Абаианг

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Абаианг
инг. Abaiang
Координаташ1°50′ къ. ш. 172°57′ м. д.HGЯO
АкваториТийна океан
ГӀайренийн дукхалла31
Ерриг майда17,48 км²
ПачхьалкхКирибатиFlag of Kiribati.svg Кирибати
Хьалхара даржан АДГилбертан гӀайренаш
Абаианг (Кирибати)
Brown 804000 pog.svg
Абаианг
Бахархой (2010 шо)5502 адам.
Луьсталла314,76 адам./км²
Commons-logo.svg Абаианг Викилармехь

Аба́ианг[1][2] (инг. Abaiang) — Кирибати республикан юкъара Гилбертан гӀайренийн къилбаседа декъера атолл. Бахархой барам 2010 шарахь бара 5502 стаг.[3] ГӀайренан юкъара майда — 17,48 км². Атолл лаьтта 31 гӀайренах. ДӀадиллина европан новкъахочо Гилберт Томаса 1788 шарахь.

Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Гилбертан гӀайренийн карта
Абаианг атоллан карта

Абаианг гӀайренаш лаьтта Гилбертан гӀайренашна къилбаседа декъехь. Гуонаха Тийна океанан хиш ду. ГӀайренан 7 км къилба-малхбузехь лаьтта атолл Тарава, 28 км къилбаседа-малхбалехь — атолл Маракеи[4]. Гергара материк, Австрали, ю 3500 км генахь[5].

Архипелаган кхин гӀайренаш санна, Абаианган маржанийн кхоллам бу, иза атолл ду. Гайре деакӀуо ду. Лаьтта 31 жимачу гӀайренех, я моту[6]. Атоллан къилба-малхбален дакъа, цахеддаш, хидоькъенаш йоцуш мотун аса ю, малхбуза агӀо — мотун тоба а, шайна юкъара гота татолаш екъна, маржанийн рифаш а. ГӀайре дохалла 26 км гергга ду, шоралла — 8 км[4]. Абаианган лаьттан декъан майда ю 16 км²[4], айманаш — 225 км²[6] гергга.

ГӀайрен тӀехь евлла атоллаш тӀехь хуьлу юькъа ораматаш. Шуьйра даьржина кокосан пальмаш. Бердаца бенаш тоьхна баьццара уьнтӀепхьидаш а, хӀордан олхазарш[5] а.

Абаиангехь тропикан климат ю. Хуьлу бохаме юькъаллин циклонаш[5].

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

ГӀайре кхоллаяларан мифологи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Кирибати къоман дукхаха болчу векалша лору, шайн дай Самоара девлла тӀаьхьа Кирибати гӀайрен тӀе кхелхина синош хилар[7].

Ширачу дийцаршца Беру гIайренан а, кхин а цхьацца гIайренийн а, Гилбертан гIайренан а бахархой бина дала Нареау Хьекъалечо. Цхьаьна дийцаро ма-баххара, Нареау вехара Самоан тIаьхь. Цхьана хенахь шен Те Каинтикуаба (синойн цIа долу дахаран дитт) дитина ши бер лаха дагадеира цунна. Нареау дIавахара Самоара къилбаседехьа. Новкъахь гIелвелла, цуо садоIийла йира, хIорд охьа а таIийна, бозбунчаллин дош а аьлла. Кхузахь дехачу синоша латта кхоьллира. Оцу латах хIинца олу Къилба Табитеуэа. Бинчу белхан реза хилла, Нареауса битира и меттиг, кхин дIа къилбаседехьа вахара. ТIаьхьа, Тараву гина, иза сецира кхузахь, кхоьллира керла латтанаш. Дийцаршца Нареау Хьекъалениг бахьнехь девлла Абаианг, Макин, Бутаритари, Маракеи, Маиана, Куриа, Абемама, Аранука гIайренаш[8].

