербайджан, ЦРУ
  11. National Geographic
  12. Госкомстат Азербайджана. Данные по численности населения страны.
  13. Из которых фактически контролируется только около 75 тыс. км². Де Ваал оценивает контролируемую армянами территорию Азербайджана в 11 797 км² или 13,62 % («Черный Сад». Глава «Приложение», копия), Владимир Ступишин — в менее чем 14 % территории Азербайджана (Статья В. Казимирова «Опиум для своего народа», копия). По официальным азербайджанским данным оккупированная территория составляет 13149 км², то есть 15,2 % территории см. (копия Государственная комиссия Азербайджана по делам военнопленных, заложников и без вести пропавших граждан)
  14. 1 2 Текст Конституции Азербайджанской Республики
  15. Ильхам Алиев: «Азербайджан — это многонациональная и многоконфессиональная страна»
  16. Азербайджан является многонациональным и мультирелигиозным государством — депутат
  17. Азербайджан — многонациональная республика
  18. Kazemzadeh, Firuz. The Struggle for Transcaucasia: 1917–1921. — The New York Philosophical Library, 1951. — P. 124, 222, 229, 269–270. — ISBN 0-8305-0076-6.
  19. Swietochowski, Tadeusz. Russian Azerbaijan, 1905–1920: The Shaping of a National Identity in a Muslim Community. — Cambridge University Press, 2004. — P. 130. — ISBN 0521522455.

    After the proclamation of independence the next step in organizing the world’s first Muslim republic was the choice of a prime-minister.

  20. «Oil for jam and honey». The Sydney Morning Herald
  21. «Politics, ethics and challenges to democracy in 'new independent states'»
  22. «Encyclopedia of world constitutions, Volume 1»
  23. 1 2 Atropates — йаззам бу «Encyclopædia Iranica». M. L. Chaumont
  24. Всемирная история. — Т. 3. — М., 1957. — С. 132.
  25. Атропатена // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  26. 1 2 Кеп:Книга:Шнирельман: Войны памяти
  27. 1 2 The Paths of History — Igor M. Diakonoff, Contributor Geoffery Alan Hosking, Published in the year 1999, Cambridge University Press, pg 100.
  28. Minorsky, V. «Ādharbaydjān (Azarbāydjān).» Encyclopaedia of Islam. Edited by: P. Bearman, Th. Bianquis, C. E. Bosworth, E. van Donzel and W. P. Heinrichs. Brill, 2007.
  29. Бартольд В. В. Сочинения. Том 2/1, с. 703.
  30. DK Publishing, Inc. (COR) Dorling Kindersley. Complete Flags of the World / DK Publishing. — DK Publishing, 2008. — С. 172. — 240 с. — ISBN 9780756641153.

    The eight points on the fl ag’s star stand for the eight groups of Turkic-speaking peoples—the Azeris, Ottomans, Jagatais, Tatars, Kipchaks, Seljuks and Turkomans.

  31. Whitney Smith. Flag Lore Of All Nations. — Millbrook Press, 2001. — С. 13. — 112 с. — ISBN 9780761317531. (ингалс.)
  32. Европа // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  33. Europe(ингалс.) — в энциклопедии Британника
  34. Европа // Словари и энциклопедии на Академике
  35. Севернее Большого Кавказа находятся районы Азербайджана: Шабранский (1739км²), Кусарский (1542км²), Хачмасский (1063км²), Сиазаньский (759км²), Кубинский (2610км²) и северная часть Хызынского района (весь район — 1711км²). Суммарная площадь: 9424км² (с полностью Хызынским районом, частично — около 8600км² или около 10 % от общей площади Азербайджана (86 600км², включая НКР).
  36. Definition of AZERBAIJAN. — «independent country W Asia & SE Europe bordering on Caspian Sea». ТӀекхочу дата: 2012 шеран 18 апрель. Архивйина 2012 шеран 27 майхь
  37. CIA. AZERBAIJAN. — «Southwestern Asia, bordering the Caspian Sea, between Iran and Russia, with a small European portion north of the Caucasus range». ТӀекхочу дата: 2012 шеран 18 апрель.
  38. National Geographic Atlas of the World. — 7th. — Washington, DC : National Geographic, 1999. — ISBN 0-7922-7528-4. «Europe» (pp. 68-9); «Asia» (pp. 90-1): «A commonly accepted division between Asia and Europe … is formed by the Ural Mountains, Ural River, Caspian Sea, Caucasus Mountains, and the Black Sea with its outlets, the Bosporus and Dardanelles.»
  39. Энциклопедия Британника, статья: Armenian Highland:

