Чулацаман тӀегӀо

«Оверлорд» операци

Талланза
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
«Оверлорд» операци
Коьрта конфликт: ШолгӀа шуренан тӀом
Терахь 06.06.1944 - 31.08.1944
Меттиг Нормандин хийисте , Перенгийн мехкан невре
ЖамӀ Бартхойн толам
МостагӀий

Британин импери Ингалс
Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Ӏамарк

КхоалгӀа рейх Германи Итали Италхойн мохк

БӀаьччаш
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

ТӀеман гӀуллакх «Эла» — иза тӀеман гӀуллакх ду бартхоша шайн ницкъаш Нормандин хийисте охьабиссабеш, латар доладелира сатасале Ӏуьйренна 1944-чу шеран асаран беттан 6-чу дийнахь, чекхдаьлла оццу шарахь хьаттан беттан 25-чу дийнахь бартхой Сена хил дехьабовлуш, тӀаьххьаре а лоьмсойх Париж паргӀат а йоккхуш кхидӀа лоьмсойн-перенгийн дозане тӀелеташ.

ТӀеман гӀуллакх «Элин» шина муьрех лаьтташ ду :

  • «Нептун» — доладелла 1944-чу шарахь асаран беттан 6-чу дийнахь (вуьшта а бевзаш бу «Д де» санна), чекхдаьлла 1944-чу шарахь мангалан беттан 1-чу дийнахь. Йуьхьарлаьцна Ӏалашо йара нана-лаьтта тӀехь кхидӀа тӀелета аре йаккха, латар доьдуш дара асаран беттан 25-гӀа де кхаччалц.
  • «ЦӀай» — мостагӀ вохорца тӀелата перенгийн латтахула. Доладира нисса хьалхара мур чекх ма баьлла.

Цуьнца цхьаьна хьаьттан беттан 15-чу денна гуьйре йолайалле Ӏаьмаркхойн а, перенгийн а салтеша кхиамца чекхдаьккхира Перенгийн негӀан тӀеман гӀуллакх. Йуха и тӀемаш чекх ма баьхха Перенгийн мехкан неврера а, негӀера а тӀелеташ бартхойн сураш вовшах а кхетта кхидӀа дахара тӀелета лоьмсойн дозан тӀе, шадолу перенгийн латта паргӀатдаьккхина ала а мегаш.

ГӀуллакх кхочушдан сурт

[бӀаьра нисйан | нисйан]
1944-чу шарахь асаран беттан 6-чу дийнахь бартхойн а, лоьмсойн а хьал буссехь
«Омаха» куьпан са. 06.07.1944

ТӀегӀорторан сурт хӀотточу хенахь Ӏаьмаркан а, Ингалсан а куьйгалхой дукхо тӀетовжура шаьш мостагӀчунна «Оверлорд» тӀеман гӀуллакхан коьрта ши хӀума ца хаар шек ца хиларна — гӀуллакх кхочушдаран хан а, меттиг а. Охьадийсар ма-хуьллу къайле хилийта хӀотта а дина кхочушдинера масех эладита даржо гӀуллакхаш — «Ханакъост», «Доьналла», кхидерш а.

Дукхахьолахь охьадийсаран сурт хӀоттош верг вара тӀемада Бернард Монтгомери[1].

Цига тӀелата кечлучу хенахь бартхойн куьйгалхоша толлуш йара цуьнан шайолу Атлантикехь хӀордйист. Охьадийса меттиг хоржуш йара кху хӀуманашна тӀетовжуш: хӀордийстера мостагӀчун чӀагӀонийн чӀогӀаллина а, Силабританин хӀорд-гӀаланашкара йохаллина а, бартхойн чӀиркеманийн куьгкхоченна а (хӀунда аьлча бартхойн хӀордан ницкъашна хӀаваакеманийн гӀо оьшура).

Па-де-Калехь «Атлантикан ЧӀан» чӀагӀонаш уггаре чӀогӀа йара лоьмсойн куьйгалхоша иза уггаре кхераме меттиг йолу дела чӀагӀйайтина дела. Бартхойн куьйгалхоша къобал ца дира Па-де-Калехь охьадийсар. Бретан гӀийло йара, амма Ингалсана гена йара и.

