Азербайджанан Республикин хӀост

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Азербайджанан хӀост тӀера хьажжина кхуза)
Азербайджанан Республикин хӀост
Турс Малхбален турс
Турс латториг Ножан геннех а, кӀен кенех а дуьйцина Ӏад
Кхин элементаш Турс тӀаьхь Азербайджанан Пачхьалкхан байракхан беснашна тӀаьхь бу бархӀ са болу седа, цунна юккъехь йогу цӀе
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Азербайджанан Республикин хӀост (азерб. Azərbaycan Respublikasının Dövlət gerbi) — Азербайджанан Республикин официалан пачхьалкхан символех цхьаъ (байракхца а, шатлакхан иллица а цхьаьна).[1] Азербайджанан Республикин пачхьалкхан х\ост азербайджанийн пачхьалкхан маршонан символ ю.[2]

Йовзийтар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Пачхьалкхан эмблемаш турс тӀаьхь гайтаран практика яьржина ю дуьненан геральдин говзаллехь. Турс леладо адамаша эзарнаш шерашкахь, ша ларвархьама, ткъа иштта къоман символаш гайтархьама а. Гуш ду, иза малхбален мехкашкахь къоман тӀеман гӀирсех ладамечех цхьаъ хилар, доьналлин символ хилар. Малхбузах къаьсташ, малхбален турс гоьрга ду. Пачхьалкхан хӀост оцу турс тӀаьхь йилларо, Азербайджан малхбален цивилизацин йукъара хиларан, тешалла до. Турсан юккъера бархӀ са болу седа маьлхан символ ю. Малх (ткъа иштта Бутт) - иза «гуттаренна долу дахар» ду дуьненан геральдин говзаллехь. Малх гайтина кӀайн басахь, иза «паргӀато а, машар а» бохург ду.[2] [3]

ХӀостан юккъехь гайтина цӀе, цуо хоуьйту «ЦӀерийн мохк» хилар. ХӀост тӀаьхь лелийна беснаш ду Азербайджанан Республикин байракхан беснаш. Лахахь бу кӀен кенех а, ножан геннех а бина кочар. Кенийн кочар бахаман символ ю. Ножан геннаш ницкъан а, сийлаллин а символ ю[4].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. http://files.preslib.az/projects/remz/pdf_ru/remz_gerb.pdf
  2. 1 2 http://files.preslib.az/projects/remz/pdf/remz_gerb.pdf
  3. Архивированная копия(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 5 майхь. Теллина 2018 шеран 8 февралехь.
  4. Государственный герб Азербайджанской республики Архивйина 2015-02-04 — Wayback MachineError in Webarchive template: Empty url.