Васко да Гама

1000 йукъара цхьа йаззам
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Васко да Гама
Vasco da Gama
ГӀуллакхан тайпа хӀордан эпсар, Португалин ХӀиндин губернатор
Вина терахь 1460({{padleft:1460|4|0}})
Вина меттиг Синиш, Португали
Кхелхина терахь 1524 шеран 23 декабрь({{padleft:1524|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:23|2|0}})
Кхелхина меттиг Кочин, ХӀинди
Корматалла хӀордхо, некъахо
Гражданалла Португали Португали
Да Эштеван да Гама (1430—1497)
Нана Изабель Содре
Зуда Катарина ди Атаиди
Бераш

Франсишку да Гама.
Эштеван да Гама,
Паулу да Гама,
Криштован да Гама,
Педро да Силва да Гама,
Альваро ди Атаида да Гама,

Изабель ди Атаида да Гама
Васко да Гама Викилармехь

Ва́ско да Га́ма (португалхойн алар Ва́шку да Га́ма, порт. Vasco da Gama; 1460 йа 1469 — 1524 24 декабрехь) — Сийлахь-Баккхий географин белламийн муьран Португалин хӀордахо. Дуьххьала хӀордан чухула Европера ХӀинди кхачна экспедицин баьчча. Видигейран граф (1519 шарахь дуьйна). Португалин ХӀиндин губернатор, ХӀиндин вице-паччахь (1524).

Схьавалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Васко да Гама
Португалин Синиш гӀалан Васко да Гаман жӀар оьллинчу килсан хьалхара хӀоллам

Васко да Гама вина 1460[1] (по другой версии — в 1469 году[2]) Синиш гӀалан алкайдан португалин рыцаран Эштеван да Гамин (1430—1497) а, Изабель Содрен а (порт. Isabel Sodré) доьзалехь[K 1]. Васко да шайн доьзалера пхеаннах кхоалгӀа кӀант вара: Паулу да Гама, тӀаьхьа дакъалецира ХӀинди воьдучу экспедицехь Васкоца, Жуан Содре (ненан фамили лелош хилла), Васко да Гама, Педро да Гама, Эйрес да Гама.

Хууш ду цхьаъ бен йоцу йоӀ хиллий Эштеванан а, Изабелан а — Терезе да Гама[3]. Да Гама тайпа паччахьаллехь уггаре девзаш дерг дацахь а, амма дикка шира а, хьакъ долуш а дара — иштта, церан дайшах цхьаъ, Алвару Анниш да Гама, Реконкиста йолчу хенахь гӀуллакх деш вара паччахьан Афонсу III-гӀачун, къаьстира Ӏаьржа Ӏарбашца тӀамехь, цунна рыцаран дарж[4] делира. Васкон да дон Эштеван къоналлехь гӀуллакхехь вара Фернандун, Визеу герцоган цӀахь, Сантьягон рыцарийн орденан декъашхо а вара.

Къуона шераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

1480-гӀа шерашкахь вежаршца цхьаьна Васко да Гама ша а декъа вахара Сантьягон орденан[K 2]. Португалин историкашна хетарехь, дешар, математика а, навигаци а, астрономи а хаарш Васко да Гаман кхаьчна Эворера. Цуьнан хьехархошна йукъахь, хила тарло, Закуто Авраам[5]. Васко къуоначу хенахь дуьйна дакъалоцуш вара хӀордан тӀемашкахь. 1492 шарахь французийн хӀордан талорхоша португалин Гвинейра Португали дешийца догӀу каравелла-кема дӀалаьцчахь, паччахьо цунна тӀедиллира французийн бердашца дӀа а гӀой, церан дерриг лаьтташ долу кеманаш схьалаца аьлла. Къуоначу эло кхочушдира тӀедиллинарг гӀуно сиха а, говза а, цул тӀаьхьа Францин паччахьан дийзира лаьцна кема йухадерзо. Оцу хенахь дуьххьала вевзира Васко да Гама.

Васко да Гамал хьалхарнаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Чамбийриш юхкучеран Португалера ХӀинди (баьццара аса) боьду некъ а, маршруташ Васко да Гаман (Ӏаьржа), да Ковильян Перун (можа-цӀие), Афонсу ди Пайва (сийна)

ХӀинди боьду хӀордан некъ лахар Португалин бӀешеран Ӏалашо хилла. Мохк бара оцу хенан йохк-эцаран новкъашна генахь, шен боккха пайда болуш дуьненан йохк-эцарехь дакъа ца лацалора. Экспорт жима йара, ткъа Малхбалера мехала сурсаташ, масала чамбийриш, португалхоша оьцура чӀогӀа лакхарчу мехех, ткъа мохк Реконкистал а, Кастилица хиллачу тӀемнел тӀаьхьа къиен бара, финансийн таронаш йацара.