    Armenian Highland, mountainous region of western Asia. It lies mainly in Turkey, occupies all of Armenia, and includes southern Georgia, western Azerbaijan, and northwestern Iran.

  40. Азербайджан
  41. ГУГК. Атлас Азербайджанской ССР. — Москва, 1979. — С. 16. — 40 с.
  42. 1 2 3 Природа Азербайджана
  43. Каталог Минералов / Алунит
  44. Азербайджан " WWW.OPEN.AZ — открой для себя Азербайджан
  45. ТРУДЫ ПО ПРИКЛАДНОЙ БОТАНИКЕ, ГЕНЕТИКЕ И СЕЛЕКЦИИ, том 172 / канд. биол. наук Е.И. Гаевская. — Санкт-Петербург: ВСЕРОССИЙСКИЙ НАУЧНО-ИССЛЕДОВАТЕЛЬСКИЙ ИНСТИТУТ РАСТЕНИЕВОДСТВА имени Н.И. ВАВИЛОВА (ВИР), 2013. — С. 149.
  46. Список национальных парков на сайте Министерства экологии Азербайджана
  47. Список заповедников на сайте Министерства экологии Азербайджана
  48. Список заказников на сайте Министерства экологии Азербайджана
  49. Министерство Культуры и Туризма Азербайджанской Республики
  50. Что такое грязевые вулканы?
  51. Впервые в Азербайджане начал действовать автобусный маршрут Баку-Нахичевань(йоьхна хьажорг — истори). // МТРК «Мир»
  52. 1 2 А. П. Новосельцев. К вопросу о политической границе Армении и Кавказской Албании в античный период // Кавказ и Византия : Сб. — Ер.: Наука, 1979. — № I. — С. 10—18.
  53. Юшков С. В. К вопросу о границах древней Албании // «Исторические записки» — М., 1937. — № I. — С. 129−148.
  54. Paulys Real-Encyclopadie der Classishenen altertums nissenshaft. Erster Band. Stuttgart 1894. p. 1303
  55. Markwart J. Skizzen zur Historischen Topographie und Geschichte von Kaukasten, Handes Amsorya — Wien, 1927. — № 11−12;
    Marquart J. Eranlahr nach der Geogrphle des Ps.Moses Xorenac’i. // Abhandlungen der koniglichen Geselsch. der Wissenschaften zu Gottingen. Philologisch-hisiorische Klasse. Neue Folge B.ffl, № 2. — Berlin, 1901. — S. 358.
  56. Минорский В. Ф. История Ширвана и ал-Баба
  57. «Очерки по истории и культуре Кавказской Албании IV в. до н. э. — VII в. н. э.», К. В. Тревер, 1959 г.
  58. 1 2 3 История Востока. В 6 т. Т. 2. Восток в средние века. Глава I. — М.: «Восточная литература», 2002. — ISBN 5-02-017711-3. «Что касается сельского населения, то оно, по-видимому, в основном сохраняло ещё долгое время свои старые языки, родственные современным дагестанским, прежде всего лезгинскому»
  59. Дьяконов. «Предыстория армянского народа». Ереван. Издательство АН Армянской ССР, 1968. прим. 133
  60. Институт истории, языка и литературы им. Г. Цадасы. История Дагестана. — Наука", 1967, 2009. — С. Глава V. § 1."Территория и население" 105-107.

  61. В.П. Алексеев. Данные антропологии к этногенезу тюркских народов(йоьхна хьажорг — истори). imp.rudn.ru.
  62. Институт этнографии имени Н. Н. Миклухо-Маклая. Народы Кавказа. — М.: Изд-во Академии наук СССР, 1960. — Т. 1. — С. 29.

