Азербайджанан техникин университет

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Азербайджанан техникин университет
(АзТУ)
Дацдар АзТУ
Кхоьллина шо 1950 шо
Студенташ 10.000
Лаьтта меттиг Бакох, АзербайджанFlag of Azerbaijan.svg Азербайджан
Юридически адрес Хьусейн Джавидан проспект, 25. Индекс: AZ 1148
Сайт www.aztu.edu.az

Азербайджанан техникин университет (азерб. Azərbaycan Texniki Universiteti) — Азербайджанехь лакхара техникин пачхьалкхан дешаран меттиг.

Университет болх беш ю 1950 шарахь дуьйна, ткъа хӀинца ю мехкан уггаре коьртачу лакхарчу дешаран меттигех цхьаъ.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

1920 шеран 14 ноябрехь советийн правительство сацам бира, хьалха хилла техникин ишкол «Бакохан политехникум» дакъовлар ю, хуьйцур ю Бакохан политехникин институтца. Керлачу ишколехь коьрта тидам тӀебохуьйтура инженераш кечбарна, масала, юьртан бахаман, гражданийн гӀишлошъяран, электромеханикин, экономикин, мехкдаьттин. 1923 шарахь ишколо цӀе хийцира Азербайджанан политехникин институт аьлла. 1929 шеран мартехь Азербайджанан Коммунистийн партис сацам бира, ишкол йоькъур ю кхаа вовшех йозуш йоцучу ишколаца, цара Ӏамор ду юьртан бахамах, экономикех, мехкдаьттах лаьцна дерг.

Амма мехкдаьттал арахьара кхечу областашкахь инженераш иэшарна шоръян йийзира ишколан дешаран план, ишколо 1934 шарахь юха а хийцира цӀе, хӀинца цунах хилира Азербайджанан промышленностан институт (АзПИ), иза гражданийн гӀишлошъярца цхьаьнатоьхна йолун дела. Дуьненан шолгӀачу тӀамо ясакх йиллинера Советийн Союзан, амма АзПИ санна ишколаш йиллина хила гӀертара.