Азербайджанан ТӀеман ницкъаш

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Azərbaycan Milli Ordusu
Азербайджанан Къоман эскар
Azerbaijan Armed Forces.png
Корта Баьчча
Лакхара Коьрта баьчча Алиев Ильхам
Лардаран министр инарла-полковник Гасанов Закир
Инарлан штабан хьаькам инарла-полковник Садыков Наджмеддин
Эскарийн тайпа Баьчча
Army Flag of Azerbaijan.png Азербайджанан лаьтта тӀиера эскарш
AzAF Flag of Azerbaijan.png Азербайджанан ХӀаваан-ТӀеман ницкъаш инарла-лейтенант Тахиров Рамиз
Naval Flag of Azerbaijan.svg Азербайджанан ТӀеман-хӀордан ницкъаш баьччан декхарш кхочуш деш ву 1-ра ранган капитан Рустамзаде Хиджран
Юкъара хаам
Эскаре кхайкхаран хан 18
Эскаран гӀуллакхан хан 17 бутт (латта тӀиера эскаршна яхъян мега)
1 шо (лакхара дешначарна)
Барам 66 950[1]
Резерв 300 000[1]
ТӀеман бюджет 1.787 млрд.$ (2019)[2]
Промышленность
Арахьара мехкашкара тӀеман гӀирс латтораш ИзраильFlag of Israel.svg Израиль
РоссиFlag of Russia.svg Росси
ТуркойчоьFlag of Turkey.svg Туркойчоь

УкраинаFlag of Ukraine.svg Украина
БелоруссиFlag of Belarus.svg Белорусси
ЦийчоьFlag of the People's Republic of China.svg Цийчоь

Азербайджанан Къоман эскар (НАА азерб. Azərbaycan Milli Ordusu) — Азербайджанан Республикан маршо, мохк дийна хилар герзашца лардар Ӏалашо йолу пачхьалкхан тӀеман кхоллам.

Лаьтта лаьттан тӀиера эскарех, хӀаваан-тӀеман ницкъех, хӀаваахула мохк ларбаран эскарех, ткъа иштта тӀеман-хӀордан ницкъех. Азербайджанан эскаран де ду 1918 шеран 26 июнь. ХӀинцалера тӀеман ницкъаш юкъабевлира Карабахан дов доладеллачу хенахь, меттигерчу гӀалийн шеш лардаран тӀемлойн тобанийн бух тӀаьхь. ХӀокху заманан азербайджанийн эскар кхоьллира 1993 шо чекхдолуш.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Азербайджанийн Демократин Республика[нисъе бӀаьра | нисъе]

1918 шеран 28 майхь Азербайджанийн Демократин Республика кхайкхийначул тӀаьхьа, хьалхарчу рогӀера Ӏалашо хилира къоман тӀеман ницкъаш кхоллар. Цуьнца цхьаьна, къоман тӀеман кхолламаш дан юхьанца гӀортар хилира 1917-гӀа шо чекхдолуш, 1918 шо долалуш.

Чоьхьара кавказан комиссариатан 1917 шеран декабрь беттан гуьржийн, эрмалойн, бусалбанийн (азербайджанийн), оьрсийн корпусаш кхолларх болу сацамца, Ӏалашо яра, Кавказан фронт юьтуш долу оьрсийн эскаран дакъош хийца.

Корпус кхуллуш яра лаамхойх. Бусалбанийн корпусан баьчча хӀоттийра Малхбуза фронтан 10-гӀа эскаран хиллаволу баьчча инарла-лейтенант Ӏали-Ага Шихлин. Корпусан штаб яра Тиблисехь. Кхоьллинера корпусан штабан дакъош а, гӀуллакхаш а, шина гӀашлойн дивизин штабаш.

Бусалбанийн корпус кхолларан болх хала бара эпсарш ца хиларна, бусалба эпсарш муххале а бацара. Дукхаха болу азербайджанийн эпсарш, Российн кхин бусалбанаш санна, тӀом беш бара малхбуза фронташкахь[3]. Масала оьрсийн эпсарш бара 65 % баьччийн хӀоттамех. Бац ала мегар долуш бара салтийн хӀоттам а. Герз а, патармаш а, хӀоьнаш а, тоьпан молха а кӀезиг дара. Цхьаъ бен йоцу регуляран тӀемлойн дакъа дара, оцу хенахь Чоьхьара Кавказе кхаьчна Кавказан мехкан дошлойн дивизин ГӀезалойн дошлойн полк.

