Азербайджанан Республикан байракх
![]() |
|
Пропорци | 1:2 |
---|---|
Байракхан автор | Хьусейнзаде Ӏали-бек[1] |
Символаш буха тӀе ялор |
Беснаш[прим. 1]: айсина — тюркийн маршо, цӀиен — керла зама, баьццара — исламан оьздангалла. Ах бутт — ислам, бархӀ са болу седа — тюркийн къаьмнийн 8 га[прим. 2] |
|
|
Пропорци | 1:2 |
Азербайджанан Республикан байракх (азерб. Azərbaycan Respublikasının bayrağı) — Азербайджанан Республикан официалан пачхьалкхан символех цхьаъ (хӀостца а, шатлакхан иллица а цхьаьна). Байракх тӀеэцна 1918 шеран 9 ноябрехь Азербайджанан Демократин Республикан (АДР) пачхьалкхан байракх йина, иза лаьттира 1920 шо кхаччалц. 1991 шеран 5 февралехь байракх тӀеийцира, оцу шарахь шен маршо кхайкхийначул тӀаьхьа, Азербайджанан Республикан пачхьалкхан байракх йина.
Азербайджанан Республикан президентан Алиев Ильхаман 2009 шеран 17 ноябран омарца Азербайджанан Демократин Республикан сий деш хӀора шеран 9 ноябрехь даздо «Пачхьалкхан байракхан де».
Байракхах дийцар[нисъе бӀаьра | нисъе]
Азербайджанан Республикан байракхан агӀонийн пропорци — 1:2. Байракх ю кхаа басахь. Асанаш (айсийна, цӀиен, баьццара басахь) лаьтта анаца. Байракхан юккъехь цӀиенчу асан тӀаьхь лаьтта бархӀ са болу седа а, ах бутт а. Ший а сурт кӀайн басахь ду. Айсина басо гойту тюркалла (мехкан коьрта бахархой — азербайджанаш — тюркийн мотт буьйцу къам ду, республикан пачхьалкхан мотт — азербайджанийн мотт бу), цӀиен басо гойту модернизацин агӀо а, демократи кхиар а, ткъа баьццара басо гойту ислам динехь хилар[2][1].
Азербайджанан къоман кхеташон хьалхара председатель Расулзаде Мамед Амина Азербайджанан Демократин Республикан парламентан гуламехь иштта шен къамелехь билгаладаьккхира, кхо бос болу байракхо гойту тюркийн маршо, исламан оьздангалла, тахане. Ткъа Азербайджанан Республикан шатлакхан иллин музыкан автор Гаджибеков Узеира яздира, байракхан маьӀна ду: сийначу басо — тюркизм, баьццара басо — ислам, цӀиен басо — прогресс а, оьздангалла а[3].
Байракх тӀиера ах бутт исламан символ ю, ткъа бархӀ са болу седа, Хойн Фатали ханаца, гойту указывает «Азербайджан» цӀеран юкъара 8 элп (Ӏаьрбийн абатера)[4]. Хета кхин а, бархӀ са болу седа тюркийн мотт буьйцу къаьмнийн бархӀ га долуш санна[1], уьш ду азербайджанаш, оттоманаш (туркой), джагатайш, гӀезалой, кхазакхаш, кыпчакаш, сельджукаш, туркменаш[5][6]. Цхьаболчу талламхоша билгаладоккху, оцу хенахь кыпчакаш олура кхазакхех а, гӀиргӀизойх а, иштта билгаладоккхура, АДР шерашкахь тюркийн къаьмнийн классификаци къаьсташ яра таханлерачух[7]. Кхечу хаамашца бархӀ са болу седано билгаладоккху Азербайджанехь деха ламастан 8 къам[8].
Азербайджанан Республикан Конституцин 23-гӀа яззамехь даладо пачхьалкхан байракхах дерг:
II. Азербайджанан Республикан пачхьалкхан байракх лаьтта кхаа шораллехь цхьатерра йолчу анна асанех. Лакхара аса — айсийна, юккъера аса — цӀиен, лахара аса — баьццара бесаш долуш ю, цӀиен асан юккъехь байракхан шинне а агӀора биллина кӀайн басахь бархӀ са болу седанца ах бутт. Байракхан шораллин йохаллийн барам 1:2 бу.