Европахой гучубовлале хилла политикан кхоллам[нисъе бӀаьра | нисъе]

Экваторан къилбаседехьа лаьтта дукхаха долчу гIайренаш тIехь (царна юкъахь Абаианг а), хуьлура масех тхьамда, хIорамма а шайн долара юкъараллин я кааинган куьйгалла дора. Царех цхьа тхьамда лорура коьртаниг[9].

Юкъаралло даиман коьрта роль ловзайора меттигерачу юкъараллин политикан дахарехь. Наггахь масех бертахь йолу юкъаралла айбалора луларчу юкъараллел. Иза, масала, хуьлура нагахь урхаллехь йолу кааинга йисинчеран «цIийнан хьалхара» елахь. Кхин бахьна дара цхьайолчу кааингин кхечу юкъараллашкара латташ схьадаха а, шайгахь совцо а ницкъ хилар: Гилбертан гIайренийн къилбаседан декъера тIемаш хуьлура латта ца тоарна, гIайренхоша цуьнан мах лакхара хадабора. Оцу гIуллакхо, шен рогIехь, бора кегийра тхьаданаш, гуттара а шайн гIайренаш тIехь тола гIерташ болу[9].

Гражданийн тӀемнийн коьрта Ӏалашо яра кӀошташна а, дийна гӀайренашна а оцу тхьамданийн олалла хӀоттор. ТӀемаш дан атта хилира европахоша архипелаг тӀедеина долу герз юкъадаьлча. Цунах доьзна дара Абаианг атоллан хьалхалера некъийн Ӏедал чӀагӀдаларан коьрта бахьна «тӀебаьхкина нах» гучубевллачул тӀаьхьа. Юкъараллин кортошна хьехар дора бахархоша сагатдо белхех лаьцна. Цхьа ладаме болх бан ле хьалха, цара пурба даккха дезара кааингехь юкъара куьйгалла а, юкъаметтигаш нисъяр а лелош волчу къаночуьнгара[10].

Европахоша гӀайре дӀаделлар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Атолл Абаианг дӀадиллина Гилберт Томаса 1788 шарахь. ХӀордахочо цунна цӀе тиллина кема долахь долуш волчун сийна «Матвейн гӀайре», ткъа лагунан, кхин цхьаьна жимачу гӀайренан санна, — Шарлотта[11] цӀе тиллина.

ГӀайренан тӀиера дин даржоран болх[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Кеп:Атлас мира
  2. Кеп:СГНЗС
  3. Kiribati Census Report 2010 Volume 1. National Statistics Office, Ministry of Finance and Economic Development, Government of Kiribati. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 10 августехь.
  4. 1 2 3 Abaiang (ингалс.). oceandots.com. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 17 февралехь. Теллина 6 января 2008.
  5. 1 2 3 Islands of Kiribati. Abaiang (ингалс.). UN SYSTEM-WIDE EARTHWATCH Web Site. Island Directory. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 17 февралехь. Теллина 6 января 2008.
  6. 1 2 Ed Lovell. Coral Reef Benthic Surveys Of Tarawa and Abaiang Atolls Republic Kiribati // SOPAC Technical Report. — 2000. — № 310. — С. 7.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  7. Sr Alaima Talu & 24 others, Sister Alaima Talu, et al Kiribati: Aspects of History: Aspects of History. — USP. — С. 9. — 162 с. — ISBN 9820200512
  8. Sr Alaima Talu & 24 others, Sister Alaima Talu, et al Kiribati: Aspects of History: Aspects of History. — USP. — С. 8. — 162 с. — ISBN 9820200512
  9. 1 2 Sr Alaima Talu & 24 others, Sister Alaima Talu, et al Kiribati: Aspects of History: Aspects of History. — USP. — С. 24. — 162 с. — ISBN 9820200512
  10. Sr Alaima Talu & 24 others, Sister Alaima Talu, et al Kiribati: Aspects of History: Aspects of History. — USP. — С. 25. — 162 с. — ISBN 9820200512
  11. Abaiang (ингалс.). Encyclopædia Britannica. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 17 февралехь. Теллина 6 января 2008.