Абу-Шайх

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Абу-Шайх
Абу Башир ал-Яхсави
Говзалла Авлияъ
Вина терахь 1810({{padleft:1810|4|0}})
Вина меттиг Ӏаьндари, ДегӀаста
Кхелхина терахь 1873({{padleft:1873|4|0}})
Кхелхина меттиг Таьшкичу, ДегӀаста
Къам Нохчо
Да Гоги
Бераш Апти, Ӏаьрби, СаӀид, Халид
Динлелор Ислам
Лоруш волу динаш Ислам

Абу-Шайх йа Шейх Абу Башир ал-Яхсави (1810 шо1873 шо Таьшкичу, ДегӀаста) — Нохчийчоьн а, ДегӀастанан а авлияъ, Накъшбандин тӀарикъатера шайх. Шайх Абу Башир ал-Яхсави (Таьшкичура Башир) имам Шемалан наибех цхьаъ хилла[1][2]. Тайпана дишний.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Динан некъ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Леррина динан Ӏилма шегахь Абу-Шайхехь дацара. Дуьххьарлера Исламан дешаран бух цунна Ӏамийра шен устазо Умалат-Шайха Сиржа-Эвлара. Цуо тӀаьхьуо тӀедиллира шен муридан хьайн вирдан тоба вовшах тоха аьлла. Иштта, Абу-Шайх коьрте хӀутту керлачу накъшбандийн тӀарикъатан, цуьнан орамаш даьржа Нохчийчохь (Теркйист, Хьалха-Марта, кхин а) а, ДегӀастанан дозанашца а[3].

Дешархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Абу-Шайха даржийна накъшбандин тӀарикъат Къилбаседа Кавказехь. Цуо кхиийна, "даражатуль-авлияъ" тӀегӀан тӀекхачийна Лаха Неврера Шайх Ӏусман-Хьаьжа Хантиев, ЧӀаьнта-Йуьртара Шайх Элах-молла (Алихан Дебиров), Таьшкийчура Хож-Ахьмад, Коьсткера Герехан-Хьаьжа[4].

Весет[нисйе бӀаьра | нисйе]

Царех шен дӀаверзоран весет дина Абу-Шайха Ӏусман-Хаьжа Нуран Неврига. Цуьнан весето веллачул тӀаьхьа Ӏусмане ша дӀаволла аьлла хилла. Абу-Шайха кхочуш дина цуьнан весет – ша аьтту агӀора а ца вуьллуш, йуьхь хьала ерзош дӀаволла аьлла долу, ткъа иза бусалбанаш лело хӀума дац. Башир Шайха кхетийна цунах, нагахь Ӏусмана ша ма-бохху весет кхочуш дахь, Нохчийчохь а, ДегӀастанахь цкъан а мацалла гур йац, кхечу динашкарчара новкъарло а йийр йацаьлла. Шайх Ӏусман-Хьаьжас кхочуш дина шайн устазан весет[5].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]