Агапитова, Светлана Юрьевна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Агапитова Светлана Юрьевна
Агапитова Светлана Юрьевна
Берийн бакъонаш Ӏалашъен векал Петарбух гӀалахь
 — 2020
Когаметтаниг А. В. Митянина

Йина терахь 1964 шеран 8 февраль({{padleft:1964|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (60 шо)
Дешар
ГӀуллакхалла бакъоларйархо[d], омбудсмен[d]
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Агапи́това Светла́на Ю́рьевна (1964 шеран 8 февраль, Петарбух) — российн бакъоларйархо, йакъараллин а, пачхьалкхан а гӀуллакххо. Берийн бакъонаш Ӏалашйен векал Петарбух гӀалахь.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йина 1964 шеран 8 февралехь Ленинградехь. 1986 шарахь чекхйаьккхина Ленинградан пачхьалкхан университетан журналистикан факультет. 2012 шарахь чекхдаьккхира лакхара юридически дешар, РФ Президент волчура Российн халкъан бахаман а, пачхьалкхан гӀуллакхан а Академиехь.

  • 1989 шарахь кхоьллира хаамийн-рекламан агенталла ИМА-ПРЕСС. 1991 шарахь дуьйна болх беш йу ПТРК «Петарбух — 5-гӀа каналан» тӀехь.
  • Болх бина «Информ-ТВ» корреспондент, редактор, комментатор, «Массарна а гуш» а, «Пхи суьйре» программийн автор а, хьалхелелорг а.
  • «Росси» телеканал тӀехь «ХӀусамера хенан-хӀоттам» а, «Берийн хаттар» программийн автор а, хьалхелелорг а хилла.

2009 шеран 23 декабрехь Петарбухан Берийн бакъонаш Ӏалашйаран векал дарже хӀоьттира. 2015 шеран 21 январехь йуха а хаьржина Петарбухан Берийн бакъонаш Ӏалашйаран векалан дарже.

Марехь йу, виъ доьзалхо ву.

Дакъа[нисйе бӀаьра | нисйе]

Агапитова Светланин кхочушдина законаш кхолларан дӀадолорш[1]:

  • РФ Доьзалан кодексан хийцамаш (127 йаззаман 1 пунктан 7 абзац а, 146 йаззаман 3 пункт а) бер доьзале дӀатарбеш хӀиттийна бехкамаш дӀабахар, масала, нагахь доьзалан декъашхошна йукъахь ВИЧ-инфекци йолуш стаг велахь, йа гепатитца (В,С) балахьоьгуш стаг. ХӀунда аьлча бер схьаоьцурш (Ӏуналчаш), мацах цкъа цамогуш долу бер схьаэцнехь, церан таро дӀайолура кхин бобер кхион схьаэца;
  • Боберашна а, дайн-нанойн Ӏуналла доцуш дисина берашна а дахаран хӀусамаш латторан, Петарбухан законаш кхолларан акташкахь хийцамаш беш кечамехь дакъа лацар;
  • 2013 шеран 28 декабрехь тӀеэцна № 380-ФЗ «Российн Федерацин Зуламан кодексан а, Зуламан-процессуалан кодексан а хийцамаш барах» цӀе йолу Федералан закон. И хийцамаш бира Векало 2012—2013 шерашкара РФ Пачхьалкхан Думан а, Федералан Гуламан а депутаташка масийттаза дехарш дича, царна чохь Векало билгалдоккхура, объектива нагӀонан хьесап — Российн Федерацин Зуламан кодексан 134 а, 135 а йаззамашкахь дуьйцу гӀе метта хӀоттанзалло, таро йо педофилашна зуламан жоьпаллех кӀелхьара бовла;
  • Боберийн доьзалан хӀоттаман кеп санна патронат йукъадалор (говза бераш тӀеоьцу доьзал);
  • ВИЧ-инфекци йолу а, керла гӀуо хӀуманаш евлла бала хьоьгу а берашна Ӏуналла ден дайн-нанойн цамгаран кехат кечдаран низам хийцар 2015 шеран 1 январехь дуьйна. Хьалха дайн-нанойн берашка хьажа цамгаран кехат ца догӀура 120 дийнал сов а, 15 шерал доккха делахь а, нанойн дезара болх дӀатаса.

