Чулацаман тӀегӀо

Австрихой

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Австрихой
Шен цӀе Österreicher
Дукхалла 7,5 млн. стаг (2005 шо)
ДIасакхалхар
Мотт немцойн
Дин католицизм 61.5%
кхин керсталлин конфессеш 10%
кхинарш йа Ӏесанаш (28.5%)
Йукъабоьду германийн га
Гергара къаьмнаш немцой, швейцархой, лихтенштейнхой, люксембургхой, нидерландхой, фризаш, ингалсхой
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Австрихой (нем. Österreicher) — Йуккъера Европин халкъ, Австрин бахархой.

Шеш шайх олу — остеррайхер (нем. Österreich — Австри, ма-дарра аьлчи — «Малхбален пачхьалкх»). Мотт — немцойн меттан австрийн вариант, немцойн меттан баварий а, алеманнойн меттан геннаш. Дукхаллин барам — 7,5 млн ст. (2005). 61,5 % динехь берш — католикаш, 10 % — кхечу керсталлин конфессийн динехь берш, 28,5 % — кхечу динехь берш йа Ӏесанаш.

Байракх — йисттехула цӀиен ши аса, цхьаъ къайниг — йуккъехула. Шира феодалан хӀост — иштта асанаш йолу турс. ЦӀиен басо маьхкан маршо бахьнехь Ӏанийна цӀий гойту, кӀайчо — йаьккхина паргӀато. Кхечу версица — цӀиен бос беттало латта а, Дунайн детин хиш а.

ХӀост 1945 ш. дуьйна — адамийн кхо чкъор гойту гӀалан таж тиллина Ӏаьржа эрзу. мӀарашца лаьцна — марс, жӀов, когаш тӀехь хедийна зӀаьнаш, нацистийн таӀзарх маьрша бовларан билгало.

Империн хӀост — империн таж тиллина ши корта болу эрзу, мӀараш йолу — держава, скипетр, тур. Накхан тӀехь — Габсбурган некъийн сийлаллашца турс (дешийн арахь цӀиен лом), Лотарингин (эрзунаш), Австрин (кхо аса), Дешийн кхакхан орден.

Генетикан структура

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • 30 %[1]-32 %[2] австрихойн R1b гаплотоба йу, иза ламаст хилла Европин кельтийн бахархошца йоьзна йу. Европехь и гаплотоба уггаре дукха йу валлийхойн а, шотландхойн а.
  • 19[2]-26 %[3] австрихочун R1а гаплотоба йу, Европехь иза йоьзна лору славянийн бахархошца. Европехь и гаплотоба уггаре дукха йу луган сорбийн, полякийнв, оьрсийн, украинхойн, белорусийн.
  • 12 %[2] австрихойн I1 гаплотоба йу, иза ламаст хилла йоьзна йу германийн тайпанашца. Данихойн, норвегхойн, шведхойн и гаплотоба уггаре дукха йу.
  • Дикка процент австрихойн гаплотоба йу историца йоьзна Латтанъккъера хӀордан гонахьара шира бахархошца: J2 (9 %) а, Е1 (8 %)[2]. Европехь и гаплотобанаш уггаре дукха йу грекийн, албанхойн, италихойн.

Дуьххьарлера Австрин махкара историн къаьмнаш хилла кельташ а, реташ а. Австрин коьрта гӀала лаьттачохь Антикаллехь лаьттина кельтийн эвла Виндобона. Цул тӀаьхьа Австрин мохк йукъабахара Руман империн (провинцеш Норик, Реция). Доккха кхалхаран муьрехь Австрехь охьахевшира славянийн къаьмнаш (Карантанхой). Славянийн этимологи йу Грац («градец»), Фризах (берёза), Ферлах (бор, сосна). ТӀаьхьа славянаш Германин Ӏедална кӀела бахара, иэбелира къилба немцошца. Немцойн меттан австрийн меттан га ду немцойн меттан баварийн меттан га.

