Абрамова, Анастасия Ивановна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Абрамова Анастасия
Абрамова Анастасия Ивановна
Йина терахь 1902 шеран 17 (30) июнь({{padleft:1902|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:30|2|0}})
Йина меттиг Москох, Российн импери
Кхелхина терахь 1985 шеран 26 июнь({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:26|2|0}}) (82 шо)
Кхелхина меттиг: Москох, ССРС
Корматалла: Балетан артист
Гражданалла: Российн империFlag of Russia.svg Российн империССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
Театр: Йоккхачу театр
СовгӀаташ:
Орден «Сийлаллин Билгало»
РСФСР Хьакъдолу артист — 1947

Абра́мова Анастаси́я Ива́новна (17 (30) июнь 1902, Москох26 июнь 1985, циггахь) — оьрсийн балерина. РСФСР Хьакъдолу артист (1947).

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Балетан емалчин, харц цӀе Трувит йолу, А. И. Абрамовн йиша. 1917 шарахь чекхъяьккхира Москохан хореографин доьшийла, цуьнан хьехархой бара В. Д. Тихомиров, Горский, Е. В. Гельцер, Е. О. Вазем. 1918 - 1948 шерашкахь болх бира Йоккха театрехь. Уггаре гӀараяьлла хан еина 20-гӀа шерашна, оцу хенахь иза яра Йоккхачу театран коьртачу солистех цхьаъ. Абрамован халхар къасталуш дара ира говзаллица; башха дика нислора цуьнан сиха хелхаран боларш. Хьалхара коьрта парти

Кхин партеш:

Ж.Бизен «Кармен», А. П. Бородинан «Эла Игорь» оперийн хореографин сценашкахь кхоьллира къегина битаме васташ.

Жигара болх бира балетмейстерца К. Я. Голейзовскийца цуо куьйгалла дечу студехь. Студис дукха цӀераш хийцира йоцачу хенахь, амма уггаре евзаш ерг, «Москохан камеран балет». Дукха гастролаш йира башха концертан лоьмаршца: «Прелюд» Рахманиновн, «Вальс» Крейслеран Рахманиновс тоярца, «Оьрси» Чайковскийн музыкица, кхин а). И болх битира 1948 шарахь.

СовгӀат дина «Сийлаллин Билгало» орденца (02.06.1937).

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Ивинг В. П., А. И. Абрамова, М., 1928
  • Русский балет: Энциклопедия. — М.: Большая Российская энциклопедия; Согласие, 1997. — 632 с. — 10 000 экз. — ISBN 5-85370-099-1
  • Театральная энциклопедия в 6 т. Гл. ред. П. А. Марков. — М.: Советская энциклопедия