Авиапошт

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Немцойн авиапоштан мохьлелоран 50 шо кхачарна лерина ФРГ марка (1969)

Авиапо́шт, я авиацин по́шт (инг. airmail[1]), — пошто дIайохьуьйтург авиацин гIоьнца хIаваан новкъа дIахьуш долу поштан зIен тайпа. Уггаре керла хIаваан поштан тайпа.

Авиапоштан лерина филателин дакъанах аэрофилатели олу.

Гайтар[нисъе | нисъе чухулара]

Авиапоштехула дIайохьуьйтург дIакхачоран хан, лаьтта тIехулачулла сиха ю, амма авиапоштан мах лакхара бу кхечу тайпана поштан зIел. Авиапошт хила тарло цхьаъ бен боцу пошт дIаяхьаран гIирс, нагахь адресат кхечу пачхьалкхехь я кхечу континентехь велахь, ткъа кехат сиха дIакхачо иэшахь.

Авиапоштан ладаме кехат Копенгагенера Стокгольме дIа а дахана юхадеана, хIунда аьлчи адресат хIинцале Лондонехь хиларна. Кехатан кхин адрес яздина, иза дIадахьийтина, дIакхачийна Ингалсе Амстердамехула (1930)[2]

Авиапоштехула дIадахьийтина кехатах аэрограмма а, авиапоштан кехат (авиакехат) а олу. Аэрограмма олу къевлина авиакехатах, арахьара дакъа леладо адресан а, кхин тIе конвертан меттана а.

Кехат хIаваэхула дIадахьийтаран конверт тIиера билгало куьйга йо я лерина авиапоштан тIелеторашца йо, я лелайо спецификан марка латийна конверташ[≡]. Пачхьалкхе хьаьжжина лело тарло кхин башха авиапоштан марканаш.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Юьхьиг[нисъе | нисъе чухулара]

Кехаташ хIаваэхула кхехьийта долийна авиапошт юкъаялале дуккха а хьалха.

Хьалхара авиапоштан рейсаш[нисъе | нисъе чухулара]

1903 шарахь аэропланаш юкъаевлича пошта лелор дагадеира цуьнца. Дуьххьара официалан рейс хилира 1911 шеран 18 февралехь ХIиндехь АллахIабадера Наини[en], оцу 13 км ехачу рейсаца Пеке Анрис дIакхачийра 6,6 эзар кехат, царех 250 лерина открытка. Кехаташна тIетоьхнера лерина штемпель йозанца: «First aerial post. U. P. Exhibition. Allahabad. 1911» («Хьалхара хIаваан пошт. Цхьаьнатоьхна къоман гайтам. АллахIабад. 1911 ш.»). Лерина штемпель АллахIабадан авиапоштан цIиен басарца хIоттадора, белхан корреспонденцин кIезиг дакъа Iаьржа беса штемпель тоьхна дара. Штемпель кечдинера ХIиндин правительствон заказаца поштан урхалло Алигарх гIалахь, иза ша-тайпана ду: клише йохийра сихха пошт дIакхаьччи. Штемпель тIехь ю Азин лаьмнаш тIехула тIомадоьду бипланан силуэт[3]:

Дуьххьарлера хIиндин АллахIабадан авиапоштан штемпель тоьхна хьалхара хIаваан поштан конверт (1911)

Штемпелан проект йиллина авиапошт яхийтинчу Уиндхэм Уолтера[en], цуьнан автомобилан фирма яра, 1908 шарахь авиаклуб а йиллира. Авиапошт дIаяхьаран дела ахча дIаделира «Оксфорд а, Кембридж а» хьешан цIийнан ингалсан студенташна хьалхара[3].

Авиацин исторера хьалхара дуьненаюкъара авиапошт регуляран лела йолаелла 1918 шеран 31 мартехь ВенаКраковЛьвовКиев маршрутаца[≡][], иза йолаелира ялх кIира хьалха Вашингтонан а, Нью-Йоркан а (Лонг-Айленд) юкъара поштан авиамаршрут дIаеллале[4][≡][].

Дуьххьара адам кеман тIехь тIемадалар гойтина, оцу юкъахь 1918 шеран 15 майхь биплан «Кёртисс JN-4» («Дженни») тIехь, Филадельфехь саца а соцуш, ВашингтонНью-Йорк маршрутаца АЦШн дуьххьарлера авиапоштан дIаязйина рейс(ингалс.)[^]

1919 шарахь пилот Хаббард Эддис (Eddie Hubbard) дIадаьхьина 60 кехат Ванкуверера (Канада) Сиэтле (АЦШ) Boeing Model C[en] кеманахь[5].

Канадехь 1918 шеран 18 июнехь Монреалера Торонто дуьххьарлера авиапошт яхар
1924 шарахь 1 июлехь йиллина дуьххьарлера трансконтиненталан Нью-Йоркера Сан-Франциско авиапоштан маршрутан АЦШ поштан гIуллакхан карта

Австралехь авиапоштаца корреспонденци дIакхачон дуьххьарлера контракт кхечира къоначу авиакомпанин Qantas (Queensland and Northern Territory Aerial Servicesх яцйина ), болхбан йолаелира 1922 шеран ноябрехь. Дуккха а кхечу рейсийн кеманаш, Vin Fiz Flyer[en] бипланан санна, авареш хилира, ткъа цхьерш чекхъевлира бохамашца. ТIаккха а, 1920-гIа шерашкахь авиарейсаш йора дукха мехкашкахь.

