Абу ДжаьхӀль

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Абу ДжаьхӀль
أبو جهل بن هشام
Абуль Хьакам, Абу ДжаьхӀль
Вина терахь 572({{padleft:572|4|0}})
Вина меттиг Макка
Кхелхина терахь 624 шеран 17 март({{padleft:624|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:17|2|0}})
Кхелхина меттиг Бадр
Къам Къурайш, Ӏаьрбий
Да ХӀишам бин МугӀират
Нана Асмаъ бинт Мухрибат
Зуда Бинт Ӏумайр бин МуӀаббат
Бераш Зарарат, Тамими, Ӏикримат
Динлелор Ширк

Ӏамру бин ХӀишам бин МугӀират — ( Ӏаьр. عمرو بن هشام بن المغيرة‎‎) — Мухьаммад пайхамаран луьра мостагӀех цхьаъ ву, къурайш а, Мухьаммадан нийсархо а ву.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Иза ву: Ӏамр бин ХӀишам бин аль-МугӀират бин ӀабдуллахӀ бин Ӏумар аль-Къураши. Бану МахӀзум тайпанах схьаваьлла. Мухьаммад пайхамаран нийсархохилла иза.

Цуьнан баккъалла йолу цӀе йу Ӏамр йа Абуль Хьакам (Ӏаьр. أبو الحكم‎‎) йу. Вон амалш йолу дера, вон хӀуманаш долу дера, къинхетам а оьзда воцу дера, цунна цӀе тиллира «Абу ДжаьхӀль» (Цакхетаман да). Абу ДжаьхӀлас йийра дуьххьарлера бусулбан зуда Сумайят. Пайхамар вен гӀерташ, дуккха а зулам дина цо Мухьаммадна. Абу Супьенан къепал кӀелхьара йаккха хьама, цо шен эскарца, бусулбан нахаца тӀом бира, Бадран гӀу йоллучохь. Оцу тӀам тӀехь вийра Абу ДжаьхӀль. МостагӀех хьулвелла Къаф лам тӀехь Оркам цӀе йолчу шен асхьабан хӀусамехь хилла Мухьаммад пайхамар . Цигахь иза, сийсазвеш, лаза а веш, цунна дов дина Абу ДжаьхӀала. Иза хиина Мухьаммадан девешина Хьамзатна , талла ваханчуьра цӀа вогӀуш. Гулбеллачу нахана йуккъехь ша диначух дозалла деш, иза дӀа дуьйцуш лаьтташ Абу ДжаьхӀль а волуш, озийна Ӏад а долуш веана тӀе хӀоьттина Хьамзат. ТӀекхоччушехь цо коьртах тоьхна Абу ДжаьхӀлана, йоккха чов а йеш. Орцах хьаьдда Абу ДжаьхӀилан гергарнаш. «Виталаш иза, — аьлла кхеравеллачу Абу ДжаьхӀила, — Хьамзат кӀад ван а дагахь. Ша бакъ долуш, вон лазийна цуьнан вешин кӀант». Ткъа иза ша даран бахьана, Мухьаммада дин хийцар ду, аьлла цо. Хьамзат ша а ца хилла цу хенахь имане веана. Амма шен вешин кӀант лазорна кийра йоьссинчу оьгӀазлонна, кхетамо ца динарг деш, дог хийцина Хьамзатан.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]