Юсуп-пайхамар (телесериал)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Юсуп Пайхамар (телесериал) тӀера хьажжина кхуза)
Юсуп-пайхамар
гӀаж. یوسف پیامبر
Жанр драма / истори / дин
Сценарихо ФараджуллахӀ Салахьшур
Режиссёр ФараджуллахӀ Салахьшур
Рольшкахь МустӀафа Замани
Махьмуд Пак Ният
Катаюн Рияхьи
ДжаӀфар ДехӀкъан
Ӏаббас Амири
Композитор Пейман Язданьян
Пачхьалкх  Иран
Мотт гӀажарийн
Сезонаш 3
Сереш 45 сери (Серийн_могӀам)
Кхоллар
Продюсер ФараджуллахӀ Салахьшур
Оператор Расул Ахьади
Яьккхина меттиг Иран, Yusef Cinema Town[d][1]
Серин йохалла 45 мин.
Студи ИРАГӀ
Трансляци
Телеканал IRIB TV1[d]
Экранаш тӀехь 2008 шаран 27 декабрь — 2009 шеран 1 май
Хьажоргаш
simafilmideh.ir
IMDb ID 3084150

Юсуп-пайхамар (гӀажар. يوسف پيامبر‎) — гӀажарийн телесериал йу, режиссёр ФараджуллахӀ Салахьшур ву. Сериалехь рольш ловзийна сийлахь болчу гӀажарийн актёраш: МустӀафа Замани, Махьмуд Пак Ният, Катаюн Рияхьи, ДжаӀфар ДехӀкъан, ЭльхӀам Хьамиди, Рахьим Норузи, Лейла Болукат а... и. дӀ.кх.

Кху сериалехь Юсупан роль ловзийнарг ву. МустӀафа, а Юсупан дена Якъубан ролехь ву Махьмуд.

Фильмах лаьцна[нисйе бӀаьра | нисйе]

Якъуб-пайхамаран а, Рахьилан а кӀант Юсуп, дуьненчу велира. Юсуп Якъубан жимах волу кӀант ву, амма цул жимах верг Биньямин ву. Юсупан хазалле хьаьжича, Якъубан Дела хазахилар гора. Якъубан массарел хьомениг вара иза, цунна шен синал дукха везара иза. Цхьана буьйсана Юсупан гӀан гинера, Къуръан тӀехь мааллара: «Юсупа элира шен дега, хӀай сан да суна цхьайт седа гира, малх бутт гира суна суждне даьхкина». Якъуба къайлаха кхаъ баьккхира цунна, цхьана дийнахь лакхарчу даржехь хир ву, хьо массарна тӀаьхь эла хир, хьайн гӀан цхьаьнге ма дийцалахь. Иштта массанхьа иза даьржира, массарна иза хиира.

Юсупан вежаршна тӀе шайтӀа деанера, шена цхьа вон гӀан гинера аьлла харц дерг дийцинера цо. Юсупан вежарша шайца иза жа дажо ваийта элира. Амма Якъуб реза цахилира, цигахь йолчу берзлоша иза ваан кхоьруш. Цара мукӀарло дира шаьш: «Шаьш, Юсуп могуш а, дийна а волуш, цӀа валора ву» — аьлла. Цара Юсупан оцу гӀамаран аренашкахь цунна чӀогӀа етташ, Ӏиттарш а йинера. Яхуда иза вен гӀаьрташ вара, амма Лавис иза цавийтира. Цара иза кӀоргачу гӀун чу кхоьссира. Буьйсана уьш цӀа кхечира, белха а боьлхуш. Цара Юсупан коч еанера, уьстагӀан цӀийха уьзна йолуш. Амма Якъубна уьш харц луьйш буй хиира.

ГӀуна тӀех йолуш йолчу къепала Юсуп схьаийцира. Цун вежарша иза дӀавоьхкира Малик ибн ЗаӀарна, берхӀитта детех. Цара иза Мисран базарахь дӀавоьхкира эла Потифарна. Потифара шен зудчуьнга Зулайхе: «Юсупаца дика хилар дийхира, вайн пайдехь хила мега иза». Цара Мисаран цӀе тиллира цунна «Юзарсиф» — аьлла. Юзарсив гӀалийн гӀуллакхаш листа хӀоттийра. Амма иза дуьхьал вара дела «Амонна» а, мозгӀаршна а.