XX бӀешо йуккъе даххалц австрихой немцойх къаьсташ бацара. Австрин-мажарийн импери йоьхначул тӀаьхьа немцойн Австрин къоман пачхьалкхашна дихкира Германех дӀакхетар.

1938 ш. гитлеран Германис аншлюсан акт йира — Австри туьйхира Германех. ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаллалц Австри германех бозуш болу мохк хилира.

ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлчи немцойн-австрийн цхьа пачхьалкх йан милла гӀортахь а, сацо барт бира, хӀунда аьлчи пангерманин а, барамал совъевлла националийн ойланаш ца хилийта пачхьалкхехь. Иза бахьнехь, 1955 шарахь Австрис нейтралитет кхайкхийча, оцу пачхьалкхийн конституцешкахь тӀетуьйхира аншлюс цамагош статья.

Тахана дукхаха болу австрихой немцой лоруш бац[4], уьш дукха хӀуманаш тӀехь тера боллушехь (оьздангаллехь, федеративан хӀоттамехь, йукъара исторехь) а, немцойн мотт буьйцу йукъараллин декъашхой боллушехь а, оцу хьолаш ший а къам гергара до.

ХӀинцалера Австрин махкара хьалхара керсталлин йукъараллаш кхоллайелла II бӀешо чекхдолуш. VII бӀешо чекхдолуш Сий. Руперт («Австрийн асхьаб»), епископ Вормсскис керсталле валийра баварийн герцог Теодо Ратисбонехь (Регенсбург). Цуо йиллина Зальцбургера Сийлахь Петран килс (бенедиктиний).

Масех бӀешо даьлча, XVI бӀешарахь, Австре кхаьчна протестантизм, ах гергга бахархойх протестанташ хилла. Рудольф II-гӀа Габсбурга дӀайаьхьира контрреформаци, жамӀ — Австрию ха а католикийн хилира.

Австрийн Ӏиданаш догӀу католикийн ламасташца. Уьш ду: Ӏийса бин Марьям вина де, Керла шо, Богоявление, Пасха, Сийлахь Синан де, Везачу Валентинан де, Сийлахь Рупертан де, Фастнахт.

Бахам а, халкъан дахар а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Австри — лакхара кхиар долу индустриалан мохк бу, цигахь доллу Мехкдаьтта, Эчиган маьӀда, магнезит, хинан ресурсашца. Промышленностан отраслаш: Ӏаьржа металлурги, машенашъяр, мехкдаьттан, маьӀданаш дахаран, электротехникан, химин, энергетикан.

Йуьртабахам дерриг аьлча санна бахархойн кхачамбацарш дӀадоху. Алсама ду долара латташ. Коьрта отрасль — даьхнийлелор.

Ах сов бахархой беха гӀаланашкахь. Дукхахберш промышленностехь болхбеш бу. Акъарен тӀиера эвланаш — алссама керташ а йолуш, ураман а, гулйаран планировка йолуш йу. лаьмнашкахь алсама йу кӀотарш, ткъа эвланаш кегийра йу, гулйаран планировкица. Лакха а, Лаха а Австрин цӀийнан кеп — йукъаранемцойн йу, Тиролехь — альпий ду. Ткъа иза — тӀулгийн, наггахь дукъойх дина, ши гӀат йолуш, дахаран а, бахаман а чоьнаш цхьаьна тхьов кӀелахь йолуш ду. Дукха хьолахь лахе тӀулгех йо, ткъа лакхе дечигах йо. Сени, кухни, дахаран чоьнаш — дукхах дерг лахахь, бахаман — лакхахь. ШолгӀа гӀотан пенашна гуонаха галерей йу. Форарльбергехь — алеманнийн цӀийнан кеп йу, иза герга йу йукъаранемцойчух, иштта массо а чоьнаш цхьаьна тхьов кӀелахь йу. ГӀирс — дечиган бу. Бургенландехь — цӀенош цхьа гӀат йолуш ду, чен тхов а болуш.

