АИР

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

АИРАлександра Сергеевича Яковлевн дуьххьарлера кеманийн доьзал семейство. ЦӀе тиллина Осоавиахиман ЦС председателан Алексея Ивановича Рыковн сийна. 1927—1940 шерашкахь дира оцу тайпана 20 кема — АИР-1 тӀиера АИР-19 кхаччалц.

АИР-1[нисйе бӀаьра | нисйе]

АИР-1
ВВА-3
Ю. И. Пионтковский АИР-1 кеман кабини чохь, тӀеман уллехь — механик А. А. Демешкевич.
Ю. И. Пионтковский АИР-1 кеман кабини чохь, тӀеман уллехь — механик А. А. Демешкевич.
Тайп Дайн кема
Разработчик ОКБ имени Яковлева[d]
Коьрта конструктор А. С. Яковлев
Дуьххьара тӀемадалар 1927 шеран 12 майхь
Дина барам 6+
Варианташ АИР-2
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Ши меттиг болу серий дихкина цхьаьна бӀогӀаман дийнна дечиган конструкци биплан.

Кабинаш йиллина ю. Хьалхара кабина лерина яра пассажиран. Мотор могӀан 4 цилиндран «Циррус» М-1 ницкъ 60 г. н.

Кеман проект ян йолийна 1926 шо чекхдолуш. Дуьххьара тӀемадаьлла 1927 шеран 12 майхь (пилот — Юлиан Иванович Пионтковский). 1927 шеран 19 июлехь цунна тӀехь йира рекордан рейс, кема охьа ца дуссуш Севастополера Москох дахар (1420 км 15 сахьтехь 30 минотехь, пилот — Ю. И. Пионтковский)[1][2].

1927 шеран гурахь кема лелийра ЦӀиен эскаран манёврашкахь, цхьан сакхт доцуш хьалхарчу дакъошца зӀе латторехь штабо тӀедиллинарг кхочушдеш. Манёвраш чекхъевлча иза официалан лерира уггаре дика советийн авиетка. Кеман дика конструкци бахьнехь А. С. Яковлев дӀаийцира Н. Е. Жуковскийн цӀарах академе.

Цхьаъ бен дина дац. 1977 шарахь оригиналан чертежашца шолгӀа экземпляр йина, Вадим Задорожныйн техникин музейн чухӀоттийна.

ТӀемадаларан-техникин амалаш

Параметр Гайтам
Дохалла, м 6,99
ТӀомийн дохалла, м 8,80
Кеман локхалла, м 2,65
ТӀомийн майда, м² 18,70
Мотораш 1 ПД Cirrus I, 60 г. н.
Макс. сихалла, км/сахьт 150
Крейсеран сихалла, км/сахьт 121
ТӀемадаларан локхалла, м 3850
Масса деса долуш, кг 335
Макс. тӀемадаларан масса, кг 535
Экипаж 2
Гена дахар, км 500
Рекордан гена дахар, км 1420

АИР-2[нисйе бӀаьра | нисйе]

АИР-2
Тайп Дайн кема
Разработчик ОКБ имени Яковлева[d]
Коьрта конструктор А. С. Яковлев
Дуьххьара тӀемадалар 1931 шеран 18 майхь
Базан модель АИР-1
Варианташ АИР-3

Ши меттиг болу АИР-1 кеман тӀусан вариант Сименс мотораца, нуьцкъалалла 60 г. н.[3][4]

Проект йина АИР-1 бух тӀехь. Йевза масех модификаци АИР-2:

ТӀемадаларан-техникин амалаш

Параметр Гайтам
Дохалла, м 7,00
ТӀомийн дохалла, м 8,90
Кеман локхалла, м 2,65
ТӀомийн майда, м² 18,70
Мотораш 1 ПД М-23, 65 г. н.
Макс. сихалла, км/сахьт 140
Крейсеран сихалла, км/сахьт 125
ТӀемадаларан локхалла, м 3534
Масса деса долуш, кг 403
Макс. тӀемадаларан масса, кг 646
Экипаж 2
Гена дахар, км 540
Рекордан гена дахар, км

АИР-3[нисйе бӀаьра | нисйе]

АИР-3 «Пионерская правда»
Тайп Дайн кема
Разработчик ОКБ имени Яковлева[d]
Коьрта конструктор А. С. Яковлев
Дуьххьара тӀемадалар 1929 шеран 17 августехь
Дина барам 1
Базан модель АИР-2
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Ши меттиг болу моноплан-парасоль.

Дина 1929 шарахь цхьа кема. АИР-3 зийна, лелийна гӀарабевлла пилоташ Ю. И. Пионтковскийс, Д. А. Кошица, А. Б. Юмашевс[5]. Пилоташ билгалдохура атта хьаладалар а, охьадоссар а, хьаладолуш кӀезиг дадар, чӀогӀа дика ерриг семанашца латтар, урх дӀа а хецна тӀемалела йиш хилар. Дикачу агӀора билгалдоккхура урхалла дар: кема атто додара урх тӀаьхьа, атта дара, тамехь а, лелош гӀел ца веш. 1929 шеран 6 сентябрехь пилоташ — Академин дешархоша А. Филина а, А. Ковальковс а АИР-3 тӀехь цабуьссуш бахара Кавказан Минеральни ВодыМоскох, шиъ дуьненан рекорд а хӀоттош ши меттиг болчу кӀезиг ницкъ болчу кеманийн: геналлин (1750 км) а, сихаллин (170 км/ч) а.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]