Абу Хьузайфат бин Ӏутбат
Арахьара хатӀ
Талларе хьожуш
| Абу Хьузайфат бин Ӏутбат | |
|---|---|
| أبو حذيفة بن عتبة | |
| | |
| Вина терахь | 581 |
| Вина меттиг | Макка |
| Кхелхина терахь | 633 |
| Кхелхина меттиг | Ямаматан гӀазот |
| Къам, некъе | Ӏаьрбий, Къурайш, Бану Ӏабд Шамс |
| Да | Ӏутбат бин РабиӀат |
| Нана | ПетӀимат бинт Сафван бин Умаят |
| Зуда | СахӀлат бинт СухӀайль бин Ӏамр |
| Бераш | Мухьаммад бин Абу Хьузайфат |
| Динлелор | Ислам |
| ТӀеман гӀуллакх | |
| ТӀемаш | |
Абу Хьузайфат бин Ӏутбат (Ӏаьр. أبو حذيفة بن عتبة) — Мухьаммад пайхамаран ﷺ хьалхарчу накъостех цхьаъ ву. Ӏутбат бин РабиӀатан кӀант хилла иза, Бану Ӏабд Шамсан куьйгалхойх цхьаъ ву. Валид бин Ӏутбатан а, Абу Супьенан зудчунна ХӀинд бинт Ӏутбатан ваша а хилла.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Цуьнан зуда хилла СахӀлат бинт СухӀайль, тӀелаьцна кӀант а хилла Салим Мавла Абу Хьузайфат. Хьузайфата Бадруна гӀазотехь тӀом бинна хилла, шен да а, ваша а, деваша а вийна хиларх тешалхо хилла иза.
Тайпа
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Иза ву Ассахьаби Абу Хьузайфат бин Ӏутбат бин РабиӀат бин Ӏабд Шамс бин Ӏабд Манап аль-Къураши,
- Цуьнан йиша йу Абу Супьенан зуда ХӀинд бинт Ӏутбат.