Бислиев, Абдул-Хамид Махмудович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Абдулхамид Бислиев тӀера хьажжина кхуза)
Абдул-Хамид Махмудович Бислиев
ГӀуллакхан тайпа Ӏилманча
Вина терахь 1944 шеран 1 июнь({{padleft:1944|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь 1991 шеран 11 ноябрь({{padleft:1991|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (47 шо)
Кхелхина меттиг
Корматалла физикин-математикин Ӏилманийн доктор
Гражданалла  ССРС
Арахьара суьрташ
Абдул-Хамид Бислиев

Абдул-Хами́д Махму́дович Бисли́ев (1944 шеран 1 июнь, Семипалатинскан область, Кхазакхийн ССР, СССР — 1991 шеран 11 ноябрь, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — физикин-математикин Ӏилманийн доктор, профессор, Нохчийн пачхьалкхан университетан проректор, СССР мисарболатан хиламийн коьрта говзанчах цхьаъ.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1944 шарахь Семипалатински областехь. Цуьнан да вара математикин хьехархо. Цо марзйира шен берашна математика. 1969 шарахь Абдул-Хьамидас чекхйаьккхира Москохан пачхьалкхан университетан физикин факультет. Циггахь цо чекхйаьккхира аспирантура а, кандидатан диссертаци а[1].

1972 шарахь иза Нохчийн пачхьалкхан университетехь болх бан волавелира. Цу хенахь университетан физикин факультетехь цхьаъ бен лаборатори йацар. Бислиевс кхоьллира керла Ӏилманийн гӀирс болуш мисарболатан хиламийн лаборатори. Кхано оцу лабораторехь кечъйира масийтта кандидатан диссертаци а, Бислиеван шен докторан диссертаци а[1].

Иза вара СССР коьрта мисарболатан хиламийн физикин коьрта говзанчах цхьаъ. Цо арахийцира 60 сов Ӏилманийн болх. Царех цхьабераш кхоьчу пачхьалкхашахь арахийцира. Цо тоьлла вузийн а, Ӏилманийн-талламийн институтийн а Ӏилманийн тобанашца цхьана болх бора: Москохан пачхьалкхан университетан физикин факультет, А. А. Байкован цӀе йолу институт а, СССР Ӏилманийн академи а, МГУ ядеран физикин Ӏилманийн-талламийн институт а, МГУ физически факультетан мисарболатан проблемийн лаборатори а. Бислиев ларар бахьнехь Нохч-ГӀалгӀайн университетан физикин кафедра йара лараме Ӏилманийн проекташкахь дакъа лоцуш[1]. Бислиевс кечъйина университетехь хилира Йерригсоюзан физикин конференциш.

Валар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Профессор Абдул-Хамид Бислиев вийра 1991 шеран 11 ноябрехь цо шеца волу хьехамийн Ӏилманийн доктор, профессор, Нохчийн пачхьалкхан университетан ректор Виктор Абрамович Кан-Калик гӀо даккхаран бахьнехь. Кан-Калик а, Бислиев а цхьана аравелира университетера. Герз долу неха тобанас ректор схьа а лецна машен чухаийра. Царна новкъало йан гӀерташ волу Бислиев автомат тоьхна вийра[2].

Профессор С. А. Никитинс ядира цуьнан зудчунга:

« … Кризис йолу хенахь ле тоьлла нах… Иза иштта вара… Абдулла оьзда стаг вара. Аса эрадара иза къонахчун дог долуш стаг вара, силаллийн стаг. Цундела цо динарг ца хууш нисделла дац. Иза цуьнан турпалин дог хилар ду[1]

»

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Оьрсийн маттахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Ахтаханов Руслан. Памяти Кан-Калика Виктора Абрамовича и Абдул-Хамида Бислиева // Грозненский рабочий. — 2003. — № 2 августа.
  • Вазаева Асет. Ещё раз о чести и достоинстве // Грозненский рабочий. — 2003. — № 20 июня.
  • Висханова П. Миг, озарённый светом // Голос Чеченской Республики. — 1992. — № ноябрь.
  • Умхаева Зарган. Бислиев открывал нам тайны науки и учил доброте // Грозненский рабочий. — 2003. — № 2 августа.
  • Фёдорова Зинаида. Подвиг, неподвластный времени // Столица +. — 2011. — № 97.

Нохчийн маттахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Аболханов Хь. Бислиев Iабдул-Хьамид дагалацарна лерина (чеченский) // Даймохк. — 2011. — № 127.

Хьажорагаш[нисйе бӀаьра | нисйе]