Kuź bolu h́oza

Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
Дехьавала оцу: шавигар, лаха
Kuź bolu h́oza

Kuź bolu h́oza, Куж болу хьоза — (en. Northern Lapwing) (Оьрсаша "Чибис" олу цунах). Йоца зIок а йолуш, боцийра когаш а болуш ду иза. ТIемаш шуьйра ду цуьнан. Букъ баьццарчу дарийн бос бетталуш бу. ЧукIело кIайн ю. Лога кIело Iаьржа ю. Корта а Iаьржа бу, бIаьргашна гондахьара кIайн ю. Хиш, Iаьмнаш долчу тIуьнчу меттигашкахь хуьлуш ду и олхазар.

  • Къилбехьа бовхачу мехкашка дIай-юхий оьхучех иза. Бен лаьттахь бо бецан хаьлгехь. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху. ХIоа диъ хуьлу цуьнан, мокха тIедарчий а долуш. Дадар тIемаш ваьштадохкий охьадогIуш, чехка тIемаш тухий айлуш, хьалий-охьий ийлуш ду. Адам юххе гIоьртича цунна чу а хехкалуш бен чIогIа ларбо. Садолу хIумнаш йоу цо.

Чулацам

Súrtaş

Ḣaźa. qin

Bilgaldaqqar

Ḣaźorigaş

Долахь болу гlирсаш
Цlерийн ана

Кепараш
Дийраш
Шавигар
дакъалацар
Гlирсаш
Кхечу маттахь дерш