Абрамова, Ирина Олеговна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Абрамова, Ирина Олеговна
Irina Abramova.jpg
Йина терахь 1962 шеран 16 сентябрь({{padleft:1962|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:16|2|0}}) (57 шо)
Пачхьалкх ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси
Ӏилманан кхоче африканистика
Белхан меттиг РӀА Африкан институт, РӀА Президиум
Ӏилманан дарж экономикан Ӏилманийн доктор
Ӏилманан цӀе профессор,
РӀА корреспондент-декъашхо (2016)
Альма-матер М.В.Ломоносовн цӀарах МПУ Азин а, Африкан а мехкийн институт

Абра́мова Ири́на Оле́говна (йина 1962) — российн экономист, РӀА Президиуман декъашхо, РӀА Африкан институтан директор, РӀА корреспондент-декъашхо, экономикан Ӏилманийн доктор, профессор.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Йина 1962 шеран 16 сентябрехь.

1984 шарахь тӀехдика чекхдаьккхина МПУ Азин а, Африкан а мехкийн институтан социалан-экономикан факультетан Ӏаьрбийн дакъа.

1987 шарахь яздира кандидатан диссертаци, тема: «ӀРМ урбанизацин социалан-экономикан баланаш».

1994 - 1997 шерашкахь — йехна ялийна лектор Тюбингенан, Бохуман, Гейдельберган (Германи) университеташкахь а, Сан-Галлен (Швейцари) университетехь а.

2011 шарахь чекхдаьккхира докторан диссертаци, тема: «XXI бӀешеран дуьненан экономикера Африкан ресурсийн потенциал (Дуьненан керлачу экономикан моделехь африкан мехкаш дакъалацаран эндогенан детерминанташ)».

2016 шеран 28 октябрехь харжина РӀА Глобалан баланийн а, дуьненаюкъара юкъаметтигийн а декъан корреспондент-декъашхо, 2017 шарахь хаьржина РӀА Президиуман декъашхо.

Ӏилманан а, юкъараллин а гӀуллакх[нисъе бӀаьра | нисъе]

Африкан экономикан а, халкъабахархойн а баланийн РӀА Глобалан баланийн а, дуьненаюкъара юкъаметтигийн а декъан коьрта говзанча.

2004 - 2005 шерашкахь дакъалецира Россехь а, дозанал арахьа а конференцешкахь, семинарашкахь, Ахча лечкъадарна а, терроризман финансаш латтаяран а дуьненаюкъара программин гуран чохь Европан Кхеташонан экспертан хьолехь.

2004 шарахь йистхилира, хӀора шарахь Кембридж гӀалахь (Йоккха Британи) дӀахьуш йолу Экономикан зуламашца къовсам латторан дуьненаюкъара симпозиумехь.

Российн а, дозанал арахьара а мехкашкара Ӏилманчашца цхьаьна 2005—2011 шерашкахь кеч а беш дӀабаьхьира аренийн талламаш цхьа могӀа европан а, африкан а мехкашкахь халкъабахархойн а, дуьненаюкъара белхан миграцин а баланаш толлуш.

РӀА Н Африкан баланийн Ӏилманан кхеташонан декъашхо. Россехь а, дозанал арахьа а дӀаяьхьна 80 сов дуьненаюкъара конференцийн а, семинарийн а декъашхо.

«Ази а, Африка а тахана» журналан редколлегин декъашхо.

Россехь а, дозанал арахьа а арахецна 110 сов Ӏилманан белхан автор, царна юкъахь 8 монографи.

Монографеш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Абрамова И. О., Поликанов Д. В. Интернет и Африка: параллельные реальности. М.: Институт Африки РАН, 2001. 180 с.
  2. I. Abramova, D. Magnusson et al. International experience in prevention of terrorist financing. (Международный опыт по предотвращению финансирования терроризма). Council of Europe, Moscow. 2005. PP. 1–400. (на англ. яз.).
  3. Абрамова И. О. Арабский город на рубеже тысячелетий. М., Восточная литература, 2005. 256 с.
  4. Абрамова И. О., Фитуни Л. Л., Сапунцов А. Л. «Возникающие» и «несостоявшиеся» государства в мировой экономике и политике. М.: Институт Африки РАН, 2007. 198 с.
  5. I. Abramova, C. Stoll, К. Tkachenko. Germany in Africa: reconciling business and development. (Германия в Африке: бизнес и развитие). M., Institute for African Studies. RAS. 2009. PP. 1–192. (на англ. яз.).
  6. Абрамова И. О. Африканская миграция: опыт системного анализа. М.: Институт Африки РАН, 2009. 354 с.
  7. Leonid Fituni, Irina Abramova. Resource Potential of Africa and Russia’s National Interests in the XXI Century. (Ресурсный потенциал Африки и национальные интересы России в XXI веке). M., Institute for African Studies. RAS. 2010, PP. 1–212. (на англ. яз.)
  8. Абрамова И. О. Население Африки в новой глобальной экономике. М.: Институт Африки РАН, 2010. 496 с.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьалха хилларг:
Васильев, Алексей Михайлович
РӀА Африкан институтан директор
2015—
Когаметтаниг: