Чулацаман тӀегӀо

Абу ЖахӀл

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Абу ЖахӀл ибн ХӀишам
Ӏаьр. أبو جهل بن هشام‎‎
Говзалла политик
Вина терахь 572({{padleft:572|4|0}})
Вина меттиг Макка
Кхелхина терахь 624 шеран 13 март({{padleft:624|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:13|2|0}})[1]
Кхелхина меттиг Бадр
Къам, некъе къурайш, Ӏаьрбий
Да ХӀишам бин МугӀират
Нана Асмаъ бинт Мухрибат
Зуда Бинт Ӏумайр бин МуӀаббат
Бераш Зарарат, Тамими, Ӏикримат
Динлелор ширк
ТӀеман гӀуллакх
ТӀемаш

Абу ЖахӀл Ӏамр ибн ХӀиша́м ибн аль-МугӀийрат аль-Махзу́ми аль-Къураший (Ӏаьр. أبو جهل عمرو بن هشام بن المغيرة المخزومي القرشي‎‎; 570-е, Макка624 шеран 13 март[1], Бадр[d], Мадийнатан провинци[d]) — иза Кинанат тайпанах болчу къурайшин элех цхьаъ а, Мухьаммад пайхамаран ﷺ мостагӀех уггар луьраниг а ву.

Дахар дӀайаздар[бӀаьра нисйан | нисйан]

Иза ву: Ӏамр ибн ХӀишам ибн аль-МугӀийрат ибн ӀабдуллахӀ ибн Ӏумар аль-Къураший. Иза Бану Махзум тайпанах схьаваьлла ву. Цуьнан бакъ цӀе Ӏамр йа Абул-Хьакам (Ӏаьр. أبو الحكم‎‎) йу. Вон амалш йолу дела, вон хӀуманаш долу дера, къинхетам а оьзда воцу дера, цунна цӀе тиллина «Абу ЖахӀл» (цахааран да) аьлла. Абу ЖахӀла йийра дуьххьарлера бусалба зуда Сумайят. Пайхамар вен гӀерташ, дуккха а цунна зуламдина цо. Абу Суфьянан къепал кӀелхьара йаккхархьама, цо шен эскарца бусалбанашна дуьхьал тӀом бира, Бадран гӀу йоллучохь. Оцу тӀам тӀехь вийра Абу ЖахӀл. МостагӀех хьулвелла Къаф лам тӀехь Оркам цӀе йолчу шен асхьабан хӀусамехь хилла Мухьаммад пайхамар . Цигахь иза, сийсазвеш, лаза а веш, цунна дов дина Абу ДжаьхӀала. Иза хиина Мухьаммадан девешина Хьамзатна , талла ваханчуьра цӀа вогӀуш. Гулбеллачу нахана йуккъехь ша диначух дозалла деш, иза дӀа дуьйцуш лаьтташ Абу ЖахӀл а волуш, озийна Ӏад а долуш веана тӀе хӀоьттина Хьамзат. ТӀекхоччушехь цо коьртах тоьхна Абу ДжаьхӀлана, йоккха чов а йеш. Орцах хьаьдда Абу ДжаьхӀилан гергарнаш. «Виталаш иза, — аьлла кхеравеллачу Абу ДжаьхӀила, — Хьамзат кӀад ван а дагахь. Ша бакъ долуш, вон лазийна цуьнан вешин кӀант». Ткъа иза ша даран бахьана, Мухьаммада дин хийцар ду, аьлла цо. Хьамзат ша а ца хилла цу хенахь имане веана. Амма шен вешин кӀант лазорна кийра йоьссинчу оьгӀазлонна, кхетамо ца динарг деш, дог хийцина Хьамзатан.

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]