Абадзеш

44°03′05″ къ. ш. 39°56′56″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Абадзеш
адыг. Абдзэш
Бохьан локхалла
Абсолютан локхалла2150[1] м
Лаьтта меттиг
44°03′05″ къ. ш. 39°56′56″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
РегионАдыгейчоь
Лаьмнийн системаКавказ 
Росси
Абадзеш
Адыгейчоь
Абадзеш

Абадзеш (адыг. Абдзэшоьрс. Абадзехская) — Кавказан Адыгейчуьра лам. Мурзикао дукъан уггаре лекха меттиг ю – 2150 м.

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Абадзеш – Адыгейчура лам, лаьтта ломан лакхарчу Лаго-Наки акъарин кIоштахь, Гуьржи-хин лакхенашкахь; Мурзикао дукъан уггаре лекха меттиг ю – 2150 м хӀордан сизал. Ломан санна цIе ю цуьнан кIожера Абадзеш дукъан, цуо Абадзеш лам хIутту Каменни море цIе йолчу дукъца.

Лаго-Наки акъарин тIиера деллало чIогIа хаза альпийн байнийн а, Лагонакан дукъан лайнийн сурт. Абадзеш ломал къилбехьа ю Абадзешан дукъ доккхийла (2066 м). Цунна тIера долало Курджипс эрк. Дукъ доккхийлан лахахь, кIоргехь го чухчари. Иза кхойтта чухчарех цхьаъ ю тIаьхьий хьалхий лаьтташ Курджипс эркан Iинехь. Уггаре лекха чухчари 45-50 метр ю.

Дукъ доккхийлан тIиера го кира-маьIдано даьхна оьрнаш. Цхьайолчарех хьехаш хилла, масала Университетачух, Бондаревнчух, Абсолютачух, Днепропетровскачух, кхин дIа а[2].

Ороним[нисйе бӀаьра | нисйе]

Орониман бух тIехь ду адыгийн этнографин тайпа – абдзах (абадзехаш)[3].

Кхечу версица бух тIехь ю этноним «абаза» (абазой), иза а къовса мегар долуш ду. Абадзехийн тайпа даьхна Коьрта Кавказан дукъан къилбаседа басешкахь Лаба хин атагIи тIиера Пшиша тIекхаччалц. Хета, и тайпа – ийна къаьмнех даьлла (абхазаш - чергазий). Шайн цIе кхаьчна къилбара лулахошкара – абазойшкара. Этнониман этимологи хьалайоьду абазойн «абаза» (апса) а, абадзехийн «псэи» - зез, база[4].

Ӏалам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Абадзеш ломан дикка шера басеш ю. Ломахь цанаш ю, царна йукъа-карахь ло лаьтта йовхачу заманахь а. Ломан боьххьера дIаделлало чIогIа хаза сурт: акъари Лаго-Наки, лаьмнаш Оштен а, Пшеха-Су а. Лаьмнашкахула йехкина туристийн маршруташ ю[5].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. А. В. Твердый, «Топонимический словарь Кавказа». 2011
  2. http://stihiya.club/dostoprimechatelnosti/gora-abadzesh/ Архивйина 2018-08-16 — Wayback Machine
  3. А. В. Твердый, «Топонимический словарь Кавказа». 2011
  4. Ковешников В. Н. Очерки по топонимике Кубани. Краснодар, 2006 г.
  5. https://kukarta.ru/gora-abadzesh/