Абрамова, Клавдия Ильинична
![]() | ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Абрамова Клавдия Ильинична | |
---|---|
Разуваева Клавдия Ильинична | |
ГӀуллакхан тайпа | юрист |
Йина терахь | 1906 шо |
Йина меттиг | Архангельски Самарин губерни |
Кхелхина терахь | 1942 шеран 3 октябрь |
Кхелхина меттиг | Ставрополь |
Майра | Абрамов Павел |
Бераш | шина йоьӀна, тоьпаш тоьхна ненаца цхьаьна |
СовгӀаташ |
Абра́мова Кла́вдия Ильи́нична (мааре йахале — Разуваева) (1906—1942) — прокуратуран белхахо, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болучу хенахь къайлаха боламан декъашхо, еллачул тӀаьхьа совгӀат дина 1-ра тӀегӀанера Даймехкан тӀеман орденца.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Разуваева Клавдия йина Архангельски посёлкехь, 1920-гӀа шераш долалуш кхелхира Уфа, тегархо болх бира керла йинчу «8 Мартан» фабрикехь. 1933 шарахь деша хӀоьттира Москохан советийн бакъонийн П. И. Стучкин цӀарах институте. Цигахь вевзира шен хин волу майра, Белорецкера студент, Абрамов Павел. Институт чекхйаьккхича АбрамовгӀара хьовсийра Ставрополан махка.
Абрамов Павел кхайкхира тӀамтӀе, ткъа Клавдия Ильинична йисира Ставрополехь. Иза оцу хенахь прокуроран гӀоьнча даржехь а йара, областан прокуратуран партин кхолламан секретарь а йара. Орджоникидзен (Ставрополан) прокуратура кхалхийра ГӀизларе, амма Абрамова ца кхиира дӀакхалха.
Къайлаха белхашкахь дакъалецира, мотт тоьхна лецира оккупацин Ӏедало 1942 шеран сентябрехь. Цуьнга элира бахархошка болчу кхайкхам тӀе куьг йазде, немцойн Ӏедалан болх баре а кхайкха бахархошка, тӀаккха дийна йуьтур йу иза а, цуьнан 6 а, 11 а шераш долу ши йоӀ а, амма иза реза ца хилира. 1942 шеран 3 октябрехь цунна берашца цхьаьна тоьпаш туьйхира набахтин кертахь.
Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]
Абрамова Клавдия Ильиничнан еллачул тӀаьхьа совгӀат дира I тӀегӀанер Даймехкан тӀеман орденца.
Абрамова Клавдиян цӀарах тиллина Ставрополан лакхарчу декъера ураман цӀе. Иза йаьхначу Пушкинан урамера 27 цӀенна тӀе хӀоттийна мемориалан у[1].
1967 шеран 7 майхь Уфан горисполкоман сацамца Абрамова Клавдиян цӀе йелла керла динчу гӀалан урамна. Цунна иштта хӀоттийна иэс, цунна тӀехь у ду дешнашца: «Майрачу партизанан Абрамова-Разуваева Клавдия Ильиничнин, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь шен берашца цхьаьна тоьпаш тоьхна йолчу»[2].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Елена Громова. Сотрудник Государственного архива Ставропольского края.. 25 улиц Ставрополя названы в честь воинов Великой Отечественной войны, Ставропольская правда (2009, 17 сентябрь). Архивировано коч дечара 31 январехь 2013. Хьаьжна 17 майхь 2012.
- ↑ Владимир Соловьёв. Улицы нашего города: Абрамовой Клавдии, «Уфимские ведомости» №15 (119) (2005, 21 апрель). Архивировано коч дечара 19 октябрехь 2013. Хьаьжна 17 майхь 2012.
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Уфа: улицы нашего города. — Уфа: Информреклама, 2011.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Владимир Соловьёв. Улицы нашего города: Абрамовой Клавдии, «Уфимские ведомости» №15 (119) (2005, 21 апрель). Архивировано коч дечара 19 октябрехь 2013. Хьаьжна 17 майхь 2012.
- Елена Громова. Сотрудник Государственного архива Ставропольского края. 25 улиц Ставрополя названы в честь воинов Великой Отечественной войны, Ставропольская правда (2009, 17 сентябрь). Хьаьжна 17 майхь 2012.
- Прокуратура Ставропольского края. Страницы истории