Амма Португалин географин хьал чӀогӀа дика дара Африкин малхбуза бердашца керла мехкаш карабан а, «чамбечеран мехка» хӀордаца некъ карабан а. И ойла кхочунйан аравелира португалин инфант Энрике, исторехь вевза Генрих ХӀордахо цӀарца. 1415 шарахь Сеута дӀалаьцначул тӀаьхьа Энрике волавелира цхьаъ кхечун тӀаьхьа хьажош хӀордан экспедицеш хьежо африкин бердашца къилбехьа. ТӀаьхь-тӀаьхьа гена бовлуш, цара Гвинейн бердашкара дахьара деший а, балабора лайш а, кхуллура карийначу латташ тӀехь тӀетовжаман меттигаш[6].

Экспедицина кечам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Васко да Гама ХӀинди новкъавалар

Экспедици лерина кечйинера. Леррина цунна паччахь Жуана II-гӀа дийна а волуш, куьйгаллехь хьалха Африкин гонхьара некъ теллина, цигарчу хиш чохь хӀун кепара кеманаш деза хууш зиеделларг волу къайлаха векал Бартоломеу Диаш а волуш, диъ кема дира. «Сан-Габриэл» (флагманан кема, капитан Гонсалу Алвариш[7]) а, «Сан-Рафаэл» баьччаллехь Васко да Гамин, ваша Паулу волу, «нау» олуш долу — даккхий кхаамачтан 120—150 тонн чу хи хоьа, деакӀуон гатанашца, дай а, дика доьрзуш а долу каравелла-кема «Берриу» лач гатанашца (капитан — Николау Коэльо), юург-мерг дӀайахьа транспортан кема куьйгаллехь Гонсалу Нуниш а волуш. Экспедицехь дара уггар дика карташ а, навигацин гӀирсаш а. Коьрта штурман хӀоттийнера хьалха Диашца Дикане Догдохийлан мере вахана гӀараваьлла хӀордахо Перу Аленкер. Хиновкъа хӀордахой бевлла ца Ӏаш, бахара мозгӀар, йозанча, астроном, Ӏаьрбийн а, экваторан Африкин цигарчу меттанийн масех талмаж. Йерриг экипажан барам, тайп-тайпана мах хадорца, бара 100 - 170 стаг. 10 царех хан тоьхна зуламхо вара, уьш уггар кхераме болх бала дагахь бигнера[8].

Хинекъ бахлур болундела кеман трюмаш чу ма-диллало хи а, юург а йиллира. Оцу хенахь геначу хиновкъа бевллачу хӀордахойн даар дара: сухарш, кхоьшах йа хьозийн кхоьш дина худар. Кхин а хӀора декъашхочун денна дала дезара ах фунт дакъийна жижиг (мархийн деношкахь хуьйцура новкъахь лоцучу чӀераца), 1,25 литр хи, ши зӀока чагӀар, кӀеззиг къонза, зайтдаьтта. Наггахь, даар хийца лора хох, боь, нехча, хьач.

Дуург, мерг, духар доцуш, хӀора хӀордахочун дала дезара алап — 5 крузаду новкъан хӀора баттахь, ткъа кхин а хӀонцӀан билгала декъан бакъо йара. Эпсаршна а, штурманашна а, хууш ма-хиллара, алсама кхочура.

Португалхой максимум ладаме хьевсира экипажан герзе а. Флотилин хӀордахошкахь дара тайп-тайпана шийла герз: гӀад долу герз, гоьмукъ, алебарда, секхаӀад, лардалархьама лелайора неӀаран тӀон, эпсарша а, салтийн цхьаьна декъо а эчиган кирасаш. ХӀоъ йа чаччамаш туху герз хилар хьахийна дац, амма артиллерица армада дика кечйина йара: жимачу «Берриу» тӀехь а хӀоттийнера 12 йоккха топп, «Сан-Габриэла» а, «Сан Рафаэла» хьуш йара 20 деза герз, фальконет йоцуш.

Португалхой максимум ладаме хьевсира экипажан герзе а. Флотилин хӀордахошкахь дара тайп-тайпана шийла герз: гӀад долу герз, гоьмукъ, алебарда, секхаӀад, лардалархьама лелайора неӀаран тӀон, эпсарша а, салтийн цхьаьна декъо а эчиган кирасаш. ХӀоъ йа чаччамаш туху герз хилар хьахийна дац, амма артиллерица армада дика кечйина йара: жимачу «Берриу» тӀехь а хӀоттийнера 12 йоккха топп, «Сан-Габриэла» а, «Сан Рафаэла» хьуш йара 20 деза герз, фальконет йоцуш.

Васко да Гамал хьалхарнаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Генрих ХӀордахо велира 1460 шарахь. Оцу хенахь португалхойн кеманаш шайн аьттоне хьаьжна ца Ӏаш экваторе а ца кхаьчнера, ткъа Энрике веллачулла тӀаьхьа цхьана ханна экспедицеш севцира. Амма 1470 шо чекхдаьлчи йуха а йолийра, Сан-Томе а, Принсипи а гӀайренашка кхечира, ткъа 1482—1486 шерашкахь Диогу Кана европахошна дӀайиллира Африкин бердан йоккха аса экваторан къилбехьа.

