Агванийн абат

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Агванийн абат
Йозан тайпа консонантан-вокалийн йоза
Меттанаш кавказан-албанийн
Кхоьллинарг Месроп Маштоц[d]
Кхоьллина терахь II век в. э. хьалха
Мур V—VII бӀешераш
Йозан агӀо слева направо[d][1]
ISO 15924 Aghb
Йозан масала

Агванийн абатКавказан Албанин йоза) — хӀинцалера Азербайджанан а, Къилба ДегӀастаан мохк тӀехь хилла, йуккъера бӀешерийн Малбален Чоьхьара Кавказан пачхьалкхан Кавказан Албанин йоза. Абат карийна 1937 шарахь XV бӀешеран эрмалойн куьйга йаздина тептар йукъахь, йозан шифр дӀадиллина тӀаьхьуо карийначу хьостийн бух тӀехь, зорба тоьхна 2009 шарахь. Агванийн маттах схьабаьлла лору нахийн-дегӀастанан меттанийн лезгийн бухаратобанера хӀинцалера удинийн мотт[2].

Историн очерк[нисйе бӀаьра | нисйе]

Албанхойн абат йукъахь йолу эрмалойн XV бӀешеран тептар

Албанин бевза цхьаъ бен боцу мотт бу агванийн мотт, кхин цӀе «гаргарийн»[3].

Корюн, «Маштоцан дахар», 443—450 шераш герга[4]:
«Оцу хенахь веира и волчу цхьа иерей, алуанхо цӀе Бениамин а йолуш. Цуо (Маштоца) хаьттира цуьнга, теллира варварийн дешнаш алуанийн меттан, цул тӀаьхьа шен даима санна гарца, лакхара доссийна долу, кхоьллира йозанаш (алуанхошна), Делан къинхетамца дуьстира, шен метта дӀахӀиттийра, нисдира.»

V бӀешеран эрмалой хронисто, «Маштоцан дахар» авторо Корюна, хаам бо[4], Агванийн абат йина хилла (йа йуха йина) эрмалой серлончо а, диндархохочо а Месроп Маштоца епископ Ананийн а, гочдархочун Вениаминан а гӀоьнца 420-гӀа шераш долалуш[5][6], и мохк керста бинчул тӀаьхьа. Корюна йаздо:

Иштта хаам бу кхин тӀаьхьарчу историкан Мовсес Хоренацин а, «Албанин историн» авторан Мовсес Каганкатваци а гаргарийн меттан амалца[7][8], амма огӀа историкашна (А. Г. Шанидзе, К. П. Паткановс) хета, тӀаьхьарчу хьостан и фрагмент эцна Хоренацигара[9][10].

Месропом Маштоца албанийн абат кхоллар бух болуш ца хилар ца карадо эрмалойн доцучу хьосташкахь[11].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. http://www.unicode.org/versions/Unicode13.0.0/ch08.pdf
  2. Климов Г. А. Агванский язык // Языки мира: Кавказские языки. — М., 1999. — С. 459
  3. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Тревер3 тIетовжаран йоза йаздина дац
  4. 1 2 Корюн. Житие Маштоца, 16-17
  5. Майсак Т. А. К публикации кавказско-албанских палимпсестов из Синайского монастыря // Вопросы языкознания. — М., 2010. — № 6. — С. 89.
  6. М. С. Гаджиев. К интерпретации сведений о создании письменности Кавказской Албании // Albania Caucasica. — М.: ИВ РАН, 2015. — Т. I. — С. 178.
  7. Peter R. Ackroyd. The Cambridge history of the Bible. — Cambridge University Press, 1963. — Т. 2. — С. 368.:

  8. J. Gippert, W. Schulze. Some Remarks on the Caucasian Albanian Palimpsests / Iran and the Caucasus 11 (2007).

  9. А. Шанидзе. Новооткрытый алфавит кавказских албанцев и его значение для науки // Известия института языка, истории и материальной культуры им. акад. Н. Я. Марра. — 1938. — С. 2.
  10. К. Патканов. История Агван Мойсея Каганкатваци. — 1861. — С. xi.
  11. Avedis K.Sanjian. The World’s Writing Systems. Oxford University Press, 1996- P.356.