Эсамбаев, Махмуд Алисултанович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Эсамбаев Махмуд Алисултанович
M.Esambayev.jpg
Вина

15 июнехь 1924

Вина меттиг:

Йоккха АтагӀа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, СССР

Кхелхина

7 январехь 2000 (75 шо)

Кхелхина меттиг:

Москва, Росси

Корматалла:

хелхархо, артист, хореограф

Гражданалла:

СССРFlag of the Soviet Union.svg СССРРоссиFlag of Russia.svg Росси

Да:

Алисултан

Зуда:

Эсамбаева Нина Аркадьевна

Бераш:

йоӀ Стелла

СовгӀаташ:
  • РСФСР Сийлахь артист — 1957 шо
  • РСФСР Халкъан артист — 1966 шо
  • СССР Халкъан артист (1974 шо)
  • Ленинан орден (1984 шо)
  • Социалистически Къинхьегаман Турпал (1984 шо)
  • 2-гӀа даржан Даймехкан тӀеман орден (1985 шо)
  • ДоттагӀалин орден (1994 шо)
  • 3-гӀа даржан Даймехкан дуьхьа бина кхиамашан орден

Махму́д Алисулта́нович Эсамба́ев (1924 шаран 15 июль, Йоккха АтагӀа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, СССР — 2000 шаран 7 январь, Москва, Росси) — советски нохчийн балетан артист, эстрадан хелхархо, хореограф, актёр, СССР Халкъан артист (1974 шо), Социалистически Къинхьегаман Турпал (1984 шо).

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Махмуд Эсамбаев вина 1924 шаран 15 июлехь Йоккхачу АтагӀахь. Иза тайпан ишхо вара. Жима волчу дуьна иза дика хелхавуьлуш вара. ВорхӀ шо кхаьчча дуна дӀа иза ловзарашках хелхавуьлура. 19391941 шарашкахь Соьлжа-ГӀалара хореографически училищехь дишира. 15 шо кхаьчча Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хелхаран а, эшаран а ансамблехь хелхавала волавелира, 19 шо кхаьчча — эшаран комедин Пятигорскан театрехь. ТӀема хенахь иза фронт концертан бригадийца хелхавуьлура госпиталешкахь а, фронтехь а, дуьхалон яшйолу гӀишлошкахь а.

ЦӀера арадехначу хенахь, 19441956 шарашкахь Махьмуд вара Бишкекехь йолу Операн а, балетан а ГӀиргӀизан театрехь солист. Цигахь иза хелхавуьлйра «ГӀургӀезан хӀорд» а, «Бахчисарайн фонтан» а, «Наб кхетта хаза йоӀ» а аьлла балеташкахь коьрта партиш.

1950 шарахь Махьмуд балет йитина хакъан хелхар да волавелир. 1957 шо дуьна дӀа иза Нохч-ГӀалгӀай АССРн филармонин солист ву. 1959 шарахь иза Москвахь хелхавелира шен программийца, цул тӀехьа «Совет балетан седарчий» аьлла йолу труппица гастролешца кхечира Франце а, Къилбера Америке а. Гастролеш боккху кхиамца дӀаяхара.

Гастролеш чекхъялча Махьмудас шен тоба кхоьллира. Цо кхоьллира «Дуьненан къамний хелхараш» аьлла СССРх хьалхара цхьаммо дӀакхоьхьушйолу хелхаран программа. Цо дукха тайп-тайпана халкъий тайп-тайпана хелхараш дира: «Бежа Ӏу» (вайнехан, узбекан), «ТӀемало» (башкиран), «Дашо дела» (индусан), «ЦӀеран хелхар» де Фальи мукъаман Ӏадатан хелхар, «Ла-коррида» (испанхойн), «Арсашца хелхар» (таджикан), и. к. д.

Эсамбаев хоьржара Нохч-ГӀалгӀайн АССРн а, РСФСРн а, СССРн а Лакхара Советашна депутат. Иза вара Халкъашна юкъара эстрадан исбаьхалли белхалой союзан президент, Халкъашна юкъара хелхаран академин академик. Цо гӀодеш Соьлжа-ГӀалахь йина керла цирк а, драматически театр а.

Махьмуд кхелхира 2000 шаран 7 январехь. Иза дӀавоьллина Москвахь Даниловски бусулба кешнашкахь.

Партиш[нисъе | нисъе чухулара]

Операн а, балетан а Киргизан театр[нисъе | нисъе чухулара]

  • «Бахчисарайн фонтан» — Гирей
  • «Тарас Бульба» — Тарас
  • «Наб кхетта хаза йоӀ» (П. И. Чайковский) — фея Карабос
  • «Анар» (В. Власов, В. Фере) — Кудаке
  • «ЦӀен зезаг» (Р. М. Глиэр) — Ресторанера хелхархо.

Фильмографи[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1961 шо — «В мире танца»
  2. 1962 шо — Я буду танцевать — Махмуд Ишхоев
  3. 1968 шо — Лебединое озеро — Ротбарт
  4. 1972 шо — «Вино из одуванчиков»
  5. 1973 шо — Земля Санникова — Шаман
  6. 1975 шо — На край света
  7. 1976 шо — Пока бьют часы — придворный скрипач Иги Наги Туги
  8. 1976 шо — Честное волшебное — Огонь
  9. 1983 шо — Приключения маленького Мука — казначей
  10. 1984 шо — «Репортаж из бездны»
  11. 1988 шо — Дорога в ад
  12. 1994 шо — Увертюра
  13. 1995 шо — «Зов предков»

СовгӀаташ[нисъе | нисъе чухулара]

  • РСФСРн Сийлахь артист (1957 шо)
  • РСФСРн Халкъан артист (1966 шо)[1]
  • Киргизан ССРн Халкъан артист (1969 шо)[2]
  • СССРн Халкъан артист (1974 шо)
  • Социалистически Къинхьегаман Турпал:
    • 1984 шаран 13 июлехь бина СССРн Лакхара Президиум Советан Сацамца совет хореографически искусствон гӀарбевлу кхиамаш бахьнехь а, 60 шо кхачарна бахьнехь а Эсамбаев Махьмуд Алисултанович, СССР Хьалкъа артистан елла Социалистически Къинхьегаман Турпал цӀе Ленинан орден а, «Марс а, варзап а» дашо медаль а луш.
  • Сийлахь-боккха Даймехкан тӀеман II даржан орден (1985 шаран 11 март)
  • ДоттагӀаллин орден (1994 шаран 20 июль) — хелхаран искусствехь гӀарбевла кхиамашна а, беркате юкъаралин белхан а[3].
  • «Даймахкан хьалха кхиамашна» аьлла III даржан орден (1999 шаран 15 июль) — хелхар искусствехь гӀарбелла кхиамашна[4]
  • Тайп-тайпана халкъашна юккъера конкурсийн лауреат.

Доьзалла[нисъе | нисъе чухулара]

  • Цьуна зуда яра Эсамбаева Нина Аркадьевна. Иза лор яра. Уьш вовшийн бевзира Махьмудан 17 шо кхаьчча. Шен майра кхелхича шина шарахь ехира иза.[5][6]
    • Цера йоӀ Стелла йисина.

Виццавалар[нисъе | нисъе чухулара]

  • 2008 шаран 17 июлехь Соьлжа-ГӀалахь Махьмуд Эсамбаевна цуьна 84 шо даздеш памятник хьайиллина. Памятник хоттина Культура а, Искусствон а республикан центран цӀийн хьалха. Скульптура йина Бено-Юртара Аслан Тимерхановс. Цо иза Нохчийн Республикан культуран министерствон совгӀатан елла.
  • 2009 шаран 11 августехь Соьлжа-ГӀалан Революцин проспектан Махмуд Эсамбаевн проспект цӀе тиллина.
  • 2011 шарахь «Молодая гвардия» аьлла издательствехь «Башха неха дахар» серехь арахецна Алауди Нажмудинович Мусаевс язъйина книга «Махмуд Эсамбаев».
  • Эсамбаев сий деш цьуна цӀе тиллина 4195 цӀе хилла астероидан. И астероид 1982 шаран 19 сентябрехь гучуяккхинарг астроном Черных Людмила Ивановна яра.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Нашхоев Р. Чародей танца. — Грозный, 1971.
  • Пожидаев Г. Повесть о танце. — Москва, 1972.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]