1928 шарахь арахецна Шют Невилан «Иштта ца веша[en]» жайнахь пилотан-ветеранан монолог ю, цуо схьагойту авиации хIоттаран гуонахьара ерриг атмосфераГӀалат дешнаш далорна ДӀакъовлуш йолу тег яц </ref>.

Air Bleu компанин поштан кеман Caudron С.630 Simoun музейнн макет. Оцу моделан кеманахь Сент-Экзюперис 1938 шарахь Гватемалехь хьалаволуш авари а йина, чIогIа чевнаш йина<ref>Кеп:Cw<Iref>[^]

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. В английском и других языках для обозначения понятий воздушной почты и авиапочты используется один термин, в то время как в русском языке воздушная почта — более общее название для разных видов транспортировки почтовых отправлений по воздуху, а авиапочта подразумевает доставку почты только самолётами; см., например:
    Воздушная почта // Филателистический словарь / Сост. О. Я. Басин. — М.: Связь, 1968. — 164 с.
  2. См. подробности в английской статье Airmail stamps of Denmark.
  3. 1 2 Токарев В. Премьера авиапочты // Филателия СССР. — 1991. — № 2. — С. 61—62.
  4. В почтовом музее Австрии // Филателия СССР. — 1975. — № 12. — С. 46—47. — (Рубрика: Глобус: проблемы, информация). [По материалам публикации в «Philatelic Magazine», London, August 1975.](Хьаьжина 10 ноябрехь 2015) Архивацийина 10 ноябрехь 2015 шеран.
  5. Грузовые авиаперевозки: история и вклад в развитие мирового рынка. Дайджест. НИИЭАП; ООО «АвиаПорт» (2003, 16 декабрь). — «Источник: компания «Boeing»»  Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 17 мартехь. Теллина 2011 шеран 24 июнехь.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Авиа; Авиапочта; Авиапочтовые линии // [http:IIfmus.ruIarticle02IFSIA.html Филателистический словарь] / Сост. О. Я. Басин. — М.: Связь, 1968. — 164 с.(Хьаьжина 6 октябрехь 2017) [http:IIwww.webcitation.orgI6iCvyk6HJ Архивацийина] 12 июнехь 2016 шеран.
  • Кеп:Книга:БФС(Хьаьжина 6 октябрехь 2017) [http:IIwww.webcitation.orgI6bsZ2FYPu Архивацийина] 28 сентябрехь 2015 шеран.
  • Блехман С. Почту доставляет самолёт II Филателия СССР. — 1967. — № 9.
  • Лангер Ф. [http:IIwww.fmus.ruIarticle02Ilanger2.html Розовый Меркурий. О чём рассказали марки.] — М.: Связь, 1969. — 224 с. [См. Хайдарабад — воздушная почта.](Хьаьжина 15 июнехь 2016) [http:IIwww.webcitation.orgI6iHiJYCC8 Архивацийина] 15 июнехь 2016 шеран.
  • Кеп:Книга:БФС(Хьаьжина 9 майхь 2016) [http:IIwww.webcitation.orgI6hNyh016o Архивацийина] 9 майхь 2016 шеран.
  • Притула В. В. Почтовые маяки Пятого океана. — М.: Радио и связь, 1982. — 104 с. — (Сер. Библиотека юного филателиста; Вып. 12).
  • Соркин Е. Б. [http:IIfmus.ruIarticle02ISorkin.html#A19 Почта спешит к людям.] — М.: Знание, 1977. — 128 с. [См. На стремительных крыльях.]
  • Cabeen R. McP.[en] [https:IIbooks.google.comIbooks?id=vB4YAAAAIAAJ&q=airmail&pgis=1#search Standard Handbook of Stamp Collecting] I Collectors Club of Chicago[en] Committee on Publications. — New York, NY, USA: Thomas Y. Crowell, 1979. — P. 207—221. — ISBN 0-690-01773-1.(ингалс.)

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Кеп:Cw
  • Кеп:Cw
  • [http:IIwww.ukrweekly.comIoldIarchiveIsearch.php?zoom_query=airmail&zoom_per_page=100&zoom_cat%5B%5D=-1&zoom_and=0 Архив](ТӀе цакхочу хьажорг) статей по авиапочте на сайте [http:IIwww.ukrweekly.comI «The Ukrainian Weekly»] (США)(ингалс.)
  • [http:IIcatalogue.klaseboer.comIvol1IhtmlIgermaair.htm «Germany Airmail»] — раздел авиапочты Германии в [http:IIcatalogue.klaseboer.comIvol1IhtmlIcatalog.htm каталоге] Эверта Класебоера (нидерл. [http:IIhome.planet.nlI~klase024I Evert Klaseboer])(ингалс.)
  • Кеп:Cw
  • [https:IIweb.archive.orgIwebI20080211082944Ihttp:IIwww.briefmarkenverein-roedelheim.deIphilathemenIfreisler-luftpost1912.htm «Die Flugpost am Rhein und Main 1912»] — статья Хайнца Фрайслера (нем. Heinz Freisler) об авиапочте на Рейне и Майне в 1912 году на сайте [https:IIweb.archive.orgIwebI20080915123611Ihttp:IIwww.briefmarkenverein-roedelheim.deIstart.htm филателистического общества Рёдельхайма] (Briefmarkenverein Rödelheim[en], Германия)(нем.)

Кеп:Пошт Кеп:Авиацин кепаш