Чулацаман тӀегӀо

Австралин доллар

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Австралин доллар (нох.)

Australian Dollar (инг.)
Dollar australien (фр.)

100 доллар 1966 шеран 50 цент
100 доллар 1966 шеран 50 цент
Кодаш а, символаш а
Кодаш ISO 4217 AUD
Символаш
Ахчан хьаьрк AUD цакарий
Лелаш долу меттигаш
Эмитент  Австрали
Официально  Кирибати
 Науру
 Тувалу
Схьадаьлларш а, параллельни цхьаццаннаш а
Къасторан Цент (1100)
Истори
Йукъадалор 14.02.1966
Ахча-хьалха хилларг Австралин фунт
Монеташ а, банкноташ а арахецар
Эмиссионни центр Австралин резерван банк
www.rba.gov.au
Ахча ден цӀа Паччахьан австралин нахартийн цӀа
www.ramint.gov.au
Пертера нахартийн цӀа
www.perthmint.com.au
Мах 25 февралехь 2015 шо
1 RUB = 0,02026 AUD
1 USD = 1,268 AUD
1 EUR = 1,439 AUD
1 GBP = 1,965 AUD
1 JPY = 0,01067 AUD
Мах ша карлабоккхуш бу МВФ а, ЕЦБ а, ЦБ РФ а хаамашца. Дуьззина йаздина хьажа декъехь «Ахчан механ раж».
Category:Money of Australia Викилармехь

Австра́лин до́ллар (хьаьрк: $; код: AUD) — Австралин Бертан, цуьнца цхьаьна Рождествон гӀайренийн, Кокосийн гӀайренийн, Норфолк гӀайренан, ткъа кхин а тийнаӀапказан маьрша пачхьалкхийн Кирибатин, Наурун, Тувалун валюта. Декъало 100 центе. Дукха хьолахь дацдо долларан хьаьркаца ($), амма билгалонийн кхин варианташ а йу: A$, $A, AU$, $AU.

Австралин доллар дуьненахь уггаре дика дохкало валютех йалхолгӀа ду (АЦШ долларал, еврол, иенел, стерлингийн фунтал, швейцарин франкал тӀаьхьа)[1], цуьнца йо 5 % дуьненан валютийн операцеш. Махлелорхошна йукъахь валюта гӀарадаьлла Австралехь лакхара процент хӀоттор бахьнехь, валютийн базарахь правительство йукъагӀертарах дикка маьрша хиларна, австралин экономика а, политикин система а йерриг цхьанаэшшара хиларна.[2]

1988 шарахь дуьйна банкноташ йеш кехат ца леладо, лелайо башха йуткъа пластик.

Иттаннийн валюта долу Австралин доллар, йукъахецна 1966 шеран 14 февралехь, цуо хийцина шийттаннийн австралин фунт.[3]

Керла къоман валюта йукъадаккхийтира Австралин резерван банко 1960 шарахь. Йехачу заманахь махкахь кечам бара беш, ахчанан керла хьаьркан кеп кечйеш. Оцу заманахь дира валютин цӀеран хьокъехь эзар со хьехар. 1965 шарахь Австралин премьер-министро Мензис Роберта цӀе кховдийра «the royal» аьлла. Амма иза бахархоша къобал ца йира, цундела валютин цӀе доллар.[3] На жаргоне трейдеров австралийский доллар называется «оззи» (aussie)[4] тиллира.

1988 шарахь арахийцира дуьххьарлера пластикин банкнота.[5]

1966 шарахь йукъахийцира нахарташ мах 1, 2, 5, 10, 20, 50 цент болуш. Цхьа долларан нахарт арахийцира 1984 шарахь, ткъа шина долларан нахарт — 1988 шарахь.[6] Мах 1 а, 2 а цент болу нахарташ лело йукъахийцира 1991 шарахь, банкнота 1 доллар – 1984 шарахь, ткъа 2 долларан — 1988 шарахь. Карара ахчанца мах бо жамӀ стандартан бакъонашца, гергарчу 5 центе горгдеш.

Дуьххьарлера австралин долларийн кехатан ахча арахецна 1966 шарахь. Мах 1, 2, 10, 20 доллар болу банкноташ эквивалент йара хьалха хиллачу австралин фунтан. Пхеадолларан банкнота арахийцира 1967 шарахь, бахархошна иттаннийн ахчанан система йевзинчул тӀаьхьа.

1984 шарахь 1 доллар мах болу банкнота хийцира нахарца, ткъа 2 доллар мах берг — 1988 шарахь. 50-долларан банкнота арахийцира 1973 шарахь, ткъа 100-долларан — 1984-гӀа шарахь. Массо а австралин банкнотийн цхьабосса локхалла йу, амма тайп-тайпанна йохалла йу.

1988 шарахь арахийцира дуьххьарлера пластикин банкнота (иза лерина дара Австрале европахой охьаховшаран ши бӀешо кхачарна). ХӀинца дерриг купюраш дина башха пластиках.

2014 шарахь Австралин резерван банко бакъо йелира керла чкъоьран банкноташ арахеца[7]. Керла чкъоьран банкнотийн хир бу кхин тӀе лардаран гӀирсаш, ткъа кхин а рельефан бустам бӀаьрзечарна а, гӀуо гуш долчу а адамашна. 2020 шеран чеккхенгара хьелашца керла тайпана дерриг банкноташ лело арахецна. Шира тайпана банкноташ йукъара йохур йу тишайаларца.

Валютин курсан раж

[бӀаьра нисйан | нисйан]
1 еврон мах австралин долларца.

ХӀинца Австралехь лелайо маьрша лела валютин курсан раж. Курсан политикин (курсан якорь) эффекталлин барам хуьлу инфляцин гайтамаш.

Базаран курс
Google Finance (.../AUD): RUB USD EUR GBP JPY CHF
Yahoo! Finance (.../AUD): RUB USD EUR GBP JPY CHF
XE.com (.../AUD): RUB USD EUR GBP JPY CHF
OANDA.com (.../AUD): RUB USD EUR GBP JPY CHF


Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Australian Dollar. Forex. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 19 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 3 июнехь
  2. The Australian Dollar. Yahoo! Finance. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 19 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 3 июнехь Архивйина 2012-07-09 — Wayback Machine
  3. 1 2 Australian dollar. CRN India. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 19 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 3 июнехь Архивйина 2012-05-12 — Wayback Machine
  4. Корнелиус Лука, 2005, с. 80.
  5. Our Currency. Australian Government. Department of Foreign Affairs and Trade. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 19 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 3 июнехь
  6. Circulating Coin Designs. Royal Australian Mint. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 20 ноябрь. Архивйина 2001 шеран 7 октябрехь
  7. The Next Generation Banknote Project.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Корнелиус Лука. Торговля на мировых валютных рынках = Trading in the Global Currency Markets. — М.: Альпина Паблишер, 2005. — 716 с. — ISBN 5-9614-0206-1.
Хьалха хилларг:
Австралин фунт
Йукъаметтиг: $2 = £1
Валюта Австралин
1966 – хӀинца а