Абаев, Ахсарбек Магометович
Абаев, Ахсарбек Магометович | |
Вина терахь | 1923 шеран 14 декабрь |
---|---|
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1982 шеран 13 май (58 шо) |
Кхелхина меттиг: | |
Эскаран тайпа | пехота[d] |
Дарж | сержант[d] |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Ахсарбе́к Магоме́тович Аба́ев (1923 шеран 14 декабрь, Дигора, Лаьмнийн Автономни Советски Социалистически Республика — 1982 шеран 13 май, Дигора, Къилбседера-ХӀирийн Автономни Советски Социалистически Республика) — гӀашсалти, отделенин командир, Советски Союзан Турпал, Сийлахь-Боккха даймехкан тӀеман декъашхо.
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Жималла[нисъе бӀаьра | нисъе]
Вина Горски АССРн Христиановское юртахь (хӀинца Къилбаседан ХӀирийчоьхь Дигора гӀала) юртбахамхон доьзаллехь. ХӀири. Цо Дигорера № 2 йолу школа чекхъяккхира. Дешна ваьлча цо «Партизан» цӀе йолу колхозехь болх бира.
ТӀеман кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
1942 шеран августехь иза ЦӀен Эскаре дӀавигира. Цо тӀом бира Къилбаседера Кавказан фронтехь. Кавказ къуьйсуш тӀом барна цунна елира «ТӀеман кхиамашна» а, «Кавказ ларъяран» а мидалш. Иштта цунна гвардин сержант цӀе елира.
1943 шеран 2 ноябрехь Керченски-Эльтигенски десантан операцехь Абаев хьалхарчарна юкъахь Керченски ахгӀайритехь охьавоьссира. 63,0 гун тӀебогӀуш хенахь десантникаш сацийра мостагӀо тӀеятташ йолу пулемёташ. Абаев текхаш мостагӀан тӀехьа тӀевеан пулемётчикаш хӀаллакбира. ТӀаккха и пулемёт юхаярзийна цо немцой къахкхира. Цуьнан майралла бахьнехь салтийн и гу схьабаккха аьтту хилира. 1943 шеран 3 ноябрехь Абаевс бовдуш болу мостагӀийн го а тесна дуьхьул а велира, пулемёт царна тӀеятташ царна бовда некъ дӀа а хадийра, 7 салти хӀаллак а вира, 2 схьа а лецира. 175,0 гу тӀехь цо дуккха сов болу немцойн кхиамца дуьхьало а йира. Немцой улле кхаьчча цо шен накъостийн хьалха а ваьлла мостагӀийна чуччабахна тӀе а летта уьш бовдийтир. Оцу шин динахь цо 32 немцойн салтий хӀаллакбира, царех 9 - 175,0 гу уллехь чуччавахна леташ.
1944 шеран 16 майхь Керченски чекхъӀанон дехьаволуш а, плацдарм схьайоккхуш а гайтина майраллин Абаеву елира Советски Союз Турпалан цӀе.
ТӀом чекхбаьлча[нисъе бӀаьра | нисъе]
1945 шарахь Абаев цӀа веар. 1947 шарахь цо чекхъяккхира Орджоникидзен эчигнекъан техникум. Иза вара Дигорехь Ӏаш а, болхбеш а. 1970 шарахь иза КПСС декъашхо хилира. Велира 1982 шеран 13 майхь.
Дагахьлаттавар[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Дигора гӀалахь хӀоттийна Абаеван бюст. Цуьна цӀе тиллина цу гӀалар № 3 йолу школа. Оцу школан тӀехь хӀоттийна мемориал у. Кхи цхьа у хӀоттийна Абаев чохь Ӏийна цӀинтӀехь. ГӀалан цхьана ураман Абаеван цӀе тиллина.
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
- Шёл парнишке в ту пору…: герои-комсомольцы в боях за Советскую Украину в годы Великой Отечественной войны 1941–1945 гг. / авт.-сост. В. Н. Немятый и др. — Киев: Молодь, 1985. — С. 3. — 367 с.
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Абаев, Ахсарбек Магометович. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
- А. М. Абаев «Информагентство „ОСинформ“» сайтехь.
- Адамаш абатца
- Бинарш 14 декабрехь
- Бинарш 1923 шарахь
- Россехь бинарш
- Белларш 13 майхь
- Белларш 1982 шарахь
- Белларш Россехь
- Советски Союзан Турпалхой
- Ленинан орден елларш
- «ТӀеман кхиамийн» мидал елларш
- «Кавказ ларъяран» мидал елла нах
- «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшаяран» мидал елла нах
- «Къинхьегаман ветеран» мидалца совгӀат динарш
- Бинарш Дигора
- ССКП декъахой
- Советийн гварди