1918 шеран 4 июнехь Батумехь куьг яздира Туркойчоьнан а, Азербайджанийн Республикан а юкъара ДоттагӀаллех а, юкъаметтиг дӀакхехьарх а болчу барт кӀела. IV яззамо бохура:

« Императоран Хункар-мехкан правительство тӀелоцу тӀеман ницкъаца гӀо дан Азербайджанийн Республикан правительствлон, нагахь махкахь низам хӀотто а, кхерамазаллин Ӏалашонна а, нагахь ишттаниг оьшуш хилахь.[4] »

И декхар тӀедиллира инарла-лейтенантан Киллигиль Нурин, иза оцу хенахь вара йоккхачу туркойн эпсарийн тобанца Гянджехь. Азербайджанан правительство бинчу бартаца тӀелаьцнера шайн махкара Хункар-мехкаца тӀом беш йолчу пачъьалкхийн берриг эпсарш а, хьаькмаш а арабохур бу аьлла. Иза уггаре хьалха хьакхалора императоран хиллачу оьрсийн эскаран эпсарех. Иза бахьнехь, Ша йолу Азербайджанийн корпус эпсарийн доккхаха долу дакъа доцуш йисира.

1918 шеран 26 июнехь Министрийн Кхеташонан сацамца Бусалбанийн корпусан цӀе хийцира Ша йолу Азербайджанийн корпус[5] аьлла. Июль болалуш Ша йолу Азербайджанийн корпус туркойн баьччалло дӀасахийцира, цуьнан дакъош схьакхаьчначу 5-гӀа Кавказан а, 15-гӀа Чанахгалин туркойн а дивизешца цхьаьна юкъаяхара керла кхоьллинчу Нури-пашин Кавказан исламан эскарна.

1 ноябрехь Министрийн Кхеташонан сацамца кхоьллира ТӀеман министралла. Министран дарж делира правительствон председателан Хойн Фат-Ӏали-ханан, ткъа накъост (гӀовс) велира артиллерин инарла Самедбек Мехмандаров[6]. 1918 шеран 25 декабрехь Самедбек Мехмандаров хӀоттийра тӀеман министр, ткъа цуьнан заместитель хӀоттийра инарла-лейтенант Ӏали Ага Шихлин[7].

Султанов Хосров-бек хьалхарчу правительствон кабинетан тӀеман министр волуш, иза шина кӀирнал сов бен ца лаьттира, дешархойх а, студентех а кхолла йолийра лаамхойн «Баьццара гварди».

Агдамехь инарла-майора Усубов ИбрахӀим-Агас болийра шиъ гӀашлойн дивизи кхолларан белхаш. Полковник Софиев Нухь-бекан баьччаллехь кхоьллира 1-ра ГӀезалойн дошлойн полк, ткъа полковник Нахичеванан Джамшидан баьччаллехь кхоьллира 2-гӀа ГӀезалойн дошлойн полк. 1-ра артиллерийн бригада а, дешаран-пулемётан команда а кхоьллира полковник Шихлин Рустам-бекан баьччаллехь, ткъа полковник Хосров Мирза Каджаран баьччаллехь — 2-гӀа артиллерийн бригада а, 3-гӀа дошлойн Шекинан полк а. ТӀаьхьа дошлойн полкех дивизи йира, баьччалла тӀеийцира инарла-майора Новрузов Теймурбека.

14 сентябрехь тӀеман министран омар делира авиа тоба кхолла аьлла. И терахь лору Азербайджанан ХӀаваан-ТӀеман ницкъаш кхоьллина де. 1919 шеран 19 августехь Азербайджанан эскаран Инарлан штабехь волу авиатобан хьаькам хӀоттийра тӀеман пилот подпоручик Афшар Теймур-хан[8]

Азербайджанан Демократин Республикан цхьана хенан йолчу коьртачу шахьрахь Гянджехь дӀайоьллу прапорщикаш кечбеш йолу хьалхара тӀеман доьшийла, цуьнан хьаькам хуьлу полковник Кесаманан Ширин-Хьусейнбек. Кхин а кхоьллира унтер-эпсарш кечбеш йолу дешаран батальон а, сапёрийн ишкол.

ЦӀиен эскар чудахара Азербайджане 1920 шеран 28 апрелехь. Шайн керла кхоьллинчу азербайджанийн эскаран доккхаха долу дакъа Карабахехь иккхина эрмалойн гӀаттам охьатаӀо дахийтина долушехь, азербайджанаш юха ца бовлура, амма церан 1918-20 шерийн йоца маршо аелира сиха а, атта а[9]. 30 эз. салтех 20 эзар кхелхира дуьхьало йеш. Азербайджанан Къоман эскар дӀадаьккхира большевикийн правительство, 21 инарлехь 15 инарлан виеран кхел йира большевикаша[10].