1487 шарахь Жуан II-гӀачо латтан тӀехула ши эпсар да Ковильян Перу а, ди Пайва Афонсу а, пресвитер Иоанн а хьажийра, «чамбешболчеран мохк» лаха, легенда хилла волу урхалча ву Йуккъера Азин керсталлин пачхьалкхан аьлла легенда йина Ковильянан аьтту хилира ХӀинде кхача, амма йуха вогӀуш, шен новкъахо Эфиопехь кхелхана хилар хиина, иза цига вахара, императоран омрица иза лецира. Ковильянан аьтту белира ша бинчу белхах хаамаш даймехка дӀакхачо, цуо хаийтира ХӀинди Африкин гуо баьккхина кхачар боккъала тарло аьлла[9].

Оццу хенахь Бартоломеу Диаша дӀабиллира Дикачу сатийсаман мара, Африкин гуотесна ХӀиндий Ӏапказ чу а кхечира иза, цуьнца цуо гайтира, Ӏилманчашна ма-моьттура, Африка полюс тӀекхаччалц йоций. Диашан флотилин хӀордахой, кхин дӀа ца боьлхуш йухабирзира, иза бахьнехь хӀордахо ХӀинде ца кхочуш Португали вухверзавийзира[10].

Диашан а, Ковильянан а хаамашца паччахьан лиира керла экспедиции хьажо. Амма тӀаьхьарчу масех шарахь цуьнан кечам ца хилира, хила тарло, цӀеххьана бохам хилла паччахьан Ӏаршан когаметтаволу хьомен кӀант валар бахьнехь, паччахь сингаттаме а воьжна, пачхьалкхан гӀуллакхаш дӀатасар. 1495 шарахь Жуан II-гӀаниг веллачул тӀаьхьа Ӏарш кхечира Мануэл I-чунна, ХӀинде йоьду хӀордан экспедицин кечам ладаме карлабаьккхира.

ХӀинде дуьххьара хиновкъа бахар (1497—1499)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалхарчу ХӀинде хиновкъа вахаран Васко да Гаман маршрут

Дикачу Сатийсаман мере новкъа[нисйе бӀаьра | нисйе]

1497 шеран 8 июлехь даздарца новкъабевлира Лиссабонера. Португалхойн кеманаш сихха кхечира оцу хенахь Кастилин долу Канарийн гӀайренашка, амма Васко да Гамас омар делира уьш агӀонехь дита аьлла, мостагӀашна – испанхошна шайн Ӏалашо ца хаийта. Боцца севцира Португалин гӀайренаш тӀехь, флотилис хих дуьзира черманаш. Сьерра-Леонен бердашкара, Гама, Бартоломеу Диашан хьехарца (цуьнан кема йуьхьанца эскадрица дара, ткъа тӀаьхьа гвинейн бердашкара Сан-Жоржи-да-Мина гӀопе вирзира), мехашна, Экваторан а, Къилба а Африкин бердашца дуьхьала долу хӀордан лелачу хишна а ца вахархьама, вахара къилба-малхбузе Атлантикин Ӏапказан кӀорге, экватор чекхйаьлча бен къилба-малхбале ца вирзира. Кхо бутт белира португалхошна йуха а латта ганза[11].

Падран Васко да Гама Дикачу Сатийсаман мерехь

4 ноябрехь кеманаш Сийлахь Елена аьлла тӀаьхуо цӀе тиллинчу берда тӀедаьхкира. Кхузахь Васко да Гамас омар делира кеманаш тодан совца аьлла, амма португалхой кестта девне бевлира меттигерчу бахархошца, герзаш а лелош дов хилира. Бакхий эшамаш дика кечам бина хӀордахошна ца хилира, амма пхена Ӏад тоьхна чов йира Васко да Гаман. Дикка тӀаьхьа и меттиг йийцина Камоэнса шен «Лузиада» поэмехь[12].

Ноябрь чекхболуш флотили масех дийнан шторм дӀайаьлчи хала дехьа бевлира Дикачу Сатийсаман мерал, цул тӀаьхьа саца дийзира кеманаш тодан Мосселбай бухтехь. Киран кема чӀогӀа дохийнера, толур а доцуш, цунлера (кхин а оцу хенахь хӀордахойн цхьа дакъа деллера цингах, деа кеман тӀехь некъ бан адамаш ца тоара) сацам бира иза даго. Сурсаташ вукха кеманаш тӀе а доьттина, шеш а дехьабевлира дисинчу кхаа кеман тӀе. Кхуззахь меттигера нах гина, португалхоша цаьргара провиант (аьлчи а юург, йа провизи) ийцира, пийлан даьӀахкех дина совгӀаташ а хийцира шайца деанчу сурсаташца. ТӀаккха флотили йахара кхин дӀа къилбаседа-малхбале африкин бердашца.

1497 шеран 15 декабрехь португалхой тӀехбевлира Диаша хӀоттийначу тӀаьххьарчу падранах, ткъа 25 декабрехь кхечира хӀинца КЪАР Квазулу-Натал провинци. Цул тӀаьхьара бутт, кеманех куьг Ӏотта а, юург гулйан а шозза совцар доцург, сингаттам боцуш чекхбелира.