Дуьххьарлера йоза (азерб.)II. Azərbaycan Respublikasının Dövlət bayrağı bərabər enli üç üfüqi zolaqdan ibarətdir. Yuxarı zolaq mavi, orta zolaq qırmızı, aşağı zolaq yaşıl rəngdədir və qırmızı zolağın ortasında bayrağın hər iki üzündə ağ rəngli aypara ilə səkkizguşəli ulduz təsvir edilmişdir. Bayrağın eninin uzunluğuna nisbəti 1:2- dir.
Азербайджанан Республикан «Азербайджанан Республикан Пачхьалкхан байракх лелоран бакъонех» долчу законехь юьйцу пачхьалкхан байракхан нийса бесан амалш[9]. 2013 шеран 22 октябрехь законан хийцамаш бира[10], бесаш Pantone Sky Blue 306 C, Pantone Red 032 C, Pantone Green 362 C хийцира:
Бесан модель | Айсийна | ЦӀиен | Баьццара |
---|---|---|---|
Pantone | 306 C | Red 032 C | 362 C |
RGB | 0, 181, 226 | 239, 51, 64 | 80, 158, 47 |
CMYK | 75, 0, 5, 0 | 0, 86, 63, 0 | 78, 0, 100, 2 |
Hex | #00b5e2 | #ef3340 | #509e2f |
Байракхан истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
Азербайджанан Демократин Республикан байракх[нисъе бӀаьра | нисъе]
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ 1 2 3 Whitney Smith. Flag Lore Of All Nations. — Millbrook Press, 2001. — С. 13. — 112 с. — ISBN 9780761317531 (ингалс.)Дуьххьарлера йоза (ингалс.)
AZERBAIJAN (ah-zer-bie-JAHN): Ali Bay Huseynzada, the leading nationalist of Azerbaijan, created its modern national flag. The colors of that tricolor stood for the Turkic people (blue), their lslamic faith (green), and the commitment to modernization. In the center of the flag was the traditional Muslim star and cresent. The eight points stood for the eight Turkic peoples, including the Azerbaijanis. This flag was used from 1918 to 1920, when Azerbaijan was independent, and it was revived on February 5, 1991. After the fall of the Soviet Union, independence for Azerbaijan under this flag was proclaimed on August 30, 1991.
- ↑ Символы Азербайджанского государства(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). http://president.az/.+Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 15 январехь.
- ↑ У. Гаджибеков. «Один год» // Азербайджан : газета. — 1919. — № от 28 мая.
- ↑ ГӀалат дешнаш далорна Тег
<ref>
нийса яц; тIетовжаранАтрибуты
йоза яздина дац - ↑ Encyclopædia Britannica Online, s. v. "flag of Azerbaijan", accessed April 23, 2016, http://www.britannica.com/topic/flag-of-Azerbaijan. Дуьххьарлера йоза (ингалс.)
The star points were said to stand for eight traditional Turkic peoples—the Azerbaijanis (Azeris), Ottomans, Jagatais, Tatars, Kazakhs, Kipchaks, Seljuqs (Seljuks), and Turkmen.
- ↑ DK Publishing, Inc. (COR) Dorling Kindersley Complete Flags of the World. — DK Publishing, 2008. — С. 172. — 240 с. — ISBN 9780756641153
The eight points on the flag’s star stand for the eight groups of Turkic-speaking peoples — the Azeris, Ottomans, Jagatais, Tatars, Kipchaks, Seljuks and Turkomans.
- ↑ António Martins. Meaning of the flag of Azerbaijan. — 27 January 2000.
- ↑ Anjali Kamath. Flag Book / Editor: Aziel Karthak. — Millbrook Press, 2009. — С. 36. — ISBN 9788179915127 (ингалс.)
- ↑ Закон Азербайджанской Республики о правилах использования государственного флага Азербайджанской Республики. Статья 9.2.
- ↑ Закон Азербайджанской Республики о внесении изменений в Закон Азербайджанской Республики «О правилах использования Государственного флага Азербайджанской Республики» (азерб.). Официальный интернет сайт Президента Азербайджанской Республики (28 ноября 2013). Теллина 2015 шеран 8 сентябрехь.
ГӀалат дешнаш далорна Тобан «прим.» йолуш йолу тегашца <ref>
йогӀуш йолу тег <references group="прим."/>
ца карийна