Азербайджанийн ССР[нисъе бӀаьра | нисъе]

ЦӀиен эскар Бакохахь, май 1920 шо

АДР правительство йожийначул тӀаьхьа кхоьллира Азербайджанийн Советан Социалистийн Республика. Азербайджанийн ССР Революцин комитетан 1920 шеран 28 апрелан сацаман бух тӀаьхь кхоьллира Азербайджанийн ССР ТӀеман а, хӀордан а гӀуллакхийн халкъан комиссариат, иза куьйгакӀела яра 11-гӀа (1921 шеран майхь дуьйна Ша долу Кавказан) эскаран РТӀС[11]. ЦӀиен гвардин тобанех дира Азербайджанийн ЦӀиен Эскар, цуьнан дог хилира «эчиган полк», иза кхоьллинера 1918 шарахь Бакохан коммунан ЦӀиен гвардин тобанех[12]. АДР эскар Азербайджанийн ЦӀиен Эскаран юкъадахара. Майхь кхоьллира 1-ра вовшахтоьхна Азербайджанан дивизи[13]. 29 октябрехь Азербайджанийн ЦӀиен эскаран цӀе хийцира Орджоникидзе Сергон цӀарах Азербайджанийн кхийсархойн ломан дивизи аьлла, иза хилира БАЦӀЭ юкъара хьалхара къоман дивизи[14].

Апрелан харцамехь дакъалаьцна Азербайджанан ТӀХӀН, цӀе хийцира Советийн Азербайджанан ЦӀиен флот аьлла, цуьнан коьрте хӀоьттира Чингиз Ильдрым[15]. 1 майхь Ийдалан-Каспийн тӀеман флотилин кеманаш чудаьхкира Бакоха, дукха хан ялале кхоьллира шена чохь 3 гӀоьнан крейсер-кема, 10 минанаш лелон кема, 4 хин бухахула лела кема, кхин кеманаш долу Каспийн тӀеман флот[16]. 18 майхь Ийдалан-каспийн а, Азербайджанийн а флотилийн кеманаша а, десантан тобанаша а дӀалецира Энзели[17]. 12 июнехь 11-гӀа ЦӀиен Эскаран РТӀС омарца Азербайджанера контрреволюцин ницкъашца дов латто, Кура а, Аракс а эркаш лардархьама, кхоьллира Куран тӀеман флотили, цуьнан цӀе хийцира оцу шеран 28 июлехь Куран эркан тоба[18] аьлла. Оццу хенахь Каспийн а, Азербайджанан а флоташ цхьаьнатуьйхира Каспийн ХӀордан ницкъашка, цӀе хийцира 1931 шеран 27 июнехь ССРС ТӀХӀН Каспийн флотили[15][16] аьлла. Российн тӀеман говзанча Широкорад Александра билгалдоккху, Азербайджанийн флот 1921 шерал хьалха йоьхна ца хилар. Ткъа Каспийн эркан тобанах дерг, иза дӀасахецна 1920 шеран 17 сентябрехь Каспийн флотан ХӀордан ницкъийн хьаькаман омарца, ткъа октябрехь оцу тобан кеманийн бух тӀаьхь юха кхоьллина Каспийн тӀеман флотили. 1921 шеран 22 февралехь иза дӀаелира 11-гӀа ЦӀиен Эскаран Дозанан тобане[18].

Азербайджанан, Эрмалойчоьнан, Гуьржийчоьнан Советийн ЦКХК 1922 шеран 2 декабран сацамца халкъан комиссариат хийцира тӀеман комиссариатца, ЧКСФСР ХалкъкомтӀемхӀордан коьрта дакъа хилла[11].

Къасторан хьаьркаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ницкъаллийн структурийн утаркхий беснаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Категореш Латта тӀиера эскарш ХӀТӀН ТӀХӀН Дозанан эскарш ЧГӀМ КЪКХМ
Утаркх

Латта тӀиера эскарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Инарлаш а, эпсарш а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Категореш Инарлаш Лакхара эпсарш Лахара эпсарш
Утаркх 18.AzLF-CG.png 17.AzLF-LG.png 16.AzLF-MG.png 15.AzAF-COL.png 14.AzAF-LTC.png 13.AzLF-MAJ.png 12.AzLF-CPT.png 11.AzAF-SLT.png 10.AzAF-LT.png 9.AzLF-JLT.png
Азербайджанийн цӀе General-Polkovnik General-Leytenant General-Mayor Polkovnik Polkovnik-Leytenant Mayor Kapitan Baş Leytenant Leytenant Kiçik Leytenant
Российчуьнца
ягӀар
Инарла-полковник Инарла-лейтенант Инарла-майор Полковник Подполковник Майор Капитан Лакхара лейтенант Лейтенант Лахара лейтенант