Бартхойн куьйгалхоша сацам бира охьадийса уггар гӀоле меттиг Нормандин хийист йу аьлла, цигахь чӀагӀонаш чӀогӀо йара, амма уьш Па-де-Калехь санна оццул дукха шалонаш йолуш йацара. Ингалсера цига гено дара Па-де-Калеца дуьстича, амма уллехьо дара Бретанел. Кхин жима бахьана дацара Норманди бартхойн чӀиркеманаш тӀекхочучехь хилар а, ингалсан хӀорд-гӀаланашкара йолу йохалло магийтар а хинехула сур латтор. Лоьмсошна моттарх а хьалхарчу муьрехь бартхой цигара йолу хӀорд-гӀаланаш дӀалайа гӀертар буй уьш и дан дагахь бацара, хӀунда аьлча охьадиссина сураш латто дезаш дара «Малберри» цӀе йолчу гойзанчу хикеманаш дӀахӀуттийлийн гӀоьнца. Цундела хаьржинарг Норманди йара.

ГӀуллакх доладан хан билгалйаккхар доьзна дара дуккху а бахьанаш вовшахдарца, бӀегӀийла долу денош баттахь масех бен ца хуьлура. Бакъхьа дара бутт буззалц хьоьжуш Ӏар, хӀунда аьлча цу беттан серлоно кеманашна церан болх атто бийр бара, цу рогӀехь цо хӀордан зилбарам хьалаболуьйтур бара. Охьадийсар хила дезара (хӀордан) хи лакха а, лаха а долучу хенан йукъехь. Иза оьшура дуьхьалонан аьрдамаш охьабуьссучарна дика гаран а, йуха и охьабиссинарш мостагӀчуьнга Ӏалашоне лацалуш йолу хенан а йуккъахь йолу йукъ ларор. И денош дара 1944-чу шеран хӀутосург а, асаран а беттанийн хьалхарчу деношкахь. Цкъа дуьххьара бартхоша леринера гӀуллакх 1944-чу шеран хӀутосург бутт болалучу хенахь доло, амма кхин цхьана меттиге а (ахгӀайре Котантан, куп «Йута») сур охьадоссо лерина аьлла гӀуллакх хьедира цхьана баттана. Цу баттахь бӀегӀийла денош дара — 5--гӀа а, 6-гӀа а, 7-гӀа а. Царах хаьржира 5-гӀа де гӀуллакх доло. Амма новкъарло йечу хенан хӀоттаман бехкана Эйзенхауэра билгалдира охьадийсар 6-чу дийнахь, и де гушламехь девза «Д де» санна.

Шаьш охьа ма диссина а, шаьш схьайаьххачу меттигашкахь чӀагӀ а ма делла сураш боленехь чулета дезара. Цу меттигехь гулбала безара канадхойн а, британхойн а сураша латто безаш болу мостагӀчун ницкъаш. Иштта мостагӀчун сураш болене дӀатакхийна Монтгомерис леринера буссене Омар Брэдлин керахь долу Ӏаьмаркхойн сураш чулетар. ТӀе а леташ уьш дӀакхача безара негӀе Луар кхаччалц, шуьйрачу лараца Сене кхочуш Парижана гондахь 90 дийнахь.

Монтгомерис ша леринарг хаийтира арарчу инарлашна 1944-чу шеран бекарг баттахь Лондонехь. 1944-чу шеран аьхкенахь тӀеман гӀуллакхаш Монтгомерис ма-баххар доьдуш дара, амма «ЦӀай» цӀе йолчу тӀеман гӀуллакхехь Ӏаьмаркхойн сурийн масачу чулетаран бехкана Сенехула чекхдовлар доладелира 75-чу дийнахь.

Охьадийсар а, кхидӀа тӀелета аре йаккхар а

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Бартхоша кхидӀа тӀелета йаьккхина аре Нормандехь, 01.07.1944
Бартхоша кхидӀа тӀелета йаьккхина аре Нормандехь, 24.07.1944

1944-чу шеран хӀутосург беттан 12-чу дийнахь бартхойн кеманаша дуккху а эккхарш охьакхиссина гойзана йагорг йеш йолу 90 % зовташ йохийра. Лоьмсойн конкийн дакъош маса боламаш ца балуш дисира лартӀахь йагорг ца тоьара дера.

Асаран беттан 6-чу дийнахь бартхоша кеманаша ха а деш охьабиссабира айчетаран сурернаш: Канана невре-боле агӀор 6-гӀа британхойн хӀаваан-десантхойн дивизи, Карантанана невре агӀор шиъ Ӏаьмаркхойн дивизи — 82-гӀа а, 101-гӀа а.

Британхой бара уггар хьалхе перенгийн латтан тӀе охьабиссинарш — асаран беттан 6-чу дийнахь буьйса йуккъе йахча уьш и Кана гӀалина невре-болехь охьабиссича цара Орн хил дехьа долу тӀай дӀалецира мостагӀчуьнга шайна гӀоьнна керла ницкъаш ца баийта.