Мозамбик а, Момбаса а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дикачу Сатийсаман маран дехьабевлла, португалхой чубаьхкира масех бӀешарахь ХӀиндин Ӏапказан йохк-эцаран некъийн дакъа долчу меттигашка. Ӏарбийн йохк-эцархой Африкин къилба-малхбален бердашца массанхьа а бара. Церан политикин а, экономикин а Ӏаткъам бара меттигерчу султанашна[13]. Васко да Гама тӀевитира меттигерчу Мозамбикан султанна, амма португалхойн сурсаташ ца тайра меттигерчу йохк-эцархошна. Шайха португалхойх султан шеквелира, Васко да Гаман сихонца новкъа вала вийзира. Хьошалла ца леладарна, Васко да Гамас омар делира бердаш йисттерачу эвланашна йаккхий тоьпаш тоха аьлла[14]. Февраль чекхболуш флотили кхечира портан гӀала Момбасе, цу тӀе Гамас хӀорда чохь схьалецира Ӏарбийн доу, талораш дира цунна, лолла (йийсаре) лецира 30 стаг.

Малинди[нисйе бӀаьра | нисйе]

Васко Да Гама кхочу Каликуте 1498 шеран 20 майхь.

Африкин бердашца некъбеш, Васко да Гама кхечира Малинди. Меттигерчу шайхо дика тӀелецира Васко да Гама, хӀунда аьлчи иза вара Момбасаца девнехь. Цуо бартбира португалхошца йукъарчу мостагӀчунна дуьхьала. Малиндехь португалхошна дуьххьара гира хӀиндин совдегархой. Девзаш доцучу ХӀиндин Ӏапказ чухула валавезий кхеташ, Васко да Гама гӀиртира Малиндехь зиеделла лоцман лаца. ЧӀогӀа хала[K 3] Малиндин урхалчин гӀоьнца лоцман карийра. Йехачу заманахь оьрсийн[15] а, кхечу пачхьалкхийн а историкашна йукъахь иза Ахьмад ибн Маджид хилар лорура. Амма хӀинца историкаш тӀебаьхкина, Ахьмад ибн Маджид Васко Да Гаман лоцман хуьлийла дац бохучу ойлане[16].

Лоцмана къилбаседа-малхбален агӀора некъ лецира, новкъаца йолу муссонца, кеманаш ХӀинде дӀакхачийра. 1498 шеран 20 майн сарахь португалхойн кеманаш Каликут (хӀинца Кожикоде) гӀалан дуьххьала хӀорд чохь севцира.

Каликут, ХӀинди[нисйе бӀаьра | нисйе]

Каликутан заморина португалхой ларамца тӀеийцира — 3000 салтийн тӀеман парад а хӀоттош, Васко да Гаман аудиенци а йеш. Цуо дӀаделира заморинан совгӀаташ, амма цара иза цец ца ваьккхира. Заморинан кертахь болчу бусалба йохк-эцархоша гайтира, европин урхалчин совгӀаташ иштта хила ца дезар, ткъа Васко да Гама паччахьан векалел хӀордан талорхох алсама тера хилар[17]. Заморина португалхошна бакъо йелира йохк-эцаран фактореш дӀаелла, амма церан мах ледара хуьлура. ХӀиндахошца къийсамаш бевлира португалхошкара йоьху налог бахьнехь. Дохковаьлла, Васко да Гама Кожикодера дӀавахара, шеца нуьцкъала ткъех овхо а вуьгуш[18].

Португале йухаверзар[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀиндера йухавогӀуш Малиндехь Васко да Гамас йоьгӀна падран

ЙухабогӀуш новкъахь португалхоша дӀалецира масех йохк-иэцаран кема. Шен рогӀехь, Гоан урхалчан лиира чу а балийна, эскадра схьалаца, церан кеманаш лулахошца тӀамехь лелорхьама. ХӀордан талорхой йухабетта бийзира. Африкин бердашка кхаа баттахь бина новкъаца, царна йовхо а, экипажан цамгарш а лаьттира. 1499 шеран 2 январехь хӀордахошна гира хьалдолу гӀала Могадишо. КӀезиг а, гӀелъелла а йолчу тобанца охьабисса ца баьхьна, да Гамас омар делира «кхеро» гӀалин чу йаккхий тоьпаш тоха аьлла.

7 январехь хӀордахой кхечира Малинде, цигахь, шайхо делла, пхеа дийнахь дианчу дикачу даарш а, стоьмаш а гӀора даийтира хӀордахошна. ХӀетте а экипажаш лагъелла йара, 13 январехь Малиндал къилбехьа севццачу хенахь цхьа кема дагон дийзира. 28 январехь тӀехдевлира Занзибар гӀайренан, 1 февралехь севцира Мозамбикан гергахь, 20 мартехь йуха а Дикачу Сатийсаман меран гуо тесира. 16 апрелехь новкъаца хьоькху мохо дӀакхачийра Баьццара Меран гӀайренашка. Цигара Васко да Гамас хьалха кема дахийтира, цуо 10 июлехь кхаъ кхачийра Португале экспедицин аьттунах. Ша капитан-баьчча хьевелира вешин Паулу да Гаман[19] цамгар бахьнехь. 1499 шеран августехь йа сентябрехь[K 4] Васко да Гама дозаллийца йухавирзира Лиссабоне. ЦӀа деира ши кема а, 55 стаг а. ТӀаккха а, финансийн агӀора, Васко да Гаман экспедици хилира чӀогӀа пайден — ХӀиндера деина сурсаташ доьхкина ахча кхузткъазза совделира экспедицина йинчу харжал.

