Аба (гӀала)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Аба (гІала) тӀера хьажжина кхуза)
ГӀала
Аба
инг. Aba
Сурт
05°07′00″ къ. ш. 07°22′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Нигери
штат Абия
Истори а, географи а
Майда
  • 72 км²
Центран локхалла 205 м
Сахьтан аса UTC+1
Бахархой
Бахархой 500 183[1] стаг (1991)
Динан хӀоттам керсталла, ламасталлин динаш
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +234 82
Поштан индекс 450***
abiastate.gov.ng
Картин тӀехь
Аба картан тӀехь
Аба

Аба́[2][3] (инг. Aba, игбо Abá) — Нигерин Абия штатера гӀала. Лаьтта Аба хин тӀехь, Порт-ХаркортЭнугу цӀерпоштнекъ а, шоссе а вовшахкхетачехь.

Бахархой — 802,5 эз. стаг (2004 шо)[4].

Дуьххьала ибо тайпа охьахиина меттиг яра. 1901 шарахь кхузахь хӀоттийра британин тӀеман пост, 1915 шарахь йихкира иза Порт-Харкортца. Британин колонин администрацин административан центр яра. 1929 шарахь хилира колонин Ӏедалан налогийн политикин дуьхьала хиллачу зударийн гӀаттаман центр. 1967 шарахь правительствон эскарш дӀахилар бахьнехь, йоцачу хенахь сепаратистийн пачхьалкхан Биафран центр хилира.

Къилбаседа Нигерийра шортта мухажираш бахкар бахьнехь хилира уггар боьха пачхьалкхера гӀала. Абех кхин а олу «пийлин гӀала».

ГӀалахь долу белхаш. Даьттан пальмах даьхна сурсаташ дохкар. Сабан а, йий доккху а заводаш, даьттадаккхаран, молханийн, чӀургийн, кӀадешдаран заводаш, фабрикаш ю гӀалахь. Абехь ю дуккха а йохк-эцаран центраш, царна юкъахь ю гӀараяьлла базар «Ариариа». Йохк-эцаран а, техникин а дешаран меттигаш ю.

Меттигера футболан «Эньимба» клубо АФК Чемпионийн Лигехь (2003 а, 2005 а ш.ш.) шозза толам баьккхина.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. NIGERIA: Provinces and Cities. Cities & Urban Settlements (инг.). City Population. — The population of Nigerian cities and urban settlements with more than 40,000 inhabitants according to the 1991 census. ТӀекхочу дата: 5 октябрехь 2016. Архивировано 14 майхь 2016 года.
  2. Государства Западной Африки. Кабо-Верде // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред. Г. В. Поздняк. — М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 146—147. — ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). — ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
  3. Аба // Словарь географических названий зарубежных стран / отв. ред. А. М. Комков. — 3-е изд., перераб. и доп. — М. : Недра, 1986. — С. 7.
  4. АБА // Большая российская энциклопедия / С. Л. Кравец. — М: Большая Российская энциклопедия, 2005. — Т. 1. — С. 6. — 768 с. — 65 000 экз. — ISBN 5-85270-329-X.