Ткъа Ӏаьмаркхойн десантхой охьабиссира цу Контантен ахгӀайренехь Нормандин буссехь Сент-Мэр-Эглиз гӀала паргӀатйоьккхуш, иза йу лоруш нана-лаьтта тӀехь болчу Перенгийн махкахь уггар хьалхе паргӀатйаьккхинарг санна.

Ӏуьйрена хӀордера сураш охьадиссадира. Уггар къиза дуьхьало лоьмсоша йира Ӏаьмаркхой охьабиссинчу «Омаха» куьпехь. Охьадийсале хьалха кхуза мостагӀ цецоьккхуьйтуш йаккхийчу тоьпаша а, кеманаша а тӀейассо йезара лоьмсошна. Амма Ӏуьйренна хиллачу дахкаран бехкана эккхарш кхуьссу кеманаш а, хӀордкеманийн йаккхий тоьпаш а тӀехтийлира, цундела «Атлантикан ЧӀан» кхузахьарчу чӀагӀонашна ду аьлла зен ца хилира. Ткъа Ӏалашонашна тӀех ца тийлинчу кхечу куьпашкахь лоьмсошна а, церан чӀагӀонашна а доккха зен хилира, цундела цара лартӀахь дуьхьало ца йира. Де чекхдолучу хенахь «Омахехь» беккъа белларш бара 1700, ткъа лазийнарш кхин а 3000, ткъа «Йутехь» эшамаш иштта бара — 197 велларг а, 500 лазийнарг а.[2]. Йуха хӀордера охьабиссинарш вовшахкхийтира 82-чу а, 101-чу а дивизера айчетаран сурерчаьрца Котантен ахгӀайренехь. Кхечу куьпашкахь а бартхоша шайна тӀедиллинарг чекхдаьккхира кегийчу эшамашца. Перенгийн мехкан хӀордйистехь асаран беттан 6-чу дийнахь хьалхарчу шалонехь охьабиссира 156,000 Ӏаьмаркхойн а, канадхойн а, ингалсхойн а салтий, цаьрца 10,000 тайп-тайпа конк. И де чекхдолуш бартхоша йаьккхира кхидӀа тӀелета кхо аре а, хӀордера 5 гӀашлойн а, 3 болатконкийн а дивизи охьайоссайира.

Охьадийсар кхиамца чекхдаьлча Эйзенхауэран оттина карадинера цунан кисанахь эшор хилахь нахана деша кечдинчу йозанца кехат : «Тхо Шербур -Гавр кӀоштехь охьадиссарх тхога кхида телета аре ца латтайелира, цундела ас духадехира сураш. Цу хенахь а, цу меттигеь а телата ас сацийнера сайн керахь болу хаам лерарца. Суро а, хӀаваъкеманаша а, хӀордкеманаша а шайн декхар текхира майраллица а, муьтӀаьхьаллица а. ХӀара гӀортор харцо хилла дӀадерзарх цхьаъ бехке хилахь и со бен хир вац»[3].

Асаран беттан 12-гӀа де чекхдолушехь Ӏаьмаркхой чубахара мостагӀ волче 80 чакхарма гена, йаьккхина аре йара 10-17 чакхарма кӀорга, цунна тӀехь дӀасайаьржира бартхойн 16 дивизи (12 гӀашлойн а, 2 айчетарийн а, 2 танкийн а). Лоьмсойн куьйгалхоша цу хенахь тӀаме хьажира 12 дивизи (царна йуккъахь 3 танкийн), кхин а 3 тӀекхочуш йара царна. Лоьмсой дакъошца йукъабовлуш цига баккхий эшамаш бохура (билгалдаккха деза церан дивизеш жимо хуьлурий бартхойл). Асаран бутт чекхболучу хенахь бартхоша кхин а дӀасайаьржира аре: 100 чакхарма нийса дӀа, 20-40 чакхарма кӀорга а. Цунна тӀехь йара 25 дивизи (царна йукъахь 4 танкийн), царна дуьхьал йара 23 лоьмсойн (царна йукъахь 9 танкийн). 1944-чу шеран асаран беттан 13-чу дийнахь лоьмсоша кхиам боккхур боцу духьал тӀелатар дира Карантан гӀала йолчехь.

Асаран беттан 18-чу дийнахь 1-чу Ӏаьмаркхойн суран 7-гӀа корпусо тӀе а леташ Котантен ахгӀайренан буссерчу хӀордйисте бекъа а боькъуш вовшахкъастийра лоьмсой. Асаран беттан 29-чу дийнахь бартхоша Шербур хӀорд-гӀала дӀалацарца шайна гӀоле дира латтор. Цул хьалха бартхойн керахь йацара цхьа а йоккха хӀорд-гӀала. Сур латтор деш дара «Малберри Б» гойзанчу хи кеманаш дӀахӀуттийлашца а, нах а, киранаш а дассорца охьадиссадечу кеманийн гӀоьнца.[4]. Цу кепара и дар экам дара хийцалучу хенан хӀоттамца, цундела бартхойн куьйгалхошна хаьара царна кӀорга хӀорд-гӀала оьший. Шербур йаккхарх керла ницкъаш сихо схьакхача болабелира. Кху хӀорд-гӀалане лалора 15,000 тонн дийнахь тӀеэца.