ХӀинде вахаран хьалхарчу а, шолгӀачу а йукъан (1499—1502)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Паччахьо Васко да Гама цӀа веачи титул йелира «дон», эла веш, пенси а хӀоттийра 1000 крузаду. Амма иза гӀертара шех Синиш гӀалан сеньор вайта. ГӀуллакх дахдаларна, паччахьо цӀе езачу новкъахочун пенси тӀетуьйхира, ткъа 1502 шарахь, шолгӀа новкъа валале, «ХӀиндин Ӏапказан адмирал» дарж делира, йерриг сийлаллашца, гӀолешца. Синиш гӀалан Ӏуналла деш Сантьягон Орден йара. Паччахьан лаахь а, Орден дуьхьала йара, Васко да Гама Синишан сеньорварна. Хьал оьгӀазе дара Васко да Гаман, хӀунда аьлчи иза оцу орденан рыцарь вара. 1507 шарахь, тӀаьххьара Синиш бахьнехь Сантьягон Орденца дов даьккхина, Васко да Гама дӀакхийтира цуьнца къовсаеллачу Ӏийсан Орденах[20].

ХӀиндера йухавирзинчул тӀаьхьа дукха хан йаллале Васко да Гамас йалийра Алворан алкайдан йоӀ Катарина ди Атаиди. Да Гамин зуда йара гӀарабаьллачу Алмейдан доьзалера, ди Алмейда Франсишку цуьнан шича вара.

ШолгӀа ХӀинде вахар (1502—1503)[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀиндин Малабаран берд, Васко да Гама хьалха волу Португалин 4-гӀа ХӀиндин армадан маршрут (1502 шо).

ХӀинди некъ карийначул тӀаьхьа сихха португалин паччахьалло хӀора шеран экспедицеш кечйан йолийра ХӀинде. Коьртехь Педру Алвариш Кабрал волчу, 1500 шеран экспедицис (Португалин 2-гӀа ХӀиндин армада), йохк-иэцаран барт бира Каликутан заморинца, кхоьллира цигахь йохк-иэцаран фактори. Амма португалхой девне бевлира Каликутера Ӏаьрбийн совдегархошца, фактори йагийра, Кабрал гӀалара дӀавахара цунна йаккхий тоьпаш а тоьхна. Каликутаца боца хилла барт хийцабелира тӀамца.

ХӀиндехь дуккха а хенан чӀагӀо кхоьллина и мохк къарбан, 1502 шарахь Мануэл паччахьо хьажийра коьртехь Васко да Гама волу эскадра. Экспедици новкъа делира ткъа кема, царех ХӀиндин Ӏапказан адмирало баьччал дора иттанна тӀехь; пхиъ новкъарло йан йезаш дара ХӀиндин Ӏапказ чохь Ӏарбойн йохк-иэцарна, ткъа кхин а пхиъ, адмиралан вешин кӀант Эштеван да Гама коьртехь волу[K 5], лерина дара йохк-иэцаран фактореш ларйан. Экспедици арайелира 1502 шеран 10 февралехь.

Новкъахь Васко да Гамас кхоьллира гӀапаш а, фактореш а Софалехь, Мозамбикехь, Ӏаьрбийн эмир Килва къарвина, тӀе ясакх йожийра. Ӏаьрбийн кеманаш леларца къиза белхаш болийра, цуо омар делира Малабаран берда тӀиера хьаьжцӀа боьлхурш тӀехь болу кема дагаде аьлла[21].

Иштта дуьйцу Коррейра Гаспара: «Португалхоша дахийтира цига кегий кеманаш, дийнахь сарралц кхийхьира цигара мохь португалхойн кеманашна тӀе, церан кема дасдаллалц. Капитан-бӀаьччо кеман тӀиера мавраш бало ца магийра, тӀаккха омар делира кема дагаде аьлла. Кеман капитана низа хиича, цуо элира:

— Эла, тхо дайича хьуна тӀекхета хӀума дац, омар диет хо буржолаш тохий Каликуте дӀадига алий. Нагахь оха хьан кеманаш бурчах а, кхин чамбечарах а ца дузахь, тӀаккха дагаде. Ойла йие, тхо дайа лааро хьо дукха бахамех воккху. Дагадаийта, тӀамехь а ма гечдо карабогӀучарна, ткъа оха хьуна дуьхьало а ма ца йира, бие тхоьх хьайн къинхетам.

Ткъа капитан-бӀаьччо жоп делира:

— Хьо дийна воллушехь вагор ву, цхьаьна хӀумано сацо вацар со хьан далхьара бӀе са даккха. <…>

Дукхах болу зударий дӀасауьдура, шайн кегий бераш куьйгаш тӀехь хьалауьйуш, тхойга схьакхийдош, гӀертара тхуна къахьетийта оцу тӀехь къадоцучарах.»

