АЦШ гражданийн тӀом

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
АЦШ гражданийн тӀом
CivilWarUSAColl.png
Терахь 12 апрель 18619 май 1865
Меттиг Къилбера мохк; 1863 — Къилбаседера мохк
Бахьна Лай бацабеш штаташан сецесси
ЖамӀ АЦШ толам; Къилбан юхайар; Лолла дIаяккхар
МостагӀий

Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ АЦШ

Кеп:Байракх/АШК АКШ

БӀаьччаш

Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Авраам Линкольн
Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Улисс Грант
Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Густав Фокс
Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Уильям Шерман
Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Уинфилд Скотт
Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Джордж Макклелан
Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Генри Халлек

Америкин Конфедерацин Штаташ Джефферсон Дэвис
Америкин Конфедерацин Штаташ Роберт Ли
Америкин Конфедерацин Штаташ Пьер Борегар
Америкин Конфедерацин Штаташ Джозеф Джонстон
Америкин Конфедерацин Штаташ Брэкстон Брэгг
Америкин Конфедерацин Штаташ Альберт Сидни Джонстон

Массон ницкъаш

гӀуллакхехь хила: 2 129 000 стаг[1]

гӀуллакхехь хила: 1 082 000 стаг[1]

Белларш

360 000 вийна,
215 000 доь доцуш вайна
275 200 чевнаш хилла
181 200 йийсаре лаьцна[2]

260 000 вийна,
195 000 доь доцуш вайна
137 000 чевнаш хилла
436 700 йийсаре лаьцна[2]

Массо белларш
616 222[3] велла, 410 000 доь доцуш вайна, 412 000 чевнаш хилла, ≈617 900 йийсаре лаьцна[2][4]
50 000-130 000 машаре бахархой белла.[5]
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Американ Цхьанакхетта Штаташкахь Гражданийн тӀом (инг. American Civil War) — 1861—1865 шерашкахь Американ Цхьанакхетта Штаташкахь хилла тӀом. Иштта а «Къилбаседан а, Къилбан а юккъахь тӀом» олу цунах.

ТӀом болабелира Къилбаседан цхьайтта штат Америкин Цхьаьнакхетта Штаташ чуьра араяла лаам болуш хиларна. Цара кхоьллира Американ Штаташан Конфедераци, доцца аьлча Конфедераци. Америкин Цхьаьнакхетта Штаташ урхалла а, цуьнан муьтӀахь хилла штаташах Барт (инг. the Union) олура[6].

Лолла дара тӀеман коьрта бахьана. Лай бацабар даьржина дара Къилбан Штаташкахь а, Конфедераци чу йогӀуш йолу 11 штаташкахь а. Амма Къилбаседан штаташкахь лолла магийна дацар. Лолла дӀадаккха сацам бина волу Авраам Линкольн Америкин Цхьанакхетта Штаташан президент хаьржинчул тӀаьхьа, Конфедерацин штаташ Барт чуьра арайовла гӀоьртар. Бертан хетарехь, штаташан бакъо яцар дӀакъаста. Лай бацабеш пхиъ штат йисира Бертахь. Царах «дозанера штаташ» олура. Хьалхара, Бертан тӀамехь лолла дӀаяккха Ӏалашо яцар. Дерриг 1862-чу шарахь хийцаделар[7].

1861-чу шеран 12-чу апрелехь Конфедерацин ницкъаш Къилбера Каролинехь Бертан эскаран карахь йолу Форт Саммер гӀопан тӀелатарца болабелира тӀом. Деа шарахь лаьттира тӀом. Къилбан доккха зенаш дира. 1862 шо кхаччалц къилбаседанан штаташкахь дара латарш. Ткъа 1862-гӀа шарахь дуьйна къилбера штаташкахь.

ТӀаьххьара толам баьккхара Барто. Цо толам баккхарца лолла дӀаяьккхира массо а штаташкахь.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]