Абу Бакр аль-Бакъиллани

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Абу́ Бакр Мухьа́ммад ибн ат-ТӀаййиб аль-Бакъилла́ни
أبو بكر محمد بن الطيب الباقلاني
Говзалла Ӏелам стаг, къеда
Вина терахь 950 шо({{padleft:950|4|0}})
Вина меттиг Басра
Кхелхина терахь 1013 шеран 5 июнь({{padleft:1013|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})
Кхелхина меттиг БагӀдад
Пачхьалкх Ӏаббасийн халифат
Къам Ӏаьрбий
Да ат-ТӀаййиб
Динлелор Ислам, сунний, ашӀарий
ГӀулаккхан некъ ислам дин хьехар[d], калам[d]
Хьехархой Ибн Муджахид ат-Таи[d][1], Абу аль-Хасан аль-Бахили[d][1][2], Ад-Даракутни[d], Абу Бакр аль-Абхари[d][3]

Абу́ Бакр Муха́ммад ибн ат-Таййиб аль-Бакилла́ни (Ӏаьр. أبو بكر محمد بن الطيب الباقلاني‎‎; 950 гергга, Басра5 июнехь 1013) — ашӀарийн каламан ишколан исторехь дуьххьарлера ладаме стаг, ашӀарийн философийн шолгӀачу чкъоьран векал. Каламан хьесапашца йина дуьххьарлера ашӀарийн доктринан систематикан формула, кечйина цуьнан метафизикан структура.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Аль-Бакъиллани вина Басрехь, билггала вина терахь хууш дац, хетарехь 940 шо гергга. Басрехь аль-Бакъилланис дийшира аль-АшӀарин шина дешархочуьнгахь. Басрера 970 шо гергга долуш цуьнга кхайкхира динах къовсамехь дакъа лаца буидин эмиран Ӏадуд-ад-даулан кертахь. Цул тӀаьхьа иза кхелхира эмирца БагӀдаде, цигара 982 шарахь хьажийра официалан вакилатца Константинополе, 983 шо кхаччалц цигахь хьевелира иза, ша даьхьна гӀуллакх чекх ца долуш, эмир валар бахьнехь делахь йа даьхьна гӀуллакх чекхдаккха аьтту боцуш делахь а. Константинополехь цуо масийттаза къамел дира византийн императорца, цуо бакъо йелира аль-Бакъилланин ша волуш чалма а, баьццара оба а, мачаш а дӀа ца йаха[4].

Шен йисина хан, йерриг аьлча санна, аль-Бакъилланис йаьккхира БагӀдадехь[5].

Кхолламаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • I‘jāz al-Qur’ān
  • Al-Intiṣār lil-Qur’ān
  • Al-Taqrīb wa-al-irshād al-ṣaghīr
  • Kitāb tamhīd al-awāʼil wa-talkhīṣ al-dalāʼil
  • Al-Inṣāf fīmā yajibu i‘tiqāduhu wa-lā yajūzu al-jahl bihi fī ‘ilm al-kalām
  • Manāqib al-A’immah al-arba‘ah

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]