Емал яр[нисйе бӀаьра | нисйе]

2014 шеран 27 декабрехь Смирнов Димитрийс кхайкхам бира[2] делах тешаш болчаьрга, йуха ма харжийта Петарбухан берийн бакъонаш Ӏалашйаран векалан дарже Агапитова Светлана. Агапитова Светлана йистхилира шуьйра диллинчу жоьпаца[3] Смирнов Димитрийга, дӀахьедира шен гӀуллакхан репутаци сийсаз ярна суьде арз чудала ялларах[4]. Агапитова Светлана йуха хаьржира 2015 шеран январехь «шортта кхаж совболуш»[5].

Резонанс хилира гӀараваьллачу актёран Панин Алексейн Агапитова Светланица хиллачу дар-дацарх. И гӀуллакх долуш Панин лартӀахьа ца лелара, бехке йора омбудсмен шен а, шен йоьӀан а агӀора законаш дохорна.[6][7][8].

Емалан жоп[нисйе бӀаьра | нисйе]

Смирнов Димитрийн кхайкхам емал бира библихочо а, публициста а Десницкий Андрейс «православин берам чохь адам бехдеш питна даржош, дуккха а боккъал а керсталлин гӀуллакхаш дина»[9]:

« 2009 шарахь дуьйна Петарбухан Берийн бакъонаш Ӏалашйаран векало, Агапитова Светланас. Оцу дахаран областан бала болчара дийцарехь, оцу заманахь кӀезиг гӀуллакх ца дина цуо. Дагаяхкийта мегар ду цуьнан законаш кхолларан инициативаш, цара дӀайохура совнаша новкъарлонаш бер доладоккхучарна а, патронатан доьзалшна а, тӀетухура компенсацеш а, аьхкенан лагершка йолу социалан путевкин барамаш. Амма дуккха а сов тешалла кхин ду. Нагахь www.spbdeti.org сайт чохь цуьнан фамили лохуш могӀа йазбахь, схьагойту кхо эзар сов хьажорг, уьш ерриг аьлча санна — бохам хилла, цуо гӀодина, цӀерашца, терхьашца, фекташца, жимачу адаман иэс йу. »

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. СОВЕТ ФЕДЕРАЦИИ РЕШИЛ ВОПРОС «СИРОТ С ДИАГНОЗОМ» Архивйина 2020-09-23 — Wayback Machine
  2. Протоиерей Димитрий Смирнов призывает защитить наших детей от агапитовых. // Мультимедийный блог протоиерея Димитрия Смирнова (Хьаьжина 27 декабрехь 2014)
  3. Светлану Агапитову обвиняют в поддержке содомитов и абортов. Детский омбудсмен Санкт-Петербурга отвечает. // Православие и мир (Хьаьжина 15 январехь 2015)
  4. Светлана Агапитова собирается подать в суд на протоиерея Димитрия Смирнова Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine. // Regions.ru (Хьаьжина 15 январехь 2015)
  5. Петербургские парламентарии переизбрали Светлану Агапитову на должность детского омбудсмена Петербурга. Архивйина 2015-12-22 — Wayback Machine
  6. Алексей Панин устроил скандал в офисе петербургского детского омбудсмена
  7. Актер Алексей Панин арестован на 10 суток за мелкое хулиганство
  8. Актер Алексей Панин несколько суток ночует перед вокзалом в Петергофе и требует отдать ему дочь
  9. Проповедь вражды. Андрей Десницкий о том, от кого в РПЦ защищают детей // Газета.ru

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]