Абуев, Магомед Лечаевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Магомед Лечаевич Абуев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх  Кхазакхстан Росси
Говзалла Йеза атлетика
Вина терахь 1992 шеран 3 сентябрь({{padleft:1992|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:3|2|0}}) (31 шо)
Вина меттиг Кхазакхстан
Спортан карьера 2005 — таханналц
Тренераш
Локхалла 185 см
Йозалла 126 кг кхаччалц
Арахьара суьрташ
Магомед Абуев

Магоме́д Леча́евич Абу́ев (1992 шеран 3 сентябрь, Кхазакхстан) — нохчийн штангист, Кхазакхстанан чемпион, Российн 2013 шеран йеза атлетикин чемпионатан дато совгӀатхо.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1992 шеран 3 сентябрехь Кхазакхстанехь. 2005 шарахь иза волавелира йеза атлетика Ӏамо. Цуьнан тренер вара Павел Маратович Ли. 2008 шарахь цо кхочуш йира спортан говзанчан норматив, 2009 шеран — халкъашна йуккъера даржан спортан говзанчан норматив. Иза ву тӀаьх-йеза категорехь Кхазакхстанан чемпион а, рекордсмен а. 2010 шарахь иза Нохчийн Республике цӀавирзира. Цуьнан хӀнцлера тренер ву Ибрагим Самадов.

Иза ву К. Г. Разумовскийн цӀарах йолу Москван пачхьалкхан технологийн а, урхаллан а унивеситетан студент[1].

Спортан кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Казанехь 2013 шарахь хилла йолу Универсиадан борзан совгӀатхо (197+230=427)[2];
  • 2014 шарахь хилла Российн кегирхойн III аьхкенан Спартакиадан чемпионатан чемпион (Новочебоксарск, 200+240=440);
  • 2013 шарахь хилла 23 шо кхачаз болу кегирхойн чемпионатан толамхо (Таллин, Эстони, 195+215=410);
  • 2013 шарахь хилла Российн чемпионатан дато совгӀатхо (Казань, 201+243=444);
  • 2012 шарахь хилла юниорийн дуьненан чемпионатан толамхо (Антигуа, Гватемала, 191+235=426);
  • 2012 шарахь хилла юниорийн йукъахь йолу Европин чемпионатан чемпион (Эйлат, Исраил, 192+232=424);
  • 2012 шарахь юниорашна йукъахь Российн чемпион (Шахты, 190+237=427);
  • 2011 шарахь юниорашна йукъахь хилла Европин чемпионатан борзан совгӀатхо (Бухарест, 178+212=390);
  • 2010 шеран Кхазакхстанан чемпион (185+231=416, Кхазакхстанан рекорд).

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • С-А. М. Аслаханов, Х. Х. Хизриев. Физическая культура и спорт Чечни: истоки и современность. — Москва: «Перо», 2015. — С. 76-77. — 240 с. — ISBN 978-500086-997-0.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]