Абу Бакр Мухьаммад ар-Рази
Абу Бакр Мухьаммад ар-Рази | |
![]() | |
Вина терахь | 865 гергга |
---|---|
Вина меттиг | Рей |
Кхелхина терахь | 925 гергга |
Кхелхина меттиг | Рей |
Пачхьалкх | |
Ӏилманан кхоче | астрономи, математика, медицина, философи, алхими |
Воьвзу сана | астроном, философ, математик** |
![]() |
Абу́ Бакр Мухьа́ммад ибн Закария́ ар-Рази́ (865 шо гергга, Рей — 925 шо гергга, циггахь) — гӀажарийн Ӏилманча-энциклопедихо, лор, алхимик, философ. Ар-Разин дукхаха болу кхолламаш тӀаьхьа гочбира латинан матте, шуьйра гӀарабевлира, къобал бира малхбузан европан лоьрашна а, алхимикашна а юкъахь. Европехь вевза латине яьккхинчу цӀерашца Разес (Rhazes) а, Abubater а.
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Абу Бакр Мухьаммад ибн Закария Ар-Рази вина гӀажарийн гӀалахь Рейхь, Тегеранан гергахь. ГӀажарчохь цуо чекхдаьккхина тайп-тайпана агӀора дешар, философи, метафизика, поэзи, алхими. Къуона воллушехь волавелла зиеделларш дар металлашна дешийн деш, «эликсир» деш. 30 шо долуш Ар-Рази вахара БагӀдаде, цигахь Ӏамийра медицина. Кестта иза гӀаравелира чӀогӀа говза лор санна; куьйгалла дира Рейра клиникехь, тӀаккха БагӀдадехь а. Ар-Рази дика евзаш вара антикан Ӏилманан медицина а, философи а; цуо битира философийн, этикан, теологин, логикан, медицинан, астрономин, физикан, алхимин белхаш — берриг 184 кхоллам, царех вайга кхаьчна 61; дукхаха болу Ар-Разин белхаш X—XIII бӀешерашкахь Европехь гочдина латинан матте.
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Фигуровский Н. А. Очерк общей истории химии. От древнейших времен до начала XIX века. — М.: Наука, 1969. — 455 с.
- Всеобщая история химии. Возникновение и развитие химии с древнейших времен до XVII века. — М.: Наука, 1980. — 399 с.
- Большая советская энциклопедия. В 30 тт.
- Разес // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона.
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Всеобщая история химии
- Биографии химиков Архивацийина 19 октябрехь 2018 шеран.
ХӀара яззам табарна бакъхьа ду?:
|