Iа
Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Iа, 2009 Шо
Iа — Iаламехь уггар шийла хан ю. Маца юлу Iаьнан чилла. Муха хуур ду Iа доьлча? Халкъо олуш ду: «Малх цIа кхаьчча Iа дулу». Иза нийса ду. Де уггар дацделла хан хуьлу иза. Цул тIаьхьа догIуш долу масех де кхин хийца ца луш лаьтта.
И денош дIадевлча, де дахдала долало. Iаьнан уггаре а шийла цхьа мур хуьлу. Цунах чилла олу. Чилла юлу Iа доьлла ткъа де даьлча. Иза шовзткъа дийнахь-бусий лаьтта. Чиллахь гIайба санна тIе ло диллина, массо а генаш лаьтта хIуттуш букар дахна хуьлу диттийн, коьллийн. Iаьнан хьун, хьежа ца кIордош, исбаьхьа хуьлу. ХIаваъ цIена, садеIа атта хуьлу.