Ламастан кухни — бес-бесара, ламанхойн шурийн даарш хуьлу, акъарийн бахархойн — деман даарш а, мерзаниг а хуьлу.

Тайп-тайпана духарш. Тирольхоша лелайо йоца тӀаьрсакан хечеш, йеха пазаташ, мачаш, кӀайн кучамаш, пхьуьйшдоцург, куртка, тӀе масс латийна шляпа, наггахь шуьйра доьхка, киснийн меттана. Зударша лелайо кофта, йегна юбка, корсаж, фартук, белаш тӀе тосу йовлакхаш. Форарльберган йуьртара зударша лелайо белаш а, накхан лакхара дакъа а къовлуш йоца кофта, лекха гӀодайукъ хьулъеш, хебарш йолу юбка.

XIX бӀешарахь австрихоша бакхий кхиамаш баьхна цхьацца пхьоланашкахь а, приклани говзаллин кепашкахь а: дечиган а, эчиган а пхьола, дуцар, кӀадешдар, кхийра гӀирс беш, аьнгали тӀехь сурт дуьллуш, тегарш деш, бустамаш дуцуш.

Халкъан хелхарш ду вальсан австрий кепаш: венан, тиролан, штирийн. Вальс шуьйра даьржина, леладо классикан музыкехь, масала Делиба, Гунос, Чайковскийс.

Оьздангалла

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Австрехь 3 шо кхаччалц дешар пачхьалкхан берийн бешашкахь маьхаза ду (2009 ш. дуьйна). Долара берийн бешаш а йу. Ишколан дешар — маьхаза (некъа, жайнаш а тӀехь) а, тӀедиллина а ду. Коьрта ишкол — 2 тӀегӀа йолуш, 9 класс йу. Цул тӀаьхьа дешар говзаллин хуьлу, иза — йуккъера говзаллин ишкол йу (3-4 шо). Масала, ишколашкахь йу политехникан классаш. ТӀаккха хуьлу лакхара говзаллин ишкол, лакхара ишколаш, университеташ.

Уггаре йаккхий университеташ — Венан (кхоьл. 1367), Грацан, Инсбрукан, Зальцбурган. Коьрта Ӏилман кхоллам — Австрийн ӀА, кхоьл. 1847, империн ӀА. Уггаре йоккха библиотека — Венера Къоман библиотека.

Уггаре йаккхий музейш: Венера Исбаьхьаллин говзаллин академин гулам (кхоьл. 1822), Австрин галерей а, исбаьхьаллин-историн музей а (кхоьл. 1891), Альбертина (графика, кхоьл. 1776), Вена гӀалин историн музей (кхоьл. 1798).

Австрехь философи кхиар доьзна немцойн философи кхиарца, амма Австрин тамашийна йара немцой амалера спекуляцех хӀоттийна акха ойла. Кхузахь алсама йара билгала хӀуман талламан тенденци. Дуьненахь гӀарабевлла австрийн философаш Э. Мах, З. Фрейд.

Шира заманара литература иэсаш хилла мозгӀаран Генрих фон Мелькан. Йуккъера бӀешерашкахь йаьржина хилла немцойн йукъара эпосийн дийцарш («Нибелунгех лаьцна эшар»), даьржаш дара меценаталлин, рыцараллин оьздангалла, миннезингеран кхолламалла, гӀарабевлла бара шванкаш. Йуккъерачу бӀешерийн литературин уггаре воккхачех векал — Вальтер фон дер Фогельвейде.

XIV бӀешарахь Австрехь хаало Италин Ӏаткъам, кхуьу ренессансан оьздангалла. XV—XVI бӀешерашкахь кхоллало халкъан комеди (иштта Италин Ӏаткъамца). XVII бӀешарахь йукъайолу ишколан драман жанр, XVIII бӀешарахь алсама йу Серлонан а, сентиментализман а ойланаш.

