Яхиханов, Рустам Хожаевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Рустам Хожаевич Яхиханов
ГӀуллакхан тайпа Исбаьхьалча
Вина терахь 1986 шеран 20 июль({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (37 шо)
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Корматалла художник
Гражданалла  ССРС Росси
Да Хожа
Арахьара суьрташ
Рустам Яхиханов

Рустам Хожаевич Яхиханов (1986 шеран 20 июль, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн художник, Российн художникийн бертан декъашхо.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1986 шеран 20 июлехь Соьлжа-ГӀалахь. 20002002 шерашкахь иза ихира Соьлжа-ГӀалара №14 йолу берийн исбаьхьаллин школе. 2005 шарахь иза деша вахара Репинан цӀарах йолу Петарбухан пачхьалкхан сурт дилларан а, скульптуран а, архитектурин а институтан сурт дилларан факультете. 2009 шарахь цунна Российн исбаьхьаллин академис «Дешарехь бина кхиамашна» цӀе йолу мидал йелира.

2010 шеран августехь цо дакъа лецира Российн а, Финляндин а цхьана йолу практикехь Финляндехь. 2010 шеран сентябрехь иза студентийн тобан йукъахь Китае вахара цера культура йовза а, практикех чекхвала а. 2011 шарахь иза вахара Черногори практике а, зеделларг дийцарахьам а. 2011 шарахь цо чекхйаьккхира Репинан цӀарах йолу институт. Пачхьалкхан аттестацин комисси цуьнан «Дай баьхна латта» цӀе йолу дипломан балхан чӀогӀа реза хилира.

2011 шо дуьйна иза ву А. А. Мыльников куьйгалхо волу монументан сурт дилларан Кхолларалин пхьалгӀан кхолларалин белхало ву. 2012 шо дуьйна иза ву Российн художникийн бертан декъашхо.

Яхиханован гайта хӀоттамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 2001 — лерина шен гайта хӀоттам (Йуккъера Соьлжа-ГӀалин библиотека, Нохчийн Республика);
  • 2001—2011 — Нохчийн Республикин гайта хӀоттамашкахь дакъа лацар (Соьлжа-ГӀала);
  • 2002 — шен лерина гайта хӀоттам (Несара, ГӀалгӀайн Республика. И хӀоттам йина Чехин «ЦӀен жӀарас» тӀемах боьвдачарна гӀо деш);
  • 2003 — Нохчичоьн берийн гайта хӀоттам («Соьлжа-ГӀалин музей меттахӀоттаяр» цӀе йолу Пачхьалкхан Третьяковски Галерейн проект);
  • 2003 — шен лерина гайта хӀоттам («Ткъес» цӀе йолу арахоьцийлан гайта хӀоттаман зал, Соьлжа-ГӀала);
  • 2006 — И. Е. Репинан цӀарах йолу институтан практикехь болу студентийн аьхкенан белхийн гайта хӀоттам;
  • 2007 — регионашна йукъара гайта хӀоттам «Российн Къилба» (Соьлжа-ГӀала);
  • 2007 — шен графикин гайта хӀоттам (Соьлжа-ГӀалин йуккъера гӀалин библиотека);
  • 2008 — «Паччахьан таллар» цӀе йолу гайта хӀоттам (Москва);
  • 2009 — Нохч-ГӀалгӀайн художникий союз кхолларан кхолларан 70 шо кхачаран лерина Нохчичоьн а, ГӀалгӀайчоьн а художникийн гайта хӀоттам (Петарбух);
  • 2010 — И. Репинан цӀарах йолу институтан а, А. Герценан цӀарах йолу Российн пачхьалкахан хьехархойн институтан студентийн цхьана бина гайта хӀоттам;
  • 2010 — А. Быстрован монументан сурт дилларан пхьалгӀан студенташ дехкина суртийн гайта хӀоттам;
  • 2011 — А. Быстрован монументан сурт дилларан пхьалгӀан студенташ йина композицийн гайта хӀоттам;
  • 2011 — И. Репинан цӀарах йолу институтас арахецна студентийн дипломан белхийн гайта хӀоттам;
  • 2011 — Гуьренан кегирхойн гайта хӀоттам (Художникийн бертан гайта хӀоттаман залан филиал, Петарбух);
  • 2011 — Йерригроссийн кегирхойн гайта хӀоттам (Москва);
  • 2012 — БӀаьстенан гайта хӀоттам (Петарбух)
  • 2012 — Нохчийн Республикин къона художникийн гайта хӀоттам (Соьлжа-ГӀала);
  • 2012 — ICIF 2012 (Шэньчжэнь, Китай);
  • 2012 — И. Е. Репинан цӀе йолу институтан къона художникийн гайта хӀоттам (Владикавказ, Къилбаседа ХӀирийчоь);
  • 2012 — Къилбаседа Кавказан къона художникийн гайта хӀоттам (Москва);
  • 2012 — Гуьренан гайта хӀоттам (Петарбух);
  • 2012 — «Сийлахь баккхи говзанчийн тӀаьхье» цӀе йолу дипломан белхийн гайта хӀоттам (Москва)

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Александр Новосёлов. Вадим Каджаев. Рустам Яхиханов.. — Санкт-Петербург: Типография «НП-принт», 2013. — С. 136-137. — 180 с. — 500 экз. — ISBN 978-5-903677-27-6.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]