Абрамова, Зоя Александровна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Абрамова Зоя Александровна
Йина терахь 1925 шеран 19 март({{padleft:1925|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:19|2|0}})
Йина меттиг Потепеньки эвла, Ярославлан губерни, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 2013 шеран 31 октябрь({{padleft:2013|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:31|2|0}}) (88 шо)
Кхелхина меттиг Петарбух, Росси
Пачхьалкх ССРС, Росси
Ӏилманан кхоче истори
Ӏилманан дарж профессор
Ӏилманан цӀе Историн Ӏилманийн доктор
Альма-матер Петарбухан пачхьалкхан университетан Историн институт

Абрамова Зоя Александровна (1925 19 март Потепеньки эвла, Ярославлан губерни, РСФСР, ССРС2013 31 октябрь, Петарбух, Росси[1]) — советийн, российн историк а, археолог а, историн Ӏилманийн доктор, профессор.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йина Ярославлан губернера Потепеньки эвлахь. 1946 шарахь деша хӀоьттира ЛПУ историн факультете, 1951 шарахь тӀехдика мах хадорца язбира дипломан болх. 1952 шарахь дуьйна болх бира ЛОИА-МОьИИ декъехь. Масех диссертаци яздира[2][3], церан теманаш: «Палеолитин говзалла ССРС махкахь»[4] а, «Евразин палеолитин говзаллехь адам диллар»[5] а. 1972 шарахь хилира историн Ӏилманийн доктор, РӀА МОьИИ лакхара Ӏилманан белхахочун даржехь яра[6].

1960 шарахь дуьйна Абрамовас дукха хан йойура Енисейн палеолит Ӏамош, цунна Красноярскан хи латтийлан гена йоцуш карийра иттаннаш палеолетийн иэсаш.

1980 шарахь З. А. Абрамован куьйгаллица Брянскан областан Погаран кӀоштан Юдиновохь, Судость эркан йистехь, лоттийлин ахкарш дира, цунна тӀехула 1985 шарахь йоьгна баккхал[7], кхин дӀа ахкарш дича гучудевлира вайн деношка кхаьчна масех тоьла[8]. Аьхкира Кокорево, Афонтовн лам, Новосёлово эвла, Тыштык эркан тӀиера лоттийлаш[9]. 1970-гӀа шерашкахь талламаш бира Минусинскан боьрахь, Абаканан а, Енисейн а шина эркан юкъахь, ахкарш дира кхин а дуккха а меттигашкахь[10].

Библиографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Памяти З. А. Абрамовой (19.03.1925-29.10.2013) (оьр.). Теллина 2013 шеран 31 октябрехь.
  2. Абрамова Зоя Александровна (оьр.). Новый фриланс 24 (15 майхь 2019). Теллина 2019 шеран 28 июнехь.
  3. Абрамова Зоя Александровна — ИИМК РАН. www.archeo.ru. Теллина 2019 шеран 28 июнехь.
  4. 12 книг по первобытному искусству и культуре (ru), Энгурра (6 январехь 2017). Архивировано коч дечара 26 сентябрехь 2018. Хьаьжна 16 сентябрехь 2018.
  5. Палеолитическое искусство (оьр.). StudFiles. Теллина 2018 шеран 17 сентябрехь.
  6. Библиотека Омского государственного университета им. Ф.М. Достоевского. www.library.omsu.ru. Теллина 2018 шеран 16 сентябрехь.
  7. Стоянка Юдиново - Достояние планеты (ru). Хьаьжна 16 сентябрехь 2018.
  8. http://www.pvost.org/pv/archives/843. www.pvost.org. Теллина 2018 шеран 16 сентябрехь.
  9. Стоянка Афонтова гора - Достояние планеты (ru). Хьаьжна 16 сентябрехь 2018.
  10. По-Сибири — Грот «Двуглазка» в Хакасии. posibiri.ru. Теллина 2018 шеран 16 сентябрехь.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]