XIX бӀешарахь хийцало романтизм (бӀешо долалуш), бидермайер (1815—1848), реализм, модернизм (бӀешеран йукъ а, чеккхе а). Бидермайер — Германин а, Австрин а спецификан хатӀ ду, иза ийна романтизм а, классицизм а йу, гайтина иза суртдилларан говзаллехь, духарехь, мебелехь. XX бӀешеран йуккъехь литературехь коьрта йу антифашистийн тенденцеш. Уггаре бакхий йаздархой — М. фон Эбнер-Эшенбах, Л. фон Захер-Мазох, Г. фон Гофмансталь, А. Шницлер, Ф. Кафка, С. Цвейг.

Уггаре йевза архитектурин иэсаш: Туркера базилика, Хиршаура бенедиктин килс, Зальцбурган гергара Ноннберг килс, романин хатӀ; Венера Сий. Стефанан килс (XII—XV бӀешераш), готика; Сий. Борромео Карлан килс, барокко. XIX бӀешеран шолгӀачу декъехь архитектурехь тоьлла историзм — Венан пачхьалкхан опера, Бургтеатр (арх. Г. Земпер), ратуша. 1897 шарахь йукъадолу сецессионхатӀ, иза кхоьллира художникийн тобано (Сецессион); иза — синоним йу европин йукъара модернан. Иза хуьйцу функционализмо, экспрессионизмо, постмодерно, кхечу а агӀонаш. Хаза хета художникан Ф. Хундертвассеран оригиналан цӀенойн проекташ. Уьш — биоцӀенош ду, аьлчи а, нийса асанаш а, кепаш а йолу цӀенош дац, ткъа хьевзина Ӏаламехь санна ду. Зийна модернан Ӏаткъам.

Австрин музыка кхуьура тайп-тайпана къаьмнийн ламасташ цхьаьнатуху новкъа — австрийхойн, славянийн, мажарийн, цигонийн, румынийн, немцойн, италихойн, кхечера а. Йуккъерачу бӀешерашкахь йоккха роль паччахьан цӀийнан капеллашкахь ловзийра шпильманаш. XII бӀешарахь къегира миннеззингераш. Килсанашкахь а, арахь а хӀиттайора кайзершпилаш. Уьш хьалха йара оперел. XVII бӀешарахь йукъайовлу италин операн тобанаш. Дуьххьарчарех цхьа опера йу «Тезейс йитина Ариадна». Оцу хенахь кхузахь болх беш бара италихой — Ф. Бонакосси, Ф. Кавалли, К. Монтеверди. XVIII бӀешарахь алсама йу барокко музыка, цуьнан векалш — И. Г. Шмельцер (Вена), Г. И. Ф. Бигер (Зальцбург). Коьрта жанраш хуьлу опера-сериа, дивертисмент, серенадаш. Йукъайолу австрин операн тайпа — зингшпиль. ДӀайоьллу цӀера театраш а, капеллаш («Леопольдштадттеатер») а. Коьрта центр хуьлу Венера «Бургтеатер». Уггаре баккхий композиторш — В. А. Моцарт, Й. Гайдн.

Цуьнга терра кхуьу балет а (XVI бӀешарахь йукъайаьлла). ХӀинца балеташ хӀиттайо «Фольксоперехь» (Вена) а, «Ан дер Вин» театрехь (Вена) а. Тобанаш йу кхечу гӀаланашкахь а. Шарахь шозза Венехь дӀахьо хелхаран фестиваль. Коьрта дешаран меттиг — Венан пачхьалкхан операн Балетан ишкол.

Хьалхарчу муьран Ӏалам дилларехь Ӏаткъам бина Византис. ТӀаьхьарчу хенан художникех бевза йуьртабахам а, ландшафташ а йохку Ф. Вальдмюллер а, М. фон Швинд а.

Лелийна литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажа иштта

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]