Абакан (хи)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Абакан
хак. Ағбан
Abakan-04.JPG
Характеристика
Дохалла 514 км
Бассейнан майда 32 000 км²
Хи дайар 400 м³/с
ДӀаэхар
Хьост хиш вовшахкхоьтийла йолчу: Доккха Абакан а, Жима Абакан а
 · Меттиг Малхбуза Саянан къилбаседа басеш
 · Локхалла 1959 лакхахь м
 · Координаташ 51°18′36″ къ. ш. 88°30′29″ м. д.HGЯO
Хикхоче Красноярскан хилаттор
 · Меттиг Абакан гӀала
 · Локхалла 243,6 м
 · Координаташ 53°44′03″ къ. ш. 91°29′56″ м. д.HGЯO
Хи долу меттиг
Хина система Красноярскан хилаттор → Енисей → Каран хӀорд

Пачхьалкх РоссиFlag of Russia.svg Росси
Регион Хакаси
Абакан (хи) (Хакаси)
Blue 0080ff pog.svg
Blue pog.svg
Blue 0080ff pog.svg — Хьост, Blue pog.svg — Хикхоче
Абакан Викилармехь

Абака́н (лакхенашкахь — Доккха Абакан, Тюргенсу) — Хакасера эрк, Енисейн аьрру геннех даккхийчех цхьа га. Хин дохалла — 327[1] км (Доккха Абаканца — 514[1] км), хи гулдаран бассейнан майда — 32000[1] км². Средний расход воды —378 м³/с.[2]

Охьадахар[нисъе | нисъе чухулара]

Енисейн майда

Абаканан тогӀица лаьтта пхеа (республикехь йолчу бархӀаннах) административан кӀоштан мохк: Аскизан, Алтайн, Беян, Таштыпан, Усть-Абаканан.

Кхоллало Доккха Абаканан а, Жима Абаканан а хиш цхьанакхетарца, ткъа церан хьосташ ду Малхбуза Саянан а, Алтайн лаьмнийн къилбаседа басешкахь. ДӀакхета Красноярскан хилатторе Самохвал цӀе йолчу ломан кӀажошкахь. Хикхочен локхалла — 243,6 м хӀордан тӀегӀан тӀиера.

Лакхенашкахь Абакан охьадоьду готта, тайга яьллачу тогӀин чухула; Большой Монок эвлахь тогӀи цӀеххьана шорло, цунах хуьлу Хакасин-Минусинскан боьра. Кхузахь Абаканан харш декъало шортта геннашка. Эркан коьртаниг лон а, догӀан а хи кхочу. Ша лаьтта ноябран шолгӀачу декъера апрель чекхбаллалц. Эрк Енисейх кхетачохь (Красноярскан хилаттор) лаьтта Хакасин коьрта гӀала Абакан. Иштта эркан тӀехь ю — нах беха меттигаш Абаза, Доможаков, Райков. Хи дайаран дукха шерийн юккъера барам − 381 м³/с, Абазан кӀоштахь — 308 м³/с

Абаканан беттан юккъера охьадаран барам (м³/сек), дуьстина хилла долу Абазан гидрометрин станцехь. Хаамаш лерина бу 1936 – 1999 шерийн муьрехь[3].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 3 Река Абакан. Государственный водный реестр. Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 9 мартехь. Теллина 2013 шеран 27 февралехь.
  2. Кеп:Вода России
  3. Abakan at Abaza Архивацийина 4 мартехь 2016 шеран.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Абакан (река) // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  • Абакан // Словарь современных географических названий / Рус. геогр. о-во. Моск. центр; Под общ. ред. акад. В. М. Котлякова. Институт географии РАН. — Екатеринбург: У-Фактория, 2006.
  • Родевич, Всеволод Михайлович Абакан : Крат. описание реки и её бассейна / Сост. инж. пут. сообщ. Вс. М. Родевич, нач. партии исслед. Верхнего Енисея. — Санкт-Петербург : Упр. внутр. вод. пут. и шоссейн. дорог (по Отд. водяных сообщений), 1911. — [2], 104 с., 8 л. ил., карт.; 23. — (Материалы для описания русских рек и истории улучшения их судоходных условий; Вып. 27)