Актёраш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Актёр Роль Ролех кхетор
МустӀафа Замани Юсуп/Юзарсиф Юсуп-пайхамар
Махьмуд Пак Ният Якъуб/Исраил Якъуб-пайхамар
Катаюн Рияхьи Зулейха Потифаран зуда
ДжаӀфар ДехӀкъан Потифар Мисаран ларамениг
Ӏаббас Амири Анх МахӀу Амон-килсан лакхара мозгӀар
ДжахӀанбахш СолтӀани Аменхьотеп Мисран пирӀон
Рахьим Норузи Эхнатон Мисаран пирӀон
МахӀваш Сабркан Каримама Зулейхин хӀусамча
ЭльхӀам Хьамиди Асинат Юсупан зуда
ПарванехӀ МаӀсуми Эла Тии АменхӀотепан зуда
Лейла Болукат Нефертити Ахнатунан зуда
Амир Хьусейн Модарес Инарус Аменхьотепан чагӀархо
Мухьаммад Ӏали Сулейманташ Апупис Аменхьотепан стол кечдийриг
Реза Разави ХӀоремхӀоб Аменхьотепан цӀийн гӀаролийн куьйгалхо
Ӏали ТӀалиб Лу ХӀунифер Потифаран гӀуллакххо
ИсмаьӀил СолтӀаниян Кимони Амон-килсан мозгӀар
Исрафиль Ӏаламдари Рудамон Потифаран цӀийн гӀаролийн куьйгалхо
Реза Акъараби Падьямон Амон-килсан гӀаролийн куьйгалхо
ЗехӀир Яри Биньямин Юсупан ваша
Марьям Бахши Рахьиль Юсупан нана
Джавад ТӀахӀери Малик Ковран куьйгалхо а, Юсупан хьехамча а
Ардалан ШоджаӀ КавехӀ Джабраиль Хаам беш долу малик
Сирус КахӀвари Нежад Милисаву Юсупан доттагӀ
Ӏали ЯӀкъуб ЗадехӀ ХӀуйя Потифаран стол кечдийриг
Куруш ЗарӀи Лави Юсупан ваша
Хьусейн ДжаӀфари Юсуп/Юзарсиф Юсуп жимаволуш
Давуд Шейх ЯхӀуда Юсупан ваша
ФерештехӀ Сарабанди Лия Къона йолуш Якъубан зуда
ЗахӀра СаӀиди ФаикъахӀ Якъубан йиша
Насрин Накиса Дина Якъубан йоӀ
Ӏала Мохьсени Нинифер Кибта Тутмакх, Юсупан мостагӀ
Мухьаммад Ахьмади Набахтин тутмакх, Юсупан накъост
Моджтаба Би ТӀарафан Суфар Потифаран библиотекахо
Насер ФоругӀ Хуфу Амон-килсан мозгӀар
Ӏали Бекаиян Апуки Амон-килсан мозгӀар
Джамшид Сафари Фалихь Маликан накъост
СудабехӀ Ӏали Пур БильхӀа Якъубан зуда
Митра ХаважехӀ Ийян Зильфа Якъубан зуда
ЗахӀра Мортазави Тьямини Зулейхин ялхо
СаӀидехӀ Ӏараб Лия Йоккха йолуш Якъубан зуда
Бита Самари Тама Зулейхин ялхо
Мухьаммад Пурсаттар Хизр Хизр-пайхамар
Парвиз Фаллахьи Пур Кидамин Завира-набахтин хьаькам
Сирус Аснакъи Набахтин гӀаролийн куьйгалхо
МанучехӀр БехӀрудж Бинту Набахтин тутмакх
Сайд-Мухьаммад Такъи Рафакъи Ахнатунан хьехамча
МахӀназ Афшар Маридат Падьемонан зуда

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. https://www.tasnimnews.com/fa/news/1397/09/03/1882607