Азербайджанан пачхьалкхан мехкдаьттан а, промышленностан а университет

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Азербайджанан пачхьалкхан мехкдаьттан а, промышленностан а университет
Az..jpg
Халкъашна юккъера цӀе Azerbaijan State Oil Academy
Кхоьллина шо 1920 шеран 14 ноябрь
Тайпа Пачхьалкхан
Ректор Бабанлы Мустафа
Студенташ 16000
Кампус ГӀалин
Юридически адрес AZ1010, Бакох, Азадлыг, 20
Сайт http://www.asoiu.edu.az
СовгӀаташ Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден Азербайджанийн ССР Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден
Commons-logo.svg Темехь суьрташ Викилармехь

Азербайджа́нан пачхьа́лкхан мехкда́ьттан а, промы́шленностан а университе́т (азерб. Azərbaycan Dövlət Neft və Sənaye Universiteti) — Бакохара лакхара дешаран меттиг (Азербайджан).

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

1887 шеран 10 ноябрехь Бакохахь, Бакохан ГӀалин Думо сацам бира техникин ишкол йилларах.

1896 шарахь техникин ишколан цӀе хийцира лахарчу тӀегӀанера техникин ишкол.

  • 1896—1905 шерашкахь, ишкол чекхъяьккхира 50 стага механикин дакъа, 55 стага гӀишлошъяран дакъа. 1910 шарахь механикин декъана юкъатуьйхира кхин а мехкдаьттан техникин а, электромеханикин а агӀонаш.
  • 1916 шарахь ишколехь доьшуш вара 494 дешархо, царех 20 стаг азербайджанех вара.

1918 шарахь ишколах йира политехникум. Политехникумехь мехкдаьттан промышленностан, электромеханикин, гӀишлошъяран, архитектурин дакъош дара, ткъа студентийн барам бара 188 стаг. Оцу муьрехь арахийцира 62 стаг, царна юкъахь вара 12 инженер азербайджанех.

ГӀалин техникин доьшийла революцил хьалхарчу Бакохахь

Академин коьрта корпусан гӀишло йира 1900 шарахь архитекторан Гославский Иосифан проектаца[1]. Кхузахь болх беш яра Бакохан техникин доьшийла.

Азербайджанехь Советийн Ӏедал хӀоттийначул тӀаьхьа, 1920 шеран 14 ноябрехь, доьшийлин бух тӀехь йиллира Бакохан политехникин институт.

1923 шо кхочуш институто арахийцира шен хьалхара 3 студент, ткъа 1927 шарахь арахецначеран барам айабелира 289 стаге кхаччалц.

1959 шарахь институтан елира революционеран Азизбеков Мешадин цӀе.

1991 шеран 18 февралан Республикин Министрийн Кабинетан сацамца Институтан цӀе хийцира Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орденан индустриалан М. Азизбековн цӀарах университет.

1991 шеран 18 февралан Республикин Министрийн Кабинетан сацамца Институтан цӀе хийцира Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орденан индустриалан М. Азизбековн цӀарах университет.

1992 шеран 21 мартехь, Азербайджан Советийн Союзан юкъара араяьлча, университето хийцира шен цӀе академин.

Официалан цӀераш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Тайп-тайпана хенашкахь университето лелийна иштта цӀераш:

Азербайджанан мехкдаьттан институт (АМИ), 1931 шо
  • 1920 — Бакохан политехникин институт
  • 1923 — Азербайджанан политехникин институт
  • 1930 — Азербайджанан мехкдаьттан институт (АМИ)
  • 1934 — Азербайджанан индустриалан институт (АзИИ)
  • 1959 — Азербайджанан мехкдаьттан а, химин а институт (АзМЕХХИМИ М. Азизбековн цӀарах)
  • 1991 — Промышленностан университет
  • 1992 — Азербайджанан пачхьалкхан мехкдаьттан академи (АПМА)
  • 2015 — Азербайджанан пачхьалкхан мехкдаьттан а, промышленностан а университет (АПМПУ)

Ректорш[нисъе бӀаьра | нисъе]

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ӏамор[нисъе бӀаьра | нисъе]

Университетан 3-гӀа корпус. Йина 1913 шарахь. 2017 шарахь дуьйна — UFAZ дешаран корпус

1993 шарахь академис хийцира шен дешаран планаш малхбузен кепашца нисъеш, цуьнан хьалхара бакалавран а, магистраш а, кандидаташ а дешна бовлура 1997 шарахь.

АПМА болх беш яра малхбузен университеташца, шен программаш тоярхьама, башха алсама болх бира Джорджин пачхьалкхан университетца (АЦШ). АПМА ню цхьа могӀа дуьненаюкъара университеташца программаш.

2019 шеран 9 июлехь Азербайджанан Президента Алиев Ильхама куьг яздина Азербайджанан пачхьалкхан мехкдаьттан а, промышленностан университетан уггаре хьуьнар долчу шина студентана «Салманов Фарманан цӀарах стипенди» кхолларан сацамна[2].

Хиламаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

ГӀарабевлла арахенарш а, хьехархой а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]

АПМПУ бух тӀехь ехкина университеташ

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Шамиль Фатуллаев. Градостроительство Баку XIX—начала XX веков. — Ленинград: Стройиздат, 1978. — 215 с.
  2. 1news В Азербайджане будет увековечена память Фармана Салманова. 1news.az. Теллина 2019 шеран 9 июлехь.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • АГНА Facebook
  • Азербайджанан пачхьалкхан мехкдаьттан а, промышленностан а университет — яззам бу Большой советской энциклопедии чуьра. 
  • Мир-Бабаев М. Ф. Истоки зарождения храма нефтехимической науки (к 90-летию открытия первого нефтяного вуза Закавказья) — «Азербайджанское нефтяное хозяйство», 2010, № 5, с.63-69.
  • Mir-Babayev M.F. Establishment of the first oil institute in Transcaucasia — «Reservoir», Canada, 2011, Volume 38, Issue 8, September, p.31-37.
  • Мир-Бабаев М. Ф. Краткая история азербайджанской нефти. Книга вторая. — Бакох, Изд-во SOCAR, 2012.