Адамийн пхоралла
Адамийн пхоралла (латинан маттахь graviditas) — зудчунна хуьлуш долу ша-тайпа хьал ду. Берах йолчу зудчун дебаран меженашкахь кхуьуш долу эмбрион я хӀу хуьлу[1].
Пхоралла йолало беран цӀийнан биргӀа (турба) чохь зудчун а, боьршачу стеган а стен-боьршаллин клетканаш вовшахъэрца. Цул тӀахьа шен чохь шовзткъа ялх хромосома йолу зигота кхоллало. Хин долу беран стен-боьршалла стен-боьршаллин хромосомашка хьаьжжина хуьлу, ткъа стен зирхаш (оьрс. яйцеклетка) даима Х-хромосома лелош хуьлу, ткъа эрасалхаш (spermatozoidum) — X- я Y-хромосомаш лелайо (1:1 дазар долуш). Ишта хин долу беран стен-боьршалла ораллин салхо лелош йолчу стен-боьршаллин хромосомца билгалдоккху (Х-хромосомаш ялахь — йоӀа хир ю, Y-хромосомаш ялахь — кӀант хир ву)[2]. Клетканаш екъаяларца бластоциста кхоллало. Бластоциста ворхӀолгӀачу дийнахь беран цӀенна хоттало. Пхораллин хьалхарчу кхаа баттахь (хьалхара триместр) кхоллало хӀунан меженаш, шуьйталгӀачу кӀиран чакхенгахь плацента дӀахӀутту. Плацента чухула хӀунан аьхна хӀуманаш дӀакхочу, иштта хийцаман тӀаьххьара сурсаташ дӀадахар а хуьлу.
Акушераллехь къастадо пхораллин ши тайпа: физиологин а, патологин а. Нормехь пхоралла бер дарца чекхдолу, ткъа масийтта хӀу долу пхораллехь шала дина бераш дуьненчу долу (гомозиготан — цхьатерра я гетерозиготан — тайп-тайпана).
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Савельева Г. М., Демидкин П. Н., Заичкина Т. С., Ильин И. В., Кнорре А. Г., Курносов К. М., Пыцкий В. И., Смольянинов В. М., Федорова Г. С. Беременность // Большая медицинская энциклопедия : в 30 т. / гл. ред. Б. В. Петровский. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1976. — Т. 3 : Беклемишев — Валидол. — 584 с. : ил.
- ↑ Вихляева Е. М., Кулаков В. И., Серов В. Н. и др. Под ред. Г. М. Савельевой. Справочник по акушерству и гинекологии. — 1. — М.: Медицина, 1992. — С. 8—108. — 352 с. — (Справочное издание). — 50 000 экз. — ISBN 5-225-02599-4.