Мангалан беттан 16-чу дийнахь Эрвин Ромелана хала чевнаш йинера туьпан конка тӀехь волчу хенахь ингалсхойн чӀиракемано, цуьнан лелорхо вийра цо. Роммел хийцира тӀемада Гуьнтер пон Клуьгес, иза иштта дӀахӀотта везара буссехьарчу лоьмсойн сурийн Тур-ден даржехь Рунштет метта. И Рунштет шайн даржах вохийра цо бартхошца машар бан беза боху къамелаш дора аьлла лоьмсойн инарлийн туьпе.

Мангалан беттан 21-чу дийнахь 1-гӀа Ӏаьмаркхойн сур чекхделира негӀерчу сизамехь 10-15 чакхарма гена Сент-Ло гӀала дӀа а лоцуш, ингалсхойн-канадхойн салтеша къизачу латаршкахь толам баьккхича дӀалецира Кан гӀала. Цу хенахь бартхойн куьйгалхоша кхидӀа тӀелета йаьккхинчу аренера чубахаран сурт хӀоттош дара, хӀунда аьлча Нормандин гӀуллакхехь йаьккхина аре (110 чакхарма нийса дӀа, 30-50 чакхарма кӀорга) мангалан беттан 25-гӀа де тӀекхаьччача шозза кӀезиго йара йаккха леринчул. Амма аммадоцчу хӀаваахь олаллица йиш йара кхузахь тоаал ницкъаш ӀаӀо кхино доккха тӀелатаран гӀуллакх дан невре-буссехьарчу Перенгийн махкахь. Мангалан беттан 25-чу дийнахь бартхойн ницкъийн масалла хьалакхечира 1,452,000 адаме кхаччалц, йуха и терахь саца а ца соцуш дукхо хуьлуш дара.

Лоьмсойн чӀогӀа тешша бар шайн бартхошкахь йолчул тоьллачу танкех (церан «Пантераш» а, «ЦӀоькъалоьмаш» а Ӏаьмаркхойн коьртачу «Шерманел» а чӀогӀо хилар) Амма кхузахь танкаша дукха хӀума ца хуьйцура, шадерг доьзна дара хӀаваан ницкъашца, Вермахтан танкаш инзаре атта Ӏалашо хуьлура хӀаваахь олалла деш долчу бартхойн кеманашна. Дукхахйолу лоьмсойн танк йохийнера бартхойн «P-51 Mustang» а, «P-47 Thunderbolt» а кеманаша.

Ингалсехь йара бартхойн сурийн 1-ра тоба (бӀакуьйгалхо Жорж Паттон) — Дувр гӀалина гондахь Па-де-Калена дуьхьал, лоьмсошна цигара коьрта тохар хир ду моттийта. И бахьана долуш Нормандехь баккхий эшамаш ловш долчу 7-чу сурана цхьа а гӀо ца даладелла долу 15-гӀа лоьмсойн сур Па-де-Калехь дара. «Д де» даьллачул тӀахьа 5 кӀира даьлча а эладитанашка ладоьггӀа болу лоьмсойн инарлаш хӀинца а Нормандехь хилларг «диверси» йу, ткъа Паттон шайн «сурийн тоба» охьайоссо йезаш ву Па-де-Калехь моьттуш бара. Кхузахь эшам меттахӀоттабайталур доцу гӀалат дира цара. Шаьш Ӏехийний кхеттича тӀаьхье дара — Ӏаьмаркхой тӀелата болабелира и дан йаьккхинчу аренера.

  1. Отрывок из доклада Монтгомери о Нормандском сражении Архивйина 2007-09-27 — Wayback Machine. Заметка в газете «Британский союзник» от 26 января 1947 года.
  2. Demorris A. Lee. For Largo man, D-day is like yesterday (инг.). Tampa Bay Times (2008 шеран 5 июнь). ТӀекхочу терахь: 2017 шеран 28 декабрь. Архивйина 2014 шеран 24 майхь Архивйина 2014-05-24 — Wayback Machine
  3. Ryan, 2010, p. 254.
  4. Osmanski, F. A. (January 1950). "Logistical Planning of Operation Overlord". Military Review. 29 (10): 50—62. ISSN 0026-4148. ТӀекхачаран де: 2024 ш. 05 августехь.