Абу (кунья)
Абу, шорйина Абу аль, Абу-ль, Абуль, Абу-л (abū, Ӏаьр. أبو; я abū'l), иштта «аби» (доланиг дожаран кеп) — Ӏаьрбийн дош «да»; Ӏаьрбийн цӀеран (кунья) дакъа, билгалдоккху хьенан да ву «хьанехан да». Жуьгтийн маттера «Аб»[1] изза ду. Семийн къаьмнийн «абу» я «аби» долара цӀерийн ламаст чӀогӀа шира ю, хаало ширамисран иэсаш тӀехь.
Дуьххьарлерачу йоьӀан я кӀентан охьанехьа ден цӀерах тайп до, ткъа дешо «ибн» хьаланехьа ден цӀарах тайпа до. Масала: Амру я Хьасан цӀе йолчу кӀентан дех ала тарло Абу-Амру я Абуль-Хьасан; Зеид, Амран кӀант а, Хьасанан да а цӀе йолчу адамах Абу-Хьасан Зеид-ибн-Амру.
Зударийн охьанехьа цӀераш кхуллу дешца «умм» (umm), нана.
Лелоран масалаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Ӏаьрбийн дош ду дукхах йолчу долара цӀеран дакъа, гойту:
- дас кӀантана динарг,
- метоним,
- цхьаьна хӀуманна олалла.
«Абу» дешо гайта тарло дикалла, масала:
- Абуль-феда — тешаман да, аьлчи а тешаме;
- Абуль-якзан — семаллин да, аьлчи а боргӀал;
- Абул-Хейр — дикан да.
«Абу» хила тарло харц цӀеран дакъа, царна юкъахь аьшнаш яран а, масала:
- Абу-Энф — меран да, аьлчи а беха мара берг;
- Абу-Лехие — можан да, аьлчи а маж ерг;
- Абу-Сафир — шакаран да, аьлчи а шок лоькхург.
- Шеман яздархочун харц цӀе Абу-Фараджа (Abu al-Faraj) гочдо «самукъан да».
Географин цӀераш: Абу-Симбел (кенан да), Абу-Даби (акха гезан да), Абу-ГӀарайб (къиган да).
Жуьгтийн алар[нисъе бӀаьра | нисъе]
Жуьгташа дош «абу» олу «аб» я «аби» (грекаш яздарехь «ав» я «ави») олий, кхузара Авимелех (паччахьан да), Авессалом (машаран да), кхин а.
Хьаьжа иштта[нисъе бӀаьра | нисъе]
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Абу // Энциклопедический словарь, составленный русскими учеными и литераторами. СПб., 1861.