Cийлахь Нохчийн Мотт
Хьомсара вежарий, йижарий! Тоьарду!Сийлахьчу Нохчийн Меттан вай хIинццалц дайина сий, хIораммо а, ваьшна ма луъу, цхьа дош нохчийн маттахь - кхо дош оьрсийн маттахь олуш бийцар, вай ненан мотт вай цIена цабийцахь кхерам бу, вешан мотт боцуш вай дисарна.
ООН -ас, ЮНЕСКЕ-га таллам байтича - дийцаре даьккхина ду, нохчийн мотт белла барна, дуьненан юкъарчу, Гиннессийн жайни юкъахь, дукха хан ялале карорна кхерам бу, - аьлла.
Ца лаьар-кха Нохчийн Къам, Къилба-Седан Кавказера: - Убайхаш, Абадзехаш, Натухайцаш, Шапсугаш - ишта кхин дIа а кегий къаьмнаш санна, дуьненчуьра делла, лар йоцуш дIадолуьйла !!!
Кхайкхам бу, тахна-тховса дуьйна ,кхин дIа йолчу ханна, Даймахках, цуьнан маттах доглозчара, бийца беза вайн вешан цIена Ненан мотт.
Берс-Шайхас, Ушурм-Шайхас, Тайми Биболатас, Мадин Жаьммирзас, Адин Сурхос, Жумин Акхтулас, Исмаилин Дудас, 3айтан Шихмирзас, Эвтархойн Ахьмадас, Бенойн Бувайсхар, Обарг Зелимхас, Автoрхан Iабдурахьманас, Шамсуддин Iаьрбис, Обарг Хасухас, Абун Мохьмадас, Хьамидан Iабдул-Хьамидас, Сулейманан Ахьмадас, Айдамар Абузарас, Джамалхан Зайндис, Iабдул-Кериман Iусманас, Мусин Джовхарс, Iелимсолтан Имамас, - шайн дахаран новкъахь, лаккхара мах хадош, сий дина, бийцина, буьйцуш бу вайн Нохчийн Мотт, дуьненчохь бовзийтина а бу.