Салтий а, лахара баьччаш а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Категореш Салтий Старшинаш Прапорщикаш
Утаркх 1.AzLF-PV.png 2.AzLF-PFC.png 3.AzLF-CPL.png 4.AzLF-SGT.png 5.AzLF-SSG.png 6.AzLF-MSG.png 7.AzLF-WO.png 8.AzLF-CWO.png
Азербайджанийн цӀе Əsgər Baş Əsgər Kiçik Çavuş Çavuş Baş Çavuş Kiçik Gizir Gizir Baş Gizir
Российчуьнца
ягӀар
Салтий Ефрейтор Лахара сержант Сержант Лакхара сержант Старшина Прапорщик Лакхара прапорщик

ХӀаваан-тӀеман ницкъаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Инарлаш а, эпсарш а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Категореш Инарлаш Лакхара эпсарш Лахара эпсарш
Утаркх 18.AzAF-CG.png 17.AzAF-LG.png 16.AzAF-MG.png 15.AzAF-COL.png 14.AzAF-LTC.png 13.AzLF-MAJ.png 12.AzLF-CPT.png 11.AzAF-SLT.png 10.AzAF-LT.png 9.AzLF-JLT.png
Азербайджанийн цӀе General-Polkovnik General-Leytenant General-Mayor Polkovnik Polkovnik-Leytenant Mayor Kapitan Baş Leytenant Leytenant Kiçik Leytenant
Российчуьнца
ягӀар
Инарла-полковник Инарла-лейтенант Инарла-майор Полковник Подполковник Майор Капитан Лакхара лейтенант Лейтенант Лахара лейтенант

Салтий а, лахара баьччаш а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Категореш Салтий Старшинаш Прапорщикаш
Утаркх 1.AzAF-PV.png 2.AzAF-PFC.png 3.AzAF-CPL.png 4.AzAF-SGT.png 5.AzAF-SSG.png 6.AzAF-MSG.png 7.AzAF-WO.png 8.AzAF-CWO.png
Азербайджанийн цӀе Əsgər Baş Əsgər Kiçik Çavuş Çavuş Baş Çavuş Kiçik Gizir Gizir Baş Gizir
Российчуьнца
ягӀар
Салтий Ефрейтор[19] Лахара сержант Сержант Лакхара сержант Старшина Прапорщик Лакхара прапорщик

ТӀеман-хӀордан ницкъаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Адмиралаш а, эпсарш а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Категореш Адмирал Лакхара эпсарш Лахара эпсарш
Утаркх 18.AzNF-ADM.png 17.AzNF-VADM.png 16.AzNF-RADM.png 15.AzNF-CP1.png 14.AzNF-CP2.png 13.AzNF-CP3.png 12.AzNF-CLT.png 11.AzNF-SLT.png 10.AzNF-LT.png 9.AzNF-JLT.png
Азербайджанийн цӀе Admiral Vitse-Admiral Kontr-Admiral Birinci Dərəcəli Kapitan İkinci Dərəcəli Kapitan Üçüncü Dərəcəli Kapitan Kapitan-Leytenant Baş Leytenant Leytenant Kiçik Leytenant
Российчуьнца
ягӀар
Адмирал Вице-адмирал Контр-адмирал 1-ра ранган капитан 2-гӀа ранган капитан 3-гӀа ранган капитан Капитан-лейтенант Лакхара лейтенант Лейтенант Лахара лейтенант

Матросаш а, лахара баьччаш а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Категореш Матросаш Старшинаш Мичманаш
Утаркх 1.AzNF-SM.png 2.AzNF-SFC.png 3.AzNF-PO3.png 4.AzNF-PO2.png 5.AzNF-PO1.png 6.AzNF-CPO.png 7.AzNF-WO.png 8.AzNF-CWO.png
Азербайджанийн цӀе Dənizçi Baş Dənizçi Üçüncü Starşina İkinci Starşina Birinci Starşina Kiçik miçman Miçman Baş Miçman
Российчуьнца
ягӀар
Матрос Лакхара матрос ШолгӀа тӀегӀанера старшина Хьалхара тӀегӀанера старшина Коьрта старшина Коьрта кеман старшина Мичман Лакхара мичман

