Исхьакъ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Исхьакъ
Ӏаьр. إسحاق‎‎
Аль-ГӀуламул-Ӏалим
Вина терахь 1761 в. э. тӀейале
Вина меттиг КанӀан
Кхелхина терахь 1581 в. э. тӀейале
Кхелхина меттиг КанӀан
ДӀавоьллина меттиг ИбраьхӀиман маьждиг
Къам жуьгтий
Да ИбрахӀим
Нана Сарат
Зуда Рафикъат
Бераш Ӏайсу, ЯӀкъуб

Исхьакъ (Ӏаьр. إسحاق‎‎; шир.-ӏебар.יִצְחָק‏‎ Ицхак, ма-дарра «воьлуш верг») — иза исламан пайхамар а, ИбрахӀим пайхамаран ﷺ шолгӀа кӀант а ву Саратера. Ислам динехь веза пайхамар лоруш ву иза а, цуьнан ваша ИсмаӀил а, цу шинга Джибрил малик доьссина хилла дела, шаьшшиннан ден ИбрахӀиман верас а ву и шиъ. Къуръан чохь 16-зза хьехийна ву.

Товрат чохь а, суннатан хьосташкахь а деана ду Далла гӀурбана вен кхачийнарг Исхьакъ вара аьлла, амма цхьаболчу Ӏеламнаха иза ИсмаӀил вара аьлла.

Дахарах лаьцна[нисйе бӀаьра | нисйе]

ИбраьхӀим дӀакхелхинчул тӀаьхьа, АллахӀ-дала Исхьакъ — «пайхамар» хаьржинера. Исхьакъ пайхамара КанӀанехь болчу бахархошка, Дела цхьаъ варе дина тӀелаца аьлла кхайкхина хилла. Цуьнан ши кӀант вара, цуьнан уггаре хьомениг вара воккхах волу Ӏайсу, а жиманиг вара Якъуб (Делан пайхамар) . АллахӀ-далаАллахӀ Исхьакъан тайп-тайпана хӀуманаш дан Ӏамийнера, пайхамаран говзаллаш а. 120-шо долуш иза КанӀанехь дӀакхелхира.

Кхин хьажа[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]