Иштта дерзадо Гаспар Коррейрас шен дийцар: «Мавра шнека дора тхуна гуонаха, ткъа тхайчара кегий кеманаш тӀехьа а хоьхкуш цамзанашца бойура уьш. Ишттаниг хилира, хи тӀехь нека дечу мавран цамза карийра хин чохь. Цуо хьала а кхоссалуш иза кеман агӀора ма ластало ластийра. Цамза кхетта ца хӀордахо вийра. Иза чӀогӀа тидаме хилам хилира. Аса дӀайаздира иза».

Васко да Гаман тӀаьхьарчу дахаран шерашкахь

1502 шеран октябрехь флот Каннануре кхечира. Меттигера раджас даздарца тӀеийцира португалхой, бакъо йелира йоккха фактори йилла. Кеманаш тӀе чамбийриш а йоьттина, адмирал Каликут агӀора вахара. Кхузахь цуо болх бира догах а, къиза а[22]. Заморина зиенаш меттахӀитто, португалхошна тӀелатарна бехкениг лаца дош деллачехь, адмирала дӀалецира портехь лаьтта кеманаш, гӀалин чу герз тоьхна, саьлнаш йира цунах. Цуо омар дира лаьцна хӀиндахой ирх охка мачташ тӀехь, берда тӀе заморинан дахьийтира мискачеран даьхна куьйгаш, когаш, кортош, ткъа догӀмаш кеман тӀиера чукхийсира, уьш берда тӀе дӀадахийта.

Гаспар Коррейрас иштта дуьцу цунах лаьцна: «Берриг индусашца изза дича, цуо омар дира церан когаш вовшех дехка аьлла. Церан куьйгаш дацара бастабала, ткъа цергашца шеддаш ца бастийта, омар делира багара цергаш черманаш тӀиера хьостамашца кегъе аьлла. ТӀаккха кеман тӀебоьттина царех оьла йира. Царна тӀехула адмирала черташ а, пальман гӀаш а тасийтина, гатанаш айина, кема мехца берда тӀе хьажийра, ткъа ша омар дира герз тоха аьлла. Цу тӀехь вара бархӀ бӀе сов мавр. ТӀехь цӀу а, дерриг лергаш а, куьйгаш а долу жима кема а хьажийра гатанца берда тӀе, цунна герз тоха ца магийра. Кеманаш сихха берда тӀекхечира, ткъа цигахь уьш дийна берш цӀерах кӀелхьара баха доладелира адам, чӀоггӀа белха а боьлхуш».

И. Можейкон «Пираты, корсары, рейдеры» цӀе йолчу жайнахь авторо иштта мах хадабо Васко да Гамас динчуьн: «Оцу заманахь Испанехь а, Нидерландашкахь а йогучу инквизицин цӀерца, испанхоша инкаш а, майяш а хӀаллакбарца дуьстича а, и болх чӀогӀа инзаре цӀармат бу. Иза цӀа екъна чӀир йацара, ткъа шийла политика йара. Васко да Гаман белхаш бакъ бан йиш йац дин агӀора йа ислам ца дезарна. Хууш ду, иза дика йукъаметтигаш йолуш вара Малиндин урхалчица, Кочинера а, Кананорера бусалбачаьрца, аьлларг дан кийча болчу. Цуьнан цабезам хаьржина бара, цундела цхьа синхаамаш бийца оьшуш дац. Цкъа, Васко да Гаман каравеира масех хӀиндахо, цуо царех дийна секхаӀад туху гӀакх йира, йийсархой Ӏункара рейш тӀе когаш тӀиера хьала а бихкина. Гаман тӀе а ведда цхьаьна эпсаро элира, и нах мавраш муххале а бац, индусаш а бац, уьш португалхоша чӀогӀа лехна керстанаш бу аьлла. Васко да Гамас мозгӀаре кхайкхийтира, балале хьалха исповедани яйтира. Каликутан заморина Кочине векалш бахийтира, португалхойн бартхойн бӀаьргаш делла, португалхоша уьш дӀакхачале лийцира, лергаш а, марош а дӀахедийна, церан метта жӀаьлинаш а тегда йухахьовсийра».

Ши де даьлчи Васко да Гамас йуха тоьпаш туьйхира Каликут чу, хӀордан керла декъий а делира. Заморин ведира йохийначу гӀалара. Каликутан тӀебоьду некъ къовла куьйгаллехь Содре Висенте волу ворхӀ кема а дитина[K 6], да Гама вахара Кочине. Кхузахь кеманаш тӀедуьзина, йитира керлачу гӀопахь гарнизон. Заморина Ӏаьрбийн совдегаршца йоккха флотили вовшахтуьйхира, иза 1503 шеран 12 февралехь йуха а Каликутан тӀекхочучу португалхошна дуьхьалайелира. Амма кеманийн артиллерица дайн кеманаш довдийтира.