Петлицийн хьаьркаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Эмблема
Сурт
Эмблема
Сурт
Эмблема
Сурт
Эмблема
Сурт
Автомобилийн дакъош
Автомобильные части НАА.jpg
Артиллерийн дакъош
Артилеристы НАА.jpg
Инженерийн дакъош
Инженерные части НАА.jpg
РХ БЗ
Хим.защита НАА.jpg
ХӀаваан-тӀеман ницкъаш
ВВС НАА.jpg
ХӀаваан-десантан эскарш а, башха тобанаш а
ВДВ и спецназ НАА.jpg
Медицинан дакъош
Медицинские подразделения НАА.jpg
ГӀирс-техника латторан дакъош
Части МТО НАА.jpg
ТӀеман лицейш
Военные лицеи НАА.jpg
ТӀеман музыканташ а, дирижёраш а
Военные музыканты НАА.jpg
Мотокхийсархойн дакъош
Мотострелковые части НАА.jpg
ЧГӀМ
Части МЧС НАА.jpg
ТӀеман гӀишлошъярхой
Военные строители НАА.jpg
ТӀеман топографаш
Военные топографы НАА.jpg
ХӀЛ дакъош
ПВО НАА.jpg
Дозанан гӀуллакх
Пограничная служба НАА.jpg
ТӀеман юристаш
Военные юристы НАА.jpg
ЗӀенан а, радиотехникан а дакъош
Войска связи и радиотехнические части НАА.jpg
Танкийн дакъош
Танковые части НАА.jpg
Чоьхьара эскарш
Внутренние войска МВД Аз..jpg

Хьосташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Гусейнов А. Армия Азербайджанской Демократической Республики. 1918—1920 гг. // Старый Цейхгауз. 2011. № 2-3(40-41). С. 118—128.[20]

Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 Международный институт стратегических исследований. IISS The Military Balance 2016. Страница 179—181 — ISBN 978-1-85743-835-2
  2. Военные расходы Азербайджана в государственном бюджете на 2019 год
  3. Фонд «Dədə Qorqud»(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 18 октябрехь. Теллина 2010 шеран 5 августехь.
  4. Азербайджанская Демократическая Республика (1918—1920). Армия. (Документы и материалы). Баку, 1998, с.16
  5. Азербайджанская Демократическая Республика (1918—1920). Армия. (Документы и материалы). Баку, 1998, с.18
  6. Азербайджанская Демократическая Республика (1918—1920). Армия. (Документы и материалы). Баку, 1998, с. 26
  7. Азербайджанская Демократическая Республика (1918—1920). Армия. (Документы и материалы). Баку, 1998, с. 47-48
  8. Соколы первой Республики(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 29 мартехь. Теллина 2010 шеран 5 августехь.
  9. Hugh Pope, «Sons of the conquerors: the rise of the Turkic world», New York: The Overlook Press, 2006, p. 116, ISBN 1-58567-804-X
  10. Исполняется 91 год со дня создания Азербайджанской Демократической Республики
  11. 1 2 РАЗДЕЛ II. ОРГАНЫ УПРАВЛЕНИЯ ВИДОВ ВООРУЖЕННЫХ СИЛ, РОДОВ ВОЙСК И ВОЙСК СПЕЦИАЛЬНОГО НАЗНАЧЕНИЯ (ru), Росархив. Архивировано коч дечара 8 мартехь 2012.
  12. Советская военная энциклопедия. — М.: Советская энциклопедия, 1932. — Т. 1. — С. 328.
  13. В.В. Градосельский Национальные воинские формирования в Красной Армии(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Военно-исторический журнал. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 29 февралехь. Теллина 2011 шеран 10 февралехь.
  14. Советская военная энциклопедия. — М.: Советская энциклопедия, 1932. — Т. 1. — С. 332.
  15. 1 2 Константин Чуприн. В фарватере НАТО (ru), Независимое военное обозрение (31 августехь 2007).
  16. 1 2 Каспийская военная флотилия(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). БСЭ. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 29 февралехь. Теллина 2012 шеран 26 мартехь.
  17. Создание военного флота Астраханского края (1918г. апрель) (ru), Сайт История флота Российского. Архивировано коч дечара 17 июлехь 2014.
  18. 1 2 Гражданская война и военная интервенция в СССР: энциклопедия. — Советская энциклопедия, 1983. — С. 314-315.
  19. Зарубежное военное обозрение № 12 2013 год, стр. 40
  20. САВАШ — Военно-исторический сайт

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Кеп:Азербайджанан ТӀеман ницкъаш