  63. Статья о Кавказской Албании в Иранике

    During the Hellenistic period they joined with other neighboring tribes to form a unified state under a single ruler (Strabo 9.7.6; cf. below). It has been supposed that the unification took place towards the end of the 2nd century B.C.

  64. Всемирная история, М., 1956, т.2, стр. 417
  65. Encyclopedia Iranica. M. L. Chaumont, Albania. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 18 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2007 шеран 10 мартехь
  66. Lou Giaffo, Albanian Amalgamation: A Story of Albania And the Albanians, Their Mysterious Origins, Caucasin or Llyrian, Xlibris Corporation, 2005, с. 137
  67. Paulys Real-Encyclopadie der Classishenen altertums nissenshaft. Erster Band. Stuttgart, 1894. p. 1303
  68. Encyclopedia Iranica, Armenia and Iran. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 18 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 21 январехь
  69. История древнего мира. Т. 3. М., 1989, стр. 284
  70. Страбон, География, XI, IV, 6
  71. Всемирная история. Энциклопедия. Том 3, гл. VIII: «Внутренний строй стран Закавказья оставался без изменения до середины V в., несмотря на то, что в результате договора 387 г. Армения оказалась разделённой между Ираном и Римом, Лазика была признана сферой влияния Рима, а Картли и Албания должны были подчиниться Ирану.»
  72. История древнего мира. Т.3. М., 1989, стр. 287

  73. КАРАУЛОВ Н. А. Сведения арабских писателей X и XI веков по Р. Хр. о Кавказе, Армении и Адербейджане
  74. История древнего мира. Т. 3. М., 1989, стр. 288
  75. Ḡ. -Ḥ. Yūsofī. BĀBAK ḴORRAMI (en) // Encyclopædia Iranica. — 1988. — Vol. III. — P. 299—306.
  76. Luther, K. «Atabakan-e Adarbayjan», Encyclopedia Iranica, p. 890—891. Кху чуьра архивйина оригиналан 2007 шеран 16 октябрехь
  77. http://gumilevica.kulichki.net/HE2/he2307.htm Некогда обширная Сельджукская держава распалась на три крупные части: Хорасанский (Восточносельджукский), Иракский (Западносельджукский) и Румский (Малоазиатский) султанаты.
  78. Luther, K. «Atabakan-e Adarbayjan», Encyclopedia Iranica, p. 890—891. Кху чуьра архивйина оригиналан 2007 шеран 16 октябрехь
  79. http://gumilevica.kulichki.net/HE2/he2307.htm Некогда обширная Сельджукская держава распалась на три крупные части: Хорасанский (Восточносельджукский), Иракский (Западносельджукский) и Румский (Малоазиатский) султанаты.
  80. История Востока. В 6 т. Т. 2. Восток в средние века. М., «Восточная литература», 2002.
  81. XAVIER DE PLANHOL. IRAN I. LANDS OF IRANn. Encyclopædia Iranica.

  82. Olivier Roy. The new Central Asia: the creation of nations. — I.B.Tauris, 2000. — С. 6. — ISBN 1860642780, 9781860642784.

  83. Азербайджан — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. :

  84. Cyril Toumanoff. Armenia and Georgia // The Cambridge Medieval History. — Cambridge, 1966. — Т. IV: The Byzantine Empire, part I chapter XIV. — С. 593—637.:

  85. 1 2 Часть кӀошта контролируется непризнанной Нагорно-Карабахской Республикой
  86. 1 2 3 4 5 кӀошт контролируется непризнанной Нагорно-Карабахской Республикой
  87. "Kəlbəcər rayonu". Государственный комитет по статистике Азербайджанской Республики.
  88. "Краткая история Лачинского кӀошта". Генеральное консульство Азербайджана в Санкт-Петербурге.
  89. Погода в Тертере, прогноз погоды на завтра в Тертере и Тертерском районе

Хьажоргаш

Кеп:Европан пачхьалкхаш


Цитатийн гӀалат: Тобан «*» йолуш йолу тегашца <ref> йогӀуш йолу тег <references group="*"/> ца карийна