1503 шеран октябрехь Васко да Гама аьттонца йухавирзира Лиссабоне. Паччахьа, хӀонцӀан реза хилла, адмиралан пенси тӀетуьйхира, амма ладаме дарж сий дезачу хӀордахочунна ца делира. 1519 шарахь бен ца делира да Гаман латта а, графан дарж а.

ШолгӀа а, кхузлагӀа а ХӀинде бахарна йукъахь (1503—1524)[нисйе бӀаьра | нисйе]

ШолгӀа ХӀиндера цӀа веанчул тӀехьа Васко да Гама ХӀиндех колони йаран план йоккхуш вара, хьоьхура паччахьан цигахь хӀордан полици кхоллар. Паччахьо тидаме ийцира цуьнан хьехам ХӀиндех долчу шийтта документехь (омаршкахь). 1505 шарахь паччахьа Мануэла, Васко да Гаман хьехарца, кхоьллира дарж ХӀиндин вице-паччахь. Вовше хуьйцуш д’Алмейда Франсишкус а, д’Албукерки Аффонсус а къизаллийца чӀагӀдора Португалин Ӏедал ХӀиндин латта тӀехь а, ХӀиндин Ӏапказ чохь а. Амма 1515 шарахь Албукерки веллачул тӀаьхьа, цуьнан меттаберш сутара а, пайден а ца хилира[23].

КхоалгӀа ХӀинде вахар а, валар а (1524)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кочинера Васко да Гама дӀавоьллина хилла Сий. Францискан килс (дакъа Португале дӀадахьале)
Лиссабонан гергара Санта-Мария-де-Белен меттигера Жеронимуш килсера Васко да Гаман каш

ТӀехь-тӀехьа кӀезиг са хуьлу Португалин керла паччахьо Жуан III-гӀачо сацам бира шолгӀа вице-паччахь 54 шо долу буьрса а, вохкалур а воцу Васко да Гама хӀотто. 1524 шеран апрелехь адмирал новкъавелира Португалера. Васко да Гамица цуьнан ши кӀант вара — Эштеван да Гама а, Паулу да Гама а. ХӀинде схьакхоччушехь, Васко да Гамас колонийн администрацин зуламашна дуьхьала луьра болхбира. ХӀордахо велира 1524 шерана 24 декабрехь Коччехь (ХӀинди) хоршах. 1539 шарахь Васко да Гаман даьӀахкаш дӀайаьхьира Португале, Видегейра графалле (Алентежу), ткъа 1880 шарахь схьа а йаьхна йуха дӀайоьхкира Лиссабонан гергара Санта-Мария-де-Белен кӀоштара иеронимийн килсахь.

ТӀаьхьенаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Васко да Гаман а, цуьнан зудчун Катарина ди Атаидин а йалх кӀант а, цхьа йоӀ а хилла[24]:

  1. Дон Франсишку да Гама, воккхаха волу кӀант, когаметтан дисина даржаш Видигейран 2-гӀа граф а, ХӀиндин Ӏапказан 2-гӀа адмирал а. Португалехь вуьсура.
  2. Дон Эштеван да Гама, да 1524 шарахь 3-гӀа ХӀинде воьдуш, деца хилла. 1534—1539 шерашкахь Малаккин капитан[K 7]. 1540—1542 шерашкахь Португалин ХӀиндин губернатор.
  3. Дон Паулу да Гама, да 1524 шарахь 3-гӀа ХӀинде воьдуш, деца хилла. 1533—1534 шерашкахь Малаккин капитан. Вийна хӀордан тӀамехь Малаккин гергахь.
  4. Дон Криштован да Гама, 1532 шарахь ХӀинде веана вешийца Эштеван да Гамаца, 1535 шарахь йухавирзина Португали. 1538 шарахь дӀакхийтира Диу йоьдучу экспедицех. Эштевана, ша ХӀиндин вице-паччахь волуш, 1541 шарахь тӀедиллира цунна кеман баьччалла лело Суэцан аймаехь Хункаран тӀеман базашка рейд йолуш. 1542 шарахь Эфиопин экспедицин куьйгаллехь вара, цигахь вийра.
  5. Дон Педру да Силва да Гама, 1548—1552 шерашкахь Малаккин капитан.
  6. Дон Алвару ди Атаида да Гама, 1552—1554 шерашкахь Малаккин капитан.
  7. Дона Изабель ди Атаида да Гама, дон Игнасиу де Норонья, Антониун кӀентан, Линьярисан 1-ра графан зуда.

Да Гаман тайпа божарийн агӀора 1747 шарахь хьакхаелла зударийн агӀора Видигейра граф титулах хьакхаелла.

Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]

Португалин халкъан пантеонехь Васко да Гамин чурт
  • Лиссабонехь долу Сийлахь Энграсин килсан чохь ду Васко да Гамин хӀоттина чурт.
  • 1935 шарахь Васко да Гамин сий деш цуьна цӀе тиллина Бутт тӀехь йолу кратеран.
  • 2012 ш. Европин Ӏилманан-промышленностан консорциумо кхоьллина Дешийн мидал Васко да Гаман цӀарах (Medal «European scientific and industrial consortia — Vasco da Gama»), иза ло географин Ӏилманийн областехь баккхий кхиамаш болчу Ӏилманчашна.[25]

Исбаьхьаллера васт[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 2003 - Васко да Гама. Чамбечеран гӀайре лоьхуш / Vasco Da Gama. The Quest for the Spice Islands (реж. Эйке Шмитц / Eike Schmitz) - документалан

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Комментареш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Можно встретить, что Васко да Гама родился в Видигейра. Это неверно — информация основывается на факте, что король пожаловал Васко да Гама титул 1-го графа Видигейра
  2. В отличие от семьи Содре, служившей Ордену Христа, семья да Гама поддерживала другой рыцарский орден — Орден Сантьяго. После открытия морского пути в Индию между орденами возник спор по вопросу о том, кого из них Васко да Гама поддерживал. Существует неподтверждённая легенда, что Васко да Гама отплыл в 1497 году из Португалии под флагами Ордена Сантьяго, но, как только корабли отошли от берегов, приказал сменить их на флаги Ордена Христа.
  3. Первые нанятые лоцманы при первой же возможности сбежали от португальцев.
  4. Разные источники указывают разные даты
  5. Сын родного брата Васко да Гама — Эйреса да Гама
  6. Родной дядя Васко да Гама — брат Изабель Содре
  7. Первые два года разделял должность капитана со своим братом — Паулу да Гама

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Modern History Sourcebook: Vasco da Gama: Round Africa to India, 1497—1498 CE Архивйина 2011-08-28 — Wayback Machine, fordham.edu, Retrieved June 27, 2007
  2. Catholic Encyclopedia: Vasco da Gama Retrieved June 27, 2007
  3. Subrahmanyam, 1997, p. 61.
  4. Articles from the Encyclopaedia Britannica, 9th Edition (1875) and 10th Edition (1902), Vasco-da-gama
  5. Subrahmanyam, 1997, p. 63.
  6. Ames, Glenn J. (2004). Vasco da Gama: Renaissance Crusader. Longman. ISBN 0-321-09282-1
  7. Магидович И. П., Магидович В. И. Очерки по истории географических открытий. В 5 т. М.: «Просвещение», 1983. Том II. Великие географические открытия (конец XV — середина XVII в.). Глава 4. Васко да Гама и открытие морского пути в Индию
  8. Diffie, Bailey W.; Winius, George D. (1977). Foundations of the Portuguese Empire, 1415—1850. Europe and the World in the Age of Expansion. 1. p. 177. ISBN 978-0-8166-0850-8
  9. James Bruce, Travels to Discover the Source of the Nile (1805 edition), vol. 3, p. 135
  10. Alchin KL, from Elizabethan Era. Bartholomeu Dias. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 2 март. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  11. Pathfinders: Fernandez-Armesto, Felipe (2006). Pathfinders: A Global History of Exploration, 2006, W. W. Norton & Company, isbn= 0-393-06259-7, pages= 177—178
  12. Fernandez-Armesto, Felipe (2006). Pathfinders: A Global History of Exploration. W. W. Norton & Company. pp. 177—178. ISBN 0-393-06259-7
  13. Zahoor, Akram (2000). Muslim History: 570—1950 °C. E. Gaithersburg, MD: AZP (ZMD Corporation). p. 79. ISBN 978-0-9702389-0-0
  14. Vasco da Gamma Seeks Sea Route to India Архивйина 2011-12-22 — Wayback Machine, Oldnewspublishing.com. Retrieved 8 July 2006
  15. Шумовский Т. А. Три неизвестные лоции Ахмада Ибн Маджида, арабского лоцмана Васко Да Гамы в уникальной рукописи Института востоковедения — М., 1957. — 230 с.
  16. Fernandez-Armesto, Felipe (2006). Pathfinders: A Global History of Exploration. W. W. Norton & Company. pp. 178—179. ISBN 0-393-06259-7.
  17. Castaneda, Herman Lopes de, The First Book of the Historie of the Discoveries and Conquests of the East India by the Portingals, London, 1582, in Kerr, Robert (ed.) A General History and Collection of Voyages and Travels Vol. II, London, 1811.
  18. M.G.S. Narayanan, Calicut: The City of Truth (2006) Calicut University Publications (The incident is mentioned by Camoes in The Lusiads, wherein it is stated that the Zamorin «showed no signs of treachery» and that «on the other hand, Gama’s conduct in carrying off the five men he had entrapped on board his ships is indefensible.»)
  19. Subrahmanyam, 1997, p. 62.
  20. Subrahmanyam, 1997, p. 168.
  21. Subrahmanyam, 1997, p. 205.
  22. Vasco da Gama Arrives in India 1498 (Google cached version) Dana Thompson, Felicity Ruiz, Michelle Mejiak; December 15, 1998. Retrieved 8 July 2006
  23. Subrahmanyam, 1997, p. 304.
  24. See also Diogo do Couto (Decadas de Asia, Dec. IV, Lib. 8, c.2); Teixeira de Aragão p.15-16, and Castanhoso (1898: p.viiff.)
  25. Geographical — EUSCIENCE Архивйина 2013-12